Your browser doesn’t support HTML5
Шо-шаре мел долу а боламах тера, кхин цхьа керланиг а хаало цу къам дохийначу 23-чу денца доьзна - жимма а хенарчу нохчаша ишта къамелаш хазадо,хьал-де хоттуш, тIекаренаш лелийначул тIаьхьа: Дала тIейогIучу ханна лардойла къам 44-чу гинчу къематдийнах; кхин цкъа а чиллана беттан 23-де лан кхаж ма болийла вайнехан; и де бахьнехь эзар балех девлла хуьлда вай…
Цу кепара вовшийн лардан,декъалдан гIертачух тера къамелаш хазор даьржина кху тIаьхьарчу хенахь бахархошлахь.Нахехь,могIарерчу нохчашлахь тергалло ишта сурт.
Ткъа Iедалан хьукхмат-урхаллашкахь иза кхечу куьцара ду. Цигахь кху беттан 23-гIа де хьасартне даздина Даймохк ларбархочун турсхочун де санна. Цунах шовкъе дуьйцу кхин дIоггара кIорге йоцчу бераша.
Дукхахдолчу берашна а, кхиазхошна а къам дохадар бохо кхетам хийра бу. Къам Сибрех хьажорах кIадда а цахуурш дукха бу, хуъчарна а ца хаьа цхьа тIехула бен.
Дешархо: «Даймехкан турсхочун де долу дела тхо мукъа ду, кхаа денна дIахецна. Ишколашкехь оха байташ а йийцира, эшарш а лийкхира, божаберашна совгIаташ а делира, чайш а муьйлуш хаза даздира».
ШолгIа дешархо: «Кхана салтичу-турсхочун де ду. Цул сов нохчий бохийна де а ду. Цигахь 15 шо даьккхина. Кхуза тIом баьлла а хилла дIабигна хилла нохчий. Цигахь чу а боьхкина латтийна».
23-гIа де билгалдаккхарехь доьшийлашкахь долчу хьолах шаьш хьехархоша а, берийн хьехамчаша а дуьйцу ма-дарра. Иштачех ю Новр-кIоштера хьехар Тамара.
Тамара: «Даймохк ларбархой базбеш, церан лерамна 23-гIа даздеш эшарш лекхийтина, совгIаташ дина, цхьамогIа мероприятеш йина. Кечамаш дукха чIогIа бинера. Дохадар хьахийна а дац. Бераша уггаре хьалха хьехархоша аьлларг дIалойцу, амма царна дохапдар хьахо магийнап дац. Цундела берашна а ца хаьа дохадарх хIумма а».
Муха мегар ду и де дицдалийта, тIекхуьучу чкъуран кхетамехь ца дисийта санна гIулчаш яха кхеташ бац хенара нах.
1944-чу шарахь шайн дай, наной Советан Iедало дийна боллушехь жоьжахатех чекхбахар ша муха дицдан деза бохуш хеттаре вуьлучех цхьа ву СоьлжагIалахо Сатаев Леча а.
Леча: «Адам атта кхетар долуш хIума дац хIара. Сийсара телевизор чохь гойтуш ду 23-гIа де даздеш. Суна дагаоьхуш дерг къоман мостагIий санна, сайн дай-наной махках бахар ду шийлачу Iай, баларш чоьте а ца оьцуш. Цара дийцинарг, цаьргахь яллийна къизалла ю сан дагалецамехь бен тоьхна лаьтташ. Ас и муха дицдан деза. Сан сумукъа муха дала деза цу дийнахь?».
Вайнах бохабар кхетор а,дегнашчу дижар а баккхийчарлахь а, берашлахь а куьц-куьцара делахь а, Чиллан-беттан 23-гIа де цкъа а йоьрзур йоцуш, зийзаш лаьттачу чевнах тера дисна нохчий иэсехь.