Таханлера теманаш Цхьа а воцург а хилла, Францехь вахар тоьлу... Товбеца-бутт 23, 2018 Политикан мухIажир, Навальный Алексейн штабехь волонтер Iийна Завгородний Вячеслав Ниццехь Шевченко Дарина, Маршо Радио (оьрсийн сервис) Къоначу политикан эмигрантан дийцар Самара гIаларчу Навальныйн штабан волонтеро Завгородний Вячеслава политикан тховкIело ехна Ниццехь. Шена дуьхьал бехктакхам боккхий хиича, катоьхнна ведда иза Оьрсийчуьра. ХIусам йоцчу нахаца, клошарашца, баьккхина цо Францехь тIаьххьара ши бутт. Вокзалашкахь денош, хIорда йистерчу луьйчийлашкахь буьйсанаш яьхна, цIа доцчарна сагIа лучохь кхача а карош. Цо дийцира Маршо Радиога шен ваьлла леларх, шех хиллачух, шен сатийсамех лаьцна. - Навальный Алексей президентан дарже кандидат хIотта гIуртучу шеран бIаьста, стохка, цунна гIодан волавелира со. Гуламашка лелара, кхайкхамаш дIасабоькъура, кхеташонашка воьдура. Ницкъхоша со сиха ийцира шайн тидаме: лоьцура, кхерамаш туьйсура, кхелашка ийзавора. Ас программистна доьшучу Чапаевскерчу "губернин колледже" эха буьйлабелира полисхой. Цара тIе а кхойкхий, лебора сан гергарнаш, хьехархой, соьца доьшуш долу бераш, сан накъостий. Полисхоша шаьш со я набахте хьажор ву, я Эскаре вуьгуьйтур ву, олура. "Эскаре вахча, вуьззина стаг хир ву хьох, цигахь кхетар ву "русский дух" ("оьрсийн доьналла") хIун ю", - бохура. Со могуш вац Эскаре ваха. БукъдаьIахк ю сан лозуш. Буса телефонаш еттара соьга полисхоша, Iуьйранна диъ даьлча тухура. Виллина колледжан директорна тIекхойкхуш хуьлура. Директоро сох "лай" олура, хоттура: Хьо пачхьалкхера хIун даккха гIерта, цо-х хьуна мехаза деша таро елла?" Колледжера дIаваккха гIертара, амма со, духьал а тасалой, тоьлура. Юьхьанца суна моьттура, полици деккъа дIа со кхеро гIерта, гуламашка ца эхийта. Iедал соьца къийсало, цундела ас дийриг нийса ду, аьлла хетара суна. Амма суна ен гIелонаш совъяха хIоьттира полици. Сан ненанана а тIехь кхойкхура шаьш долчу "къамел дан". Иза цара инсульте кхачийра. Сайн ненананна цхьаъ хилахь, ас шуьгара доьхур ду жоп, аьллера ас цкъа. Иза суна дуьхьалдаккха буьйлабелира полисхой: "Хьо тхуна кхерамаш туьйсуш ву? ХIун дийр ду ахь?" – бохуш. Ас еха месаш лелайо, сох "пидор" олура ницкъхоша. ХIора дийнахь а йора гIело. Урс а карахь стаг тIелетира суна Со баккъал а кхеравелира сайна тIелетча. Евзаш йолчу йоьIаца гIали юккъехула вогIура со, тIаьхьаяьлла йогIу цхьа бIотIа гича. Ас цуьнга хаьттира: "Хьуна хIун оьшу, жима стаг?" Цо соьга элира, шена хаьа со мила ву. Сох "навальненыш" а аьлла, дIавахара иза. ТIаьхьо, со йоI цIаэцна вахча, юха а гучувелира и стаг, урс а карахь тIелетира суна. Ас сайгарчу жимачу газан баллонца, электрошокерца эккхийра иза. Тешаш а боллушехь, полицино ца айдира цунна дуьхьал дов. - Оцо собар кхачийра хьан? - Стохка, шо довш, полицино хьуна духьал бехктакхам гIаттош бу, элира соьга накъосташа. Iуьйранна богIур бу, бохура, лаца. Со кхийтира со вада везийла. - Хьо тийшира накъостех? - Цаьрга царна вевзаш волчу полисхочо аьллера. Со сихха ведира Оьрсийчуьра, Ницце кхечира. Шенгенан виза яра соьгахь Литувано елла. Со цIераваьлла сахьт далале, полици кхаьчна хиллера сан нана а, цуьнан нана а йолчу, со хоьттуш. Амма со кхиинера вада. Самарехь гуламехь лоцуш ву полисхоша Завгородний Вячеслав, 2017 ХIорда йистерчу луьйчийлехь четар-чоь а хIоттайой, лергаш чу гIара цахозуьтургаш а юхкий, сахиллалц наб йора ас - Ницце стенна кхаьчна хьо, виза Литувано елла хилча? - Суна гIодийр ду аьлла накъостий бу Ниццехь бехаш. Вада кечам ца бинера ас, цундела ахча а доцуш веара. Суна со хене вер а вац накъосташкара гIо ца хилахь, аьлла хетара. Со уьш болчохь сецнера юьхьанца, политикан тховкIело а йийхира Iедале. Миграцин урхалло, Дублинерчу Сацамца а догIуш, Литуве хаттар хьажийна сох лаьцна, амма жоп ца деана хIинца а. Ялх бутт бу хьоьжуш Iен, хуур ду-кх хьан тIеоьцу – Литувано я Францино. Бутт хьалха со кхийтира накъостий болчохь сайн кхин Iойла доцийла. Миграцин урхалло чохь Iан меттиг а ца елла. Сайгахь дисинчу 200 евронах ас чувуьжу гали а, четар-чоь а, юсу гоь а ийцира. Дийнахь со гIалахула ваьлла лелара, ткъа буса сахьт даьлча, вокзал дIакъевлича, хIорда йистерчу луьйчийлехь четар-чоь а хIоттайой, лергаш чу гIара цахозуьтургаш а юхкий, сахиллалц наб йора. - Бухара бахархой муха хьуьйсура хьоьга? - Францхоша дош а ца олура, ца хьевора, суьрташ а ца дохура. Бахархоша наггахь юург а йохьура. Массийтта дийнахь со волчу къона францхо кхочура, гитари тIехь эшарш лоькхура суна. - Полицино хьеворий хьо? - Iуьйранна четар-чоь дIагулъе-м олура полисхоша. Соьца кIеда-мерза бара уьш, ца гIертара я лаца а, я барт хатта а. - Хьо стенах веха хIинца? - 370 евро гергга ло суна баттахь. Туристийн гIалахь хало ду оцу ахчанах ваха. Суна мехаза хIума ло меттиг карийна, цхьана евронах пхьор луш меттиг а ю. Шийлачу хин кIел дегI цIандора ас луьйчийлехь. Легаш лазадевлира. Меттигерчу лоьро мехаза тIеийцира со. Молханаш эца юхалург ахча делира накъостех цхьамма. Самарехь гулам, 2018 Вовшашна дезачу шина адамца гергарло тасаделла сан - Оьрсийчуьрчу гергарчара, доттагIаша гIо дой хьуна? - Ненан, ненаненан таро яц, царна шайна а дац тоъал даа-мала. Сан накъостий – уьш миска студенташ бу. - Стенгахь веха хьо хIинца? - Кхерч боцчу нехан цIийнехь. Мукъа меттиг нисъелча, буса вуьту со цига. - ЦIа доцчу кхечу нахаца муха ю хьан юкъаметтиг? - Вуно дика. Суна хаьа нахаца тIекаре хила а, царна тан а. Оьрсийчуьрчу гомофобех ведда веъна цхьаъ ву со волччу кхерч боцчийн цIийнахь буьйсанаш йохуш. Охашимма накъосталла до вовшашна. 40 шо долу францхо ву суна шайн мотт Iамош. Ала догIу оцу стагах а. Европехь вехачу хIораннан доллу хьал хилла цуьнан хьалха: зуда, жIала, болх, петар. Зуда нахаца лела йоьлла. Оцу хьоло депрессе вожийна иза. Виина иза оцу депрессино. Декхарш IаьIна петарх, иза аракхоьссина чуьра. ХIинца, кхерч боцург а хилла, ваьлла лелаш ву. Дукха хан йоццуш ши къона адам а девзина суна. ЦIера девдда йоIIий, кIанттий, Ромео а, Джульетта а санна. - Хьоьга муха лало ишта дахар? - ЦIера вийла Iаьмна вацара со хьалха, делахь а вон дац. Хьекъалх а ца тилла, сайх чекх са а ца гатина, сагIадоьхург а ца хилла сох. Кхерч боцург а хилла лела вуно хала ду. ДIакхоьссина цициг санна хета хьуна хьо, цхьалха ву. Амма, хьоло зуьйш ву со, олий, дог тедо ас сайн. Дуьххьара четар-чоь а хIоттийна, цу чувелира со Ниццерчу луьйчийлехь, чувижина Iуьллура, дIахьажча, хIорд бара гуш. Цхьа тамаше дара. "Де кхин доьхна а ма дац сан-м", - ойла йира ас. Цкъа кога а хIоьттина, Европехь айса петар эцча, наггахь хIорда йисте а вогIуш, четар чу а волуш, дагалоьцур ю ас хIара сайн зама. Вайна къола дина, дIаяьхна вайгара синмехаллаш, эс, доьналла, кхетам - Кхин мел вахалур ву хьо ишта? - Юхавала ца хаьа суна, ца Iамийна. Мелхо а, халонаш эшош хазахета. Цкъацкъа эхь а хета, диплом долуш волу со кхерч боцчех дIакхетта. Сан цкъачунна бакъо яц Францехь балха хIотта, ткъа программаш кхолла таро а яц – ши куьг доцуш санна ву, ноутбук йоцуш. - Хьайна мухIажиран статус лур ю аьлла хетий хьуна? - Сан вуно дукха тоьшаллаш ду Оьрсийчохь со политика бахьанехь хьийзош хилар тIечIагIдан. Гарантеш-м яц, бакъдерг аьлча. - Навальныйгахьа хьуо хиларна дохко ваьллий хьо? - Навальныйца доьзна дац. Со фанатик вац. Вайна къола дина, дIаяьхна вайгара синмехаллаш, эс, доьналла, кхетам. Эвххьаза лачкъийна вайна дайша дитинарг. Вахархо санна, сайн бакъонаш, адамалла Iалашъян декхаре вара со. Со "садеттархо" ма вац! Iедале хевшина бандиташ, я сайна тIехаийна хьаькам-идиот ца лало соьга. Францехь цхьа а воцуш хилла лелар тоьлу цул. Ша бинчу къастамна дохковуьйлург Iовдал ву. Ас кхетамчохь а волуш бина сайн харжам. Со реза ву сайн некъананна. Кху муьрехь суна хала ду, амма массех шо даьлча, дика хир ду дерриг а, тIаккха пайде хир ву со нахана. Ниццерчу стигал кIел муха лела веза тховбацархошна дийца суна хIинцале а хаьа, ас хьанна а хьоьхур ду иза. Дика ду со Оьрсийчуьрчу набахтехь воцуш - Хьайна тховкIело лахь, хIун дан дагахь ву хьо? - Деша, сайн хаарш лакхадаха. Сан професси тIаьхьало йолуш ю. Дикачу программисто миччанхьа а доккху дика ахча, ваха а таро ю луъучохь. - Хьан, сте аьтто бо хьуна кху муьрехь? - Уггаре хьалха – ойлано: "Дика ду со Оьрсийчуьрчу набахтехь воцуш". Нанас а, ненананас а. Коррупцина духьалоечу гуламе дуьххьара со аравала тохавелча, сан некъ къобалбира ненананас. Митинге воьдуш ас сайца бахьа кечбинчу тIоьрмига чу цо шаршу а, гIаймакхаш а, компот а йиллира. Лаьцначохь ийшира суна а, сан накъосташна а и ларч. Нана теша сох, цо даима а яздо, ас дуьне доккхур ду, олий. Гергарчара везаш лелийна со. Цкъа а ца дина дов, ца йиттина. Со адам лаьрра цара, цундела Iаьмна со суо лара а, нах беза а. Суо лийр вуйла-м хаьа суна, делахь а, валале, каро гIерта-кх "муха", "стенна" бохучу хеттаршна жоьпаш. Дуьне хазахета суна, оцу кхетамо кхобу. Суна безаш болчу яздархоша а кхобу: Паланик Чака, Оруэлл Джорджа, Хайдеггер Мартина, Солженицын Александра, Довлатов Сергейс. БIаьрзе патриоташ дуьне горга дуй а ца хуучу акхаройх тарло суна - Муха ду аьлла хета хьуна Оьрсийчоьнан хиндерг? - Суна гарехь, неофеодализм ю цигахь. Хийцамаш буьйлалур бу Iедало маршонаш ерраш а дIаяьхча, нахера хIусамаш, кхача дIабаккха болийча. Иза деш ду Iедало дукха хенахь дуьйна, делахь а жигара ца даьлла иза цкъачунна. "Кхачийна, хьан возалла, бепиг!" – ала тарло халкъо хенан йохалла. Жоп хезар ду Iедалера, "яа мерзалгаш" ("пусть едят пирожные"). Лаьтта хьал мел къаьхьа ду кхета долалур ду халкъ. - Оьрсийчоьнан бахархоша стенна хаьржина Путин? - Оццул пропаганда айича, цициг а тоьлур дара харжамашкахь. - Хьо патриот ву бах ахь? - ХIан-хIа. Со космополит ву. БIаьрзе патриоташ тарло суна дуьне горга дуй а ца хуучу акхаройх. Амма 20 шо бен а доцчу суна доггах еза Оьрсийчоьнан аренаш. ЧIоггIа салаьтта цIехьа, доттагIашка. - ХIун хир дара хьан Оьрсийчохь бисинчу, къийсамехь бехачу оппозиционерашка ала? - "ХIазарийн эла" ("Властелин колец") кино чохь Гэндальфо, ша бердах эккхале, мохь туьйхира-кх нахе: "ДIасайовлалаш, Iовдалш!" Къовсам юхьарлаьцначара – къуьйсийла. Суна а хууш, сан дахарехь, кхузза леш ю оппозици – махкара уьдуш бу къийсамхой. РогIера чкъор ду эмиграце доьрзуш. Шайн цIахь маьрша боцу, кхерамзалла карош боцу, хьекъале болу кегийрхой бу дIабоьлхурш.