Your browser doesn’t support HTML5
Цу нохчийн тIеман баьччех лаьцна хIуъа дийцахь а, иза виц ца луш дагалецира кхелхина 11 шо даьллачул тIаьхьа а. Дуьненерчу баккхийчерах болчу зорбанан гIирсаша Басаев Шемил кхалхар юкъатуьйхира дуьнентIехь а ладаме хетачу хиламашна.
Дуьненаюкъарчу хаамийн "Associated Press" (AP) агенталло хIора дийнахь ша арахоьцучу «ХIара де исторехь» цIе йолчу рубрикехь, Басаев кхелхина де цхьаьна билгалдаьккхира ШолгIа Дуьенан тIом боьдуш The Battle of Britain олу 1940-чу шарахь (10.07 -30.10) кеманин тоIм а, "Телстар" (1962 г.) олу Iамеркан зIенан спутник космосе яккхарца а, Iамеркан 13-чу президентан Филлмор Миллардан (1850 г.) инаугураци хиларца а, иштта дIа кхин а. Берриг а билгалбаьккхина бу 6 хилам.
Басаев хьахош ву цу кеппара йолчу Мисаран "Сада Миср" а, Либанера "Либан-360" а хаамийн гIирсаша а. "Либан-360" агенталло билгалбоккху Товбеца-беттан 10-чу дийнахь хилла 10 хилам.
Цу дийнахь кхелхинчу нохчийн командирца хьахийна ду Францино Британина 1778-чу шарахь тIом кхайкхор а, Мавританехь 1978-чу шарахь хилла Iедалкарчор а, Маккахь 1989-чу шарахь лелхийтарш дар а, Горбачев Михаил 1990-чу шарахь юха а КППС-ан инарлан секретар харжар а, кхин дерш а.
Басаевх лаьцна динна артикл язйина Мисарарчу «Ал-Мисри Ал-Йоум» (Мисархо тахана) интернетан портало. Цуьнан авторо Басаевн биографи а ялайой, яздо Нохчийчоьнан маршонехьа болчу боламан хьалханчех хилла иза Кремло номер 1 йолу террорхо ву аьлла, билгалваьккхина хилла хилар а, Iамеркан а, ООН-ан а, Евробертан а террорхойн цIерийн йозанашна иза юкъатоьхна хилла хилар а.
41 шо долу Басаев кхелхира 2006-чу шарахь Товбеца-беттан 10-чу дийнахь ГIалгIайчуьрчу Экажево эвлан йистехь. Цу дийнахь Несара боьдучу некъахула йоьдуш хиллера «КамАЗ», а, 3 жима машен а. Царна цхьана чохь вара Басаев.
ТIехь герз а, хIоъ-молха а долу «КамАЗ» иккхира, кхелхира Басаев а, кхин а цуьнан масех накъост а. Тахана а хууш дац и машен эккхаран бахьана. Цхьана версица динамит иккхира ларамаза, кхечу версица – Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн планаца.
Мухха делахь а, машен Экажевохь иккхинчу Iуьйранна цхьана а лерринчу операцех лаьцна дуьйцуш хIумма а дацара Оьрсийчуьрчу Iедалша. Амма цул тIаьхьа масийтта сахьт даьлча байинчарна юкъахь Басаев вуй хиича, ФСБ-но дахьедар дира шаьш кечйиана леррина операци яра иза аьлла, ткъа президенто Путин Владимира тIаьхьо «Басаев верна» совгIаташ дира ницкъаллан структурийн белхахошна.
Ткъа муха реакци хилира дуьненерчу зорбанан гIирсийн Басаев валарх лаьцна хиъча? Царах дукха болчара очеркаш зорбане ехира, нохчийн вевзаш волчу тIеман хьалханчан дахарх лаьцна. Нагахь Оьрсийчуьра зорбанан гIирсаш ца башарца а, Iиттарш еш а хIуманаш яздеш а, дуьйцуш а хиллехь, дуьненера коьрта хаамийн гIирсаш цхьана а хIуманна тIехь доцург ца дуьйцуш хила гIертара.
Ткъа цхьаболчу зорбанан гIирсаша иза турпалхо ву бохуш а дийцира. Иштта Британерчу "Telegraf" газето яздира, Басаев «турпалхо вара шен къоманна Нохчийн республикехь» аьлла.
«Харизма йолуш а, вевзаш хила лууш а, къиза а волу Басаев Шемил дерриг а шеца долуш вара нохчийн гIаттамхоша вуно лоручех. БIеннаш шерашкахь оьрсийн акхараллашна дуьхьал лаьтташ болчу нохчийн майра хиларан историно дог ирхIиттош волу иза тIемалочуьнан яхь йолуш а, цуьнца цхьаьна хIилла долуш а вара. Шен къинхетам боцу чулацаме тIелетаршца цо кхерам латтабора хIоьра оьрсийчуьнгахь», - вийцара Басаев Британехь арадолчу "Independent" газето.
«Вийна уггаре лоьхуш хиллачу террорхойх волу цхьаъ», - хаамаш бора дукхах болчу дуьненаюкъарчу зорбанан гIирсаша. Оццу хенахь Ичкерин командир кхалхарца шайна хетарг дийцара Басаев лоручу наха.
Къаьсттина дукха ю и тайпа дагалецаман видеош Iаьрбийн маттахь йолчу интернетан сегментехь. Масала, царах цхьаъ ю «Iо дика йойла хьан, Шемил» аьлла Басаевн сурт а гойтуш, «Хьо турпалхо вара» йоза хIоттийна нашид олуш кечйинарг.
Ткъа Японехь зорбане йолуш яра Басаевх лаьцна леррина комикс.