Your browser doesn’t support HTML5
Вон нохчочуьнан васт Оьрсийчохь гайтар дукха хенахь дуьйна ламаз а хилла дIахIоьттина ду. Литературехь нохчий дера а, оьгIазе а, зуламе а бийца болийна вуно дукха хан ю. Цхьа оьрсийн поэто Лермонтов Михаила "вон нохчий ву текхаш берда тIе, ирйеш ву шен шаьлта" аьлла, яздинарг дагадаийтича а тоьар ду.
Амма тIаьхьарчу 20-30 шарахь хилларг кхета хала хIума ду. Нохчийчохь хьалхара тIом чекхбаьлча болх бан йолаелира нохчий ледар гайтаран пропагандан ковейер. Цуьнан Iалашо яра сийллалла долчу Оьрсийчоьнан эскархошна а, къизачу нохчийн сепаратисташна а къахь йолу башхалла гайтар.
Цу пропагандин "кхоллараллехь" нохчаша адамаш лечкъа дора, къиза хьийза бора йийсаре лецна нах - зударий, бераш, баккхийн нах. Цхьана салтийчо эша йора нохчийн бандитийн дийнна тоба.
ТIом боьдучу шерашкахь нохчийн йиш яцара цу тайпа продукци арахоьцучу нахаца къийса, мел чIогIа къам сийсаз дан гIерташ иза деш хиллехь а.
Бакъду, Нохчийчоьнан куьйгалхо хIоттийначу Кадыров Ахьмад-Хьажас цхьана муьрехь дIахьедар дира, къаьмнашна юкъахь цабезам кхуллу кинош яхар дехка деза аьлла. Амма кхин хийца делла хIумма а ца хилира цул тIаьхьа.
2017-чу шарахь и хаттар айира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Иза эргIадвахийтинарг дара Оьрсийчуьрчу кинохь нохчий а, гIалгIай а дукха маьттаза гойтуш хилар. Евкуров реза вацара цу къаьмнийн векалша Дуьненера ШолгIа тIом боьдуш гайтина турпалалла хьехош ца хиларна.
Меттигаш яьхкина нохчийн актераш шайн къам сийсаз деш йохучу филмашкахь дакъа ца лоцуш юхабевлла. Царах ву нохчийн халкъан артист Исраилов Хож-Бауди. Мацалла леш хиларх дакъалоцур дацара ша цу тайпачу кинохь, аьлла цо Кавказ.Реалии корреспондентаца шен хиллачу къамелехь. Ур-аттала, цу тайпа харц филман сценари еша а хIуттур вацара ша, боху актеро.
Цунна делахь а, вон нохчийн рол ловзо Оьрсийчохь кино йоккхучу наха кхойкхуш Iедал ду эрмалой, гуьржий, оьрсийн актераш.
Гарехь, тIаьхьарчу хенахь цу тайпа филмаш яхар гIеххьа лахделла. ТIаьхьарчу хенахь нохчийн васташ гойту махкал арахьа йохучу киношкахь, ша аьлча ХIолливудехь.
Иштта, "Легендаш" цIе йолчу телесериалехь полицин белхахо йолчу зудчо хозуьйту кавказхочо до бохуш оьрсийн маттахь деш долу къамел. Цу зудчо оьрсийн мотт буьйцург нохчо ву олу. Цундела зуламхо лаха веза аьлла хета цунна "оьрсийн мафин нохчийн юкъараллехь".
Цу филмехь нохчийн дуьхьалонан боламан полковник санна хьехош ву Медвед Юрий. ТIом чекхбаьлча Медвед дехьа волу цхьана Iилманчан доьзал берна шена кхел йинчу оьрсашкахьа. И Iилманча цо вийна хуьлу дIаьвшен герз кечдан иза реза ца хиларна. Медвед гайтина ву къиза садист санна.
Гойтуш бу вайнах 2014-чу шарахь яьккхинчу "Общак" филмехь а. Цу филман турпалхочуьнан ХIарди Томан дар-дацар хуьлу нохчийн бандиташца. Тамашийна делахь а, уьш дIоггара маньякаш бац, амма таIзар дан кийча бу шаьш Iехийначу стагана, цуьнан кога чу болт а хьовзош.
Оццу шарахь арахецначу "Пачхьалкхан секретар" телесериалехь Iамеркехь ваха хиъна волу нохчо дийцарш дIахьош ву Iамеркахой закъалтана лаьцначу Шемарчу террорхошца. "Шира уьйраш" цо меттах йоху, шаьш аьлларг ца дахь Оьрсийчу дIахьажор ву аьлла, шена кхерам тесначу Iамеркан куьйгалхойн дехарца.
"Оьрсийчоь хьакхарчийн божал ду, со цига юха гIур вац", - олий, нохчи реза хуьлу Iамеркан Iедална накъосталла дан.