Немцов Борис вуьйш йукъахь хилла Кадыровн гонера стаг Украине лестарх хиъна журналисташна; кхо кIира а ду Мейриевс Бельгера набахтехь мацалла хьоьгу, нус йийна Нохчийчуьра вахархо Украинана дуьхьал тIом бан хьажийна – цунах а, и доцчух а лаьцна дуьйцур ду шуна Маршо Радион I02-чу подкастехь.
Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:
Your browser doesn’t support HTML5
Нус йийна Нохчийчуьра вахархо Украинана дуьхьал тIом бан хьажийна | МАРШОНАН ПОДКАСТ #102
Немцов вийначаьрца хилла "вайнарг" Украинехь хаавелла
Оппозицин политик Немцов Борис вуьйш дакъалаьцна ву аьлла, шеконаш йолу Геремеев Артура 2023-чу шарахь кест-кеста Орсийчоьнна а, Украинана а йукъара дозанах хедийна ву. дозанашкахь хилла ву. Хьалхо талламчийн аьтто ца хилира цуьнга хеттарш дан – официалехь хазийна бахьана беламе дара: Нохчийчуьра цуьнан неIаре шаьш дахча, цхьа а дуьхьал ца велира аьлла.
Геремеев Артур – Кадыров Рамзанан уллорчу гонера стеган гергара стаг ву. Цуьнан цIе масийттаза йаьккхира Немцов вер толлучу заманчохь, амма цуьнга бартхаттар ца нисделира.
"Агентство" гIирсана къастарехь, стохка стигалкъекъа баттахь а, мангал-баттахь а аннекси йинчу ГӀирмерчу Джанкой олучу блок-постехула а, Ростовн кӀоштарчу Весело-Вознесенка олучу блок-постехула а 6-зза чекхваьлла Геремеев.
Журналисташа билгалдоккху, тӀаьххьара блокпост Оьрсийчоьнан эскарша дӀалаьцначу Мариуполе боьдучу некъаца лаьтташ хилар, цигахь кадыровхойн урхалле дӀайелла йу металлургин комбинат.
ГеремеевгIеран воккхахверг, Руслан, "гучувелира" лурчаха зазадокху-баттахь, Украинехь Оьрсийчоьно тIом болийначул тIаьхьа: Нохчийчочьнан урхалхочо хIетахь шен телеграме хIоттийра Мариуполехь иза тIехь волуш дIайазйина видео.
Цул тӀаьхьа дукха хан йалале кадыровхо лазийна, дарьбанан цIийне кхечира. Кадыров вахара цунна тIехIотта.
ХIетахь дуьйна кхин дуьйцуш дацара Геремеев Руслана тIамехь дакхалацарх.
2023-чу шарахь Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан декъехь Нохчийчохь кхоьллинчу Шайх Мансуран цIарахчу батальонан коьрте хIоттийра иза. Оцу декъан куратор ву аьлла кхайкхийра, лаьцна латтош хиллачу Журавель Никитина йиттина Кадыров Рамзанан кIант-кхиазхо Кадыров Адам.
Бельгехь набахтехь волчу Мейриевн де эшна
Бельгера Мехелен гIаларчу набахтехь латточу БуьритIера вахархочуьнца Мейриев Русланца цхьанакхийтира бакъоларйаран PeaceWomen Across the Globe йукъараллин куьйгалхо Газиева Фатима. ГIуран-бутт бовш дуьйна, хIинца 20 де сов ду, цо мацалла хьоьгу, оцу тIехула могушалла эшна йогIу цуьнан.
Тхан редакцига Газиевас дийцарехь, Мейриев Русланна тIекхача дагахь Бельгин Iедалхошца баттахь гергга дехарш дан дийзира церан. Дуьхьал куьзга а долуш, къамел дайтира цаьрга, мухIажар лаьцна вуьту терроран артиклехула бехке веш. Бакъоларйархочо бахарехь, ледара хьал хилла цуьнгахь, гIора а эшна цуьнан, мохе-малхе воккхуш а вац иза.
Мейриев Руслана чIагIонаш йо, ша Шемахь хилла вац, йа шемахойн оппозицин агӀор тӀемаш бина а вац бохуш. Цо дийцарехь, цхьа кхин стаг тIехь волу сурт ду талламо цунна дуьхьал деттарг, амма йе бахарх цара йеш йац экспертиза а. Доллу бехкаш Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн хаамаш тIехь вовшахтоьхна.
Кхерамзаллин ницкъашца боьзначу гIирсаша бехкевира Мейриев, террорхойн "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца зӀенаш хиларна а, 20I4-чу шарахь Сочехь Олимпиадана дIайахьа кечамаш бечу муьрехь теракташ йан Iалашо хилла бохуш. Оцу йукъанна 20I3-чу шарахь дуьйна Мейриев вехаш вара украинхойн ГӀирмехь, ткъа аннекси йинчул тӀаьхьа – Украинан материкан декъа тIе дехьавелира иза. Пачхьалкхан Ӏедалша шайн махкахь ваха бакъо а йеллера Оьрсийчуьра вахархочунна.
20I5-чу шарахь Мейриев Руслан лецира СБУ-но джихIадехь лелийна ву аьлла, амма тӀаьхьо маьршаваьккхира иза. Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийначул тIаьхьа иза Швеце дIавахара.
2024-чу шеран аьхка дуьйна Мейриев шайга схьавалийта хьийза Орсийчоь.
Къилбаседа Кавказера дуккха а бахархой хьийзош бу Европехь Москван дехарца. Amnesty International организацин бакъонашларъярхоша кхайкхам бира Евробертан пачхьалкхашка, Кавказера мухӀажаршна экстрадици ма йе аьлла, хӀунда аьлча, Оьрсийчохь царна тIехь Ӏазап латто а, уьш нуьцкъала Украинана дуьхьал бечу тӀаме хьийсон а тарлуш хиларна.
Нус йийна Нохчийчуьра вахархо Украине хьажийна
Шен 22 шо долу нус Кокова Кристина йерна кхеле хIоттийна 46 шо долу БӀачи-Юьртара вахархо Умаев Руслан СИЗО-ра Украинана дуьхьал тӀом бан хьажийна. Хьалхо йийначу зудчун нанас Кокова Анастасияс дехар динера иза ма вахийтахьара аьлла.
И гӀуллакх девзаш волчо дийцира тхан редакцига, чиллан-беттан II-чу дийнахь Шела кӀоштара кхелехь рогӀера дов хаьттинчул тӀаьхьа сихонца Умаев тӀеман декъе дIахьажийна хилла аьлла. Кхин а ши кӀира даьлча иза цигара дIа штурман декъе хьажор волуш ву.
Дечкен-беттан 20-чохь, кхел йирзина а йалале хиънера Кокова Анастасияна Умаевс, ша тӀаме вахийтахьара аьлла, дехар дарх. ХIеттахь Оьрсийчоьнан Коьрта прокуратуре латкъам бинера цо, цуьнан контрактана куьг ма йаздахаьар бохуш. Кокован адвокат саготта вара, Нохчийчуьра вахархо, цо стаг вийна хиларх билгало а ца йеш, иза тIаме вахийтарна
Москвана гергарчу Лобня гӀалара йара Кокова Кристина. 2020-чу шарахь нохчочуьнга Умаев Ахьмаде маре йаханера иза. Нохчийчу дӀайаханчул тӀаьхьа йоӀ йира цо, амма марнанас тӀеӀаткъам барна а, цIийндас йетташ лелорна а латкъамаш бан йолаелира иза. ХIусамдех дIакъаьстира иза, амма цуьнгахь гуттаренна а ца йуьтура йоI, дехоша кест-кеста Нохчийчу дIайуьгура кхуьнан йоI. Иштта Кокова Анастасияс хаам бира, шен йоьIан мардас Умаев Руслана хаддаза шантаж йеш хиллера йоӀ шен йоӀана, цунна тӀехь даим а терго латтош, тIаьхьаваьлла лелара аьлла.
2024-чу шеран гезгамашин-баттахь, Нохчийчу йахначу заманчохь йайра Кристина. Эххар а Умаев Руслана даредира, ша иза йийна аьлла, йаздо "Сапа Кавказ" телеграм-канало. Цо бахарехь, буса наб кхеттачу хенахь, цуьнан са дукъийна, иза йийра цо, цул тIаьхьа цуьбнан дакъ дагийнера. «Харцахьа лелаш йара» иза аьлла, иза ша йеран бахьана далийнера цо.
Оцу йукъанна, йийначу зудчун нанна Кокова Анастасияна хетарехь, Умаев Руслана Кристина йийна хила тарлуш йу, ша дина хилла кхин зулам къайлахьош. Цуьнан шеконаш йу, иза ша хьийзийна дела, цо дакъа дагийна хир ду аьлла.
"Ахматан" стадионехь вип-ложехь 4 млн сом дойъур ду
"Ахмат-Арена" стадионан VIP-ложашкахь чохь кхача кечбар вовшахтоха тендер кхайкхийна Соьлж-ГӀалахь. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан хьешашна а лерина меню вовшахтухуш бюджетера 3,9 миллион сом дайа дагахь бу.
Тендеран документаш тӀехь йаздина ду, 2025-чу шарахь «Ахмат» клуб цIахь ловзуш йолчу футболан итт матчехь и хьелаш хIиттон деза аьлла. Верриг а вузон везарг ву 20 VIP-ложера хьаша а, ишта йуург латтон йезар йу цигахь Кадыровна а, цуьнан чоьхьара гонна а.
Оцу кепара тендерш спорткомплексо шарахь шозза кхайкхош йу – чиллан-баттахь а, марсхьокху-гезгамашин беттанашкахь а. Масала, лурчаха вип-ложашкахь йуург хIотточу чиллан-беттан тендерехь 3,5 миллион сом дара йаздина, ткъа 2022-чу шарахь – 2,2 миллион сом.
КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчуьрчу "Ахмат Арена" стадионан вип-хьеший кхабан кхин а пхи миллион сом оьшуШайна атта доллучохь ладогIа подкасте: