Оьрсийчура бахархоша шайн могIарш дузаре сатесна ю «Исламан пачхьалкх» олу тоба

Оьрсийчоь -- Оьрсийчура историн Iилманча Нефляшева Наима

«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанах дIакхета дагахь араяьлла хилла Москохара студент Караулова Варвара цIаерзийна Оьрсийчоьнан Iедалша. Туркойн дозанхоша сацийнера иза Шемаца долчу дозанехь. Цуьнца лецна кхин а кегийрхой белахь а, юйцург Караулова бен яц. Хууш дац бисинчера кхоллам муха бу.

Оьрсийчоьнан РИА Новости агенталло бинчу хаамца, «Исламан пачхьалкх» тобано Iуналла дечу метте кхача дагахь араяьлла хилла Москох пачхьалкхн университетан студент Караулова Варвара карарчу хенахь шен цIахь ю.

Цу агеталло яздарехь, хьалхо цуьнан адвокато Карабанов Александр хаам бира Оьрсийчоьнан Талламан комитето цуьнга цхьа а бехк ца кховдийна аьлла. Цо дийцарехь, иза теш хила мега иза, Iеха а йина, новкъа яьккхинчу нахана дуьхьал схьадиллинчу бехктакхаман гIуллакхехь.

Оьрсийчура жима зударий а, мехкарий а Шема бахар дуьххьара хуьлуш дац. Ткъа хIунда даьржина прессехь цу бесса Караулова Варварица хилларг? И хаттар делира оха Оьрсийчоьнан Iилманийн академин белхахочуьнга, историн Iилманче Нефляшева Наиме.

Нефляшева Наима: Суна хетарехь, иза масийтта бахьаница доьзна ду. Цкъа делахь, цуьнан да тIахъаьлла хьовзар ду. Социалан машанашкарчу шен агIонаш тIехь гIо дийхира цо мосуьйттоза. Сурташ а дехкира цо царна тIе. Социалан машанашкахь наха сихонца дIасадржийнера иза. ШолгIа бахьана хила мега и тайпаниг дуьххьара хилла хилар.

Москох Iаш йолу, дикачу доьзалера, тоьллачу университетера йоI ю "Исламан пачхьалкх" олучу тобанах дIакхета дагахь цига яха гIоьртинарг. Ас билгалдоккхур дара, иза билггала хууш ца хилар, цига яха гIортина хилла иза, я цахилла бохург.

Цкъачунна иза иштта хила мега аьлла хетарг цу йоIан да бен кхин стаг а вац. Кавказера цига бахана иттаннаш мехкарий бу. И тайпаниг хIора баттахь хуьлу ала мегар ду. Амма царна гонах ца хуьлу цу тайпа гIовгIа ялар».

Бусулба дин тIеэцна оьрсий радикалан ойланаш йолуш хуьлу бохуш чIагIдо цхьаболчу политикан говзанчаша. Хьуна хIун аьлла хета цу хаттарехь?

Нефляшева Наима: Ас иза къел сиз хьокхуш дуьйцур дацара, тIаьхьарчу хенахь оьрсий дукха бу бусулба дин тIеоьцаш аьлла. Иза даиман а хуьлуш хIума ду, нах цхьана динера кхечу дине бовлар. ШолагIа, аса билгалдоккхуш дуьйцур дацара, ислам дине бевллачу оьрсех радикалаш хуьлу аьлла.

ХIунда аьлча, суна дуккха а оьрсий кIентий а, мехкарий а бевза бусулба дин тIеэцна болу. Амма уьш шайн болх а беш, шаьш бусулба ду бохуш дIахьедарш а ца деш, бехаш бу. Суна хетарехь, иза хIоранна а шен гIуллакх ду».

ТIаьхьарчу хенахь «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано дIахьедарш до шайн Iалашо Оьрсийчоь ю бохуш. Хьуна бакъ хетий и нах Оьрсийчоьнца тIом бан дагахь бу бохург, я иза пропаганда ю?

Нефляшева Наима: Суна иза дукхачу хьолахь пропагада ю аьлла хета. Дукха хан йоцуш суна цхьа хаам гира, " Исламан пачхаьлкх" шех олучу тобано шен материалаш яржайо 25 маттахь аьлла. Ткъа оьрсийн маттахь йолу церан материалаш кхоалгIачу меттехь ю. Оьрсийчохь бехаш бу аьлла хета царна шайн могIаршна юкъабахка мегаш болу нах».

Маршо Радион корреспондентан хатаршна жоьпаш делларг яра Оьрсийчоьнан Iилманийн академин белхахо, историн Iилманча Нефляшева Наима.

Цхьаболча хаамашца, "Исламан пачхьалкх» олучу тобанан могIаршкахь ву 30 эзар сов тIемало. Дийцарехь, царах 3 эзар гергга стаг къомах нохчо ву.