NYT: Тоьхна санкцеш йоллушехь Оьрсийчоьно алсамдаьккхина хӀоьънаш а, ракеташ а арахецар

"Калибр" ракета тохар

ТIаьххьарчу беттанашкахь Оьрсийчоьно алсамдаьккхина ракеташ а, артиллерин хIоьънаш а дар, тIом балале хиллачу тIегIанел а совбоьвлла уьш, Малхбузено тоьхна санкцеш йоллушехь. Цунах лаьцна, Маршо Радион оьрсийн сервисо дийцарехь, йаздо The New York Times хьостано цIе йаккхазчу Малхбузера пачхьалкхийн а, Украинан а официалан хьаькамашна тIетевжина.

ЧIагIдарехь, Оьрсийчохь карарчу хенахь къаьсттина дукха тIеман гIирс бу арахоьцуш, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Малхбузен пачхьалкхашкахьчул а алсам. ХIетте а, чIагIдо, гIирс бар алсамдаьллехь а, кхачам ца хуьлу цунах Оьрсийчоьнан эскарна.

Шуьйрачу тIамца Украинана тIелеттачул тIаьхьа санкцеш тоьхча ракеташ а, кхин болу цхьа могIа тIеман гIирс а арахецар лахделлера чипаш а, кхинйолу компоненташ а тоьаш цахиларна. Делахь а 2022-гIа шо довш Москван аьтто хилира тIеман гIирс бар йухаметтахIоттон, Эрмалойчухула а, Туркойчухула а оьшург тIе а кхоьхьуш.

Тахана Оьрсийчоь кийча йу тIом балале хьалхачул а шозза сов тIеман гIирс арахеца. Йуьйцурш йу танкаш а: чIагIдарехь, тIом болабале хьалха шарахь 100 танк арахоьцура; хIинца 200 йо. Бен артиллерин хIоьънаш – ши миллион гергга бу, ткъа мах лахара бу церан Малхбузехьчул а. Эстонин тIеман министраллин векалан Салма Кустин жамIаш даладо хьосто, цо чIагIдо, Оьрсийчохь тIеман гIирс арахецар карарчу хенахь ворхIозза алсам ду, Малхбузехьчул аьлла.

Хьалхо Украинан векалша билгалдоккхура, оьрсийн ракетийн арсеналаш кхачош йу бохуш. Стохка гурахь а, Iай а инфраструктурин гIишлошна тIе тохарш динчул тIаьхьа дикка лахдинера Украинана ден ракетийн тохарш. ТIаьххьарчу хенахь йуха а долийна ракетийн тохарш.