Дагестанан халкъан гуламо сацам тIеэцна Манапкалара Кизил-йуьртан кIоштан Кироваул эвлан цIе советан заманан а, Оьрсийчоьнан а спортхочун, тренеран Нурмагомедов Iабдулманапан цIарца хийца. Ийначу кепехь латархо волчу, UFC-н хиллачу чемпиоанан Нурмагомедов Хьабибан да вара иза.
Йуьртан цIе хийцарх хаамбина махкарчу "Молодежь" Дагестана", "Новое дело" зорбанан гIирсаша. Сацам тIеэцна дуккхаъчара кхаьжнаш тесна, кхааммо дакъа ца лецира кхожехь, республикера цхьа депутат дуьхьал вара. Кироваул – Нурмагомедов Iабдулманап ваьхна эвла йу.
Дагестанера Цумадинскан кIоштара Сильди эвлахь 1962-чу шарахь вина ву Нурмагомедов Iабдулманап. Маьршачу кепехь латаран СССР-н спортан говзанча, хьакъволу Оьрсийчоьнан тренер, Дагестанера вовшахтоьхначу самбо латаран тобанан лакхара тренер а вара иза, дзюдон, самбон чемпионатехь Украинехь толам баьккхина а вара. 2020-чу шеран товбеца-баттахь кхелхира иза, коронавирус бахьана долуш лазар чIагIделла. Цуьнан тезетахь хилира Кадыров Рамзан а.
Шен да велла дукха хан йалале Нурмагомедов Хьабиба дIакхайкхийра, спортан карьера йерзайо ша аьлла. UFC- хь 29-зза летта, цкъа а эшанза дIавахара иза. Оьрсийн Forbes журнало хьалхарчу метте хIоттийра иза Оьрсийчоьнан кхиаме 50 адамех хIоттийначу рейтингехь. 2021-чу шарахь "Общественное мнение" фондан хаттамехь "Шеран адам" къастийра иза. 2019-чу шарахь Оьрсийчуьра уггар а лоручу кхаа бусулбанан йуккъехь нисвелира Хьабиб "Бизнес-Online" гIирсан рейтингехь.
- 2021-чу шеран марсхьокху-баттахь Нурмагомедов Iабдулманапан цIарах дIахьочу ийначу кепехь латаршна леринчу пресс-конференцихь UFC-н хилла чемпионо Нурмагомедов Хьабиба, раундийн номерш тIехь йолу уьнан коржамаш йохьуш ринге дуьйлу зудабераш - уггар а оьшуш доцург ду ММА-хь аьлла, дIахьединера. "Масала, сайн деца хиъна Iаш ву со. ХIора стеган шен культура, мехаллаш, гIиллакхаш ма ду. Летачу буса сайн деца хан йаккха вогIу со, ткъа и нах тIехбуьйлу, шолгIа раунд йолайелла бохуш, амма оцу уьнан коржамашка хьожуш стаг а вац…Суна бегIийла ца хета деца хиъна Iен", - дIахьедира цо. Цхьаболчу комментаторша, журналисто Сорбчак Ксенияс а цхьаьна, сексистийн лерира цуьнан къамел, бехкевира спортхо динехь радикалан хьежамаш болуш ву аьлла, кхинберш тIехIиттира Хьабибна.
- Оцу беттачохь Нурмагомедов Хьабиб декхаре хилира бехк цабиллар деха Афганистанан бахархошна хьалха. Хьалхо цо дIахьединера, "Оьрсийчоьнна 1000 чакхарма генахь долчуьнца шен бала бац" аьлла.
- Стохка марсхьокху-баттахь Кироваулан йахархочо Идрисова ПатIимата дийцинера, доьзалехь ницкъ бора шена, иштта нуьцкъаша дарба а лелийра шена, гергарчара лачкъийна дIа а йигира бохуш. Иза лачкъош, цара чIагIдарехь, Нурмагомедов Хьабиба йеллачу машенах пайдаэцнера цара.
- 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь Нурмагомедов Хьабиба шен инстаграмерчу агIонехь комментареш ца йитийта дIакъевлира аккаунт. Дагестанехь мобилизацина дуьхьал йолийначу митингех а, ницкъахоша протестхошна дуьхьал шогалла лелорах а лаьцна хьайна хетарг ала аьлла, кхайкхам бинчул тIаьхьа динера цо иза.
- 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Швецихь веха UFC-н нохчийн латархо Чимаев Хьамзат а, Нурмагомедов Хьабибан ваша Абубакар а тасавелира Абу-Дабихь. Цул а хьалха Чимаев Хьамзата а, Нурмагомедов Абубакара а масийттазза вовшашка вон вистхилира социалан машанашкахь, Чимаевс "шена лаахь" ша "вовшахвоккхур" ву Хьабиб аьлла, чIагIо йинчул тIаьхьа. Делахь а, цул тIаьхьа масех де даьлча Нурмагомедов Абубакара "бусулба ваша" элира Чимаевх лаьцна.
- Иштта гIадужу-баттахь ирландхойн шозза чемпион лаьттинчу UFC-н латархочун Макгрегор Коноран сурт шен инстаграме хIоттийнера Нурмагомедов Хьабиба: "Бастрыкинера сан мидал стенгахь ю? Дагестанхойн жIугано ма йиттинера суна а" аьлла, яздина. Иштта Нурмагомедовс дагадаийтинера цуьнца, 2018-чу шарахь Макгрегорца UFC-н чемпионан титул къовсуш летарш хиллачул тIаьхьа нисделла тасадаларш. ХIетахь дагестанхойн спортхо, хаамийн гIирсашкахь яздарца, Макгергоран командан декъашхошна тIелеттера рингал а арахьа. Макгрегор эшийначу Хьабибна совгIатна машен йелира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.