UFC-н чемпионо Нурмагомедов Хьабиба дIатекхна шена тIехь хилла дозанал арахьара хиллачу пайданах гулделла йасакхан декхар - 309 миллион сом. Дагестанехь цуьнан бахам дӀабаккхарх лаьцна хабарш даьржина дукха хан йалале хилла иза.
Mash телеграм-канало хаам бо, Нурмагомедовс декхарш текхна аьлла. Хьостано дийцарехь, Дагестанехь спортхочун бахам дӀабаккха бина хилла сацам цкъачунна йухабаьккхина бац. Индивидуалан йасакхан номерца Федералан сервисана декхар хиларх хаа йиш кхоалгӀачу агӀонан ахчанаш дӀадаларан сервисашкахула Кавказ.Реалии сайтан аьтто баьлла декхар тIерадаларх тIечIагIдан.
2019-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц йолчу хенахь дозанал арахьара эцначу ахчанах 309 миллион сов йасакх йала декхаре вара Нурмагомедов, дуьйцура Федералан ясакхийн сервисо. Оцу кепара декхар хилар гӀарадаьллера стигалкъекъа-баттахь, ткъа марсхьокху-баттахь Mash телеграм-канало хаам бира Дагестанерчу спортхочун хӀусамера машенаш дӀайаьхна хиларх лаьцна. Федералан кхелан пурстоьпийн сервисо харцдира иза - цара дӀахьедира, декхар луьстуш долу кехаташ баккъалла а теллина, амма бахам цкъачунна дӀалаьцна бац аьлла.
- Нурмагомедовна дуьхьал йасакх оьцучу хьукматаша йеш долу претензеш а, ткъа иштта Оьрсийчоьнан хьаькамаша цунна йукъараллехь йеш йолу критика а йоьзна хила мега иза Украинерчу тӀамна гӀортор йан реза ца хиларца, яздора хьалхо "Проекто". Спортхо вевзаш волчу стага, шен цӀе а ца йоккхуш, зорбане дийцира, Оьрсийчоьнан Федерацин президентан администрацера лакхарчу даржашкахь болчу хьаькамаша Украинана тӀелатар доладеллачул тӀаьхьа сихха тӀамна гӀортор йеш вистхила аьлла, цунна тӀедиллина хиларх лаьцна.
- Мангал-беттан йуьххьехь Нурмагомедов Хьабиба къамел дира Американ Цхьанатоьхначу Штатийн президентан харжамашкахь кандидат волчу Трамп Дональдца – цо дехар дира "Палестинера тIом сацабахьара" аьлла. Цул тӀаьхьа Нурмагомедовна критика йира президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонан декъашхочо, 2024-чу шарахь хиллачу харжамашкахь Путин Владимиран векал хиллачу Ахмедова Маринас. Цо бехкбиллира иза "дешна цахиларна" а, цуьнан "дуьненан хаарш лахара хиларна" а: Нурмагомедов санна турпалхой хилча "кегийрхой аэропорташкахула бевдда лела, кеманан мотор чохь жуьгтий" лоьхуш, дIахьедира цо.
- UFC-н чемпионан Нурмагомедов Хьабибан масех йеза машен а, ара-чу ца баккхалун бахам а дӀабаккхарх лаьцна хабарш даьржинчу йукъанна Дагестанан спортан министро Сажидов Сажида элира йасакх дIа ца йалар "юридикан мIаьргонаш" цахаарна ду аьлла. Цо дегайовхо къадийра, спортхо Оьрсийчу йухаверзаре сатуьйсу ша аьлла.