Your browser doesn’t support HTML5
Брюсселехь зуламхоша бомбанаш лелхийтина байина нах багарбина бовланза бара, Оьрсийчура Iедалхоша а, депутаташа а, Кремлна багахьажжина болчу политиолагаша а, Iилманчаша а, журналисташа а Европана критика еш тIелатар долийча.
Москох Белгин векалаллин гIишлонна хьалха зезагаш кхоьхьуш бара бахархой, ткъа президенто Путин Владимира кадам бира Брюсселехь адамаш дайар бахьана долуш.
Оццу хенахь Оьрсийчура лаккхарчу даржашкахь болчу Iедалхоша а, депутаташа а лелош дерг кхин дара. Цара Малхбузе бехке йора Бельгехь терроран акташ хиларна, иза цуьнан шен бехк бу бохуш. Европа шалхонаш лелош ю исламан тIемалой хьокъехь бохуш дийцара цара.
Цу нахах ву, масала, Пачхьалкхан Думан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитатан куьйгалхо Пушков Алексей.
«НАТО-н инарлан секретар Столтенберг, Латве эскарш хьежош, боцучу кхерамна дуьхьал лаьтташ а волуш, нах лелхийтина Брюсселехь цуьнан меран кIеллахь», - яздина Пушковс шен Твиттерехь йолчу агIона тIехь.
«Европа кхета еза хан тIекхаьчна шайна баккъалла а кхераме верг мила ву бохучух, Оьрсийчоьнца шен ницкъаш цхьана а тухуш», - аьлла яздина цо кхин цхьана шен постехь.
Оьрсийчурча масийтта Iедалхочо дIахьедар дина Малхбузерчу пачхьалкхашна хилларг хила дезарг ду аьлла. Цара чIагIдо, «террорахошна» гIо до Малхбузено шен геополитикан Iалашоне кхача бохуш.
Ткъа хIара къамел деш ерг ю Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан зорбан секретар Захарова Мария.
Захарова Мария: «Мегар дац террорхой хIорш дика бу, хIорш во бу бохуш бекъа. Мегар дац царна гIортор ян цхьана регионехь (Гергарчу Малхбалехь, Къилбаседа Кавказехь), оццу хенахь кхузаманахьлера и кхераме цамгар дуьненан кхечу декъе кхочур яц аьлла ойла а еш. Иза хуьлийла дац».
Путина дуккхаза а бехке йинера Iамерка а, Малхбузера кхин йолу пачхьалкхаш а Оьрсийчоьнан территори йолчу Къилбаседа Кавказерчу тIемалошна гIо дарна. Цу бахьаница ду Захаровас дуьйцург.
Коротченко Игорь, вай лакхохьа хьхийначу Кремлна багахьаьжжина болчу журналистех ву. ХIора денна аьлча санна телевизионехь къамелаш деш хуьлу иза Малхбузен политика емал еш.
Брюсселехь хилла бохам хьокъехь иштта дешнаш карийна цунна: «Шен политикехь шалха стандарташ лелайо Европо. Цара цхьа а жамI цадира Парижехь тIелатар хиллачул тIаьхьа».
Кхин дIоггара къинхетаме дешнаш цакарийна Белгехь хилла теракташ бахьана долуш офицалан кепара оппозицехь лоручу политикашна Зюганов Геннадийна а, Жириновкий Владимирна а.
«Тахана Европа цIийца ясакх луш ю «дуьненаюкъара коалици кхоллийта терроризмаца къийсам латто аьлла Путин бина кхайкхам юхатохар бахьана долуш», - аьлла дIахьедар дина Зюгановс.
Ткъа Жириновскис Твиттерехь дуьйцург иштта ду: «Теракт хиллачул тIаьхьа европахоша шайн дозанаш дIакъовла деза, берриг а мигранташ дIа а къастийна арабаха беза Шенгенан зонера».
Амма берриг а оьрсий бац цу наха дуьйцучун реза. Иштта, масала, Лившиц Борис цIе йолчу стага Твиттерехь комментари йитина Пушковс яздинчунна бухулахь, «бохам беанчу нахе кадам бича гIоле хир дацар-те, ахьа, хIа? аьлла.