ОьгIазло а, безам бар а. Навальный Красиковца хийца тарлора бохучо нохчий эргIад хIунда бахийтина

Политик Алексей Навальный, киллер Вадим Красиков, президент Владимир Путин, коллаж

Колонихь велла политик Навальный Алексей Красиков Вадимах хийца дагахь хилла. Нохчийн гIаттамхойн хилла командир Хангошвили Зелимха верна Германихь набахтехь хан токхуш ву къайлахчу сервисийн белхахо. Шен политика йолош империн, кавказофобин дIахьедарш дина оппозиционер хийца тарлуш хиларна реза цахилар хаийтира Оьрсийчоьнел арахьа бехаш хиллачу нохчаша. Навальный Красиковца хийца мегаш хиларна муха терго йира диаспоро, стенна гIертара Кремль сил чIогIа Красиков маьршаваккха, дуьйцу Кавказ.Реалиино.

КIоршаме стаг веран йилбазмохь

Гуьржийчоьнан вахархо, нохчо Хангошвили Зелимха тIом бина ву Ичкерин маршонехьа, Оьрсийчохь терроризмана бехкевина, лаца кхайкхийна вара иза. Гуьржийчохь масийттаза вен кIело йира цунна, ткъа 2016-чу шарахь Германихь тховкIело йийхира цо шена. 2019-чу шеран марсхьокху-беттан 23-чохь тапча туьйхира цунна Берлинера Тиргартен паркехь. Оцу сохьта лецира иза вийнарг – харц кехаташца лелаш хилла Орсийчуьра вахархо Красиков Вадим хиллера иза. Журналистийн-талламчийн хаамашца, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашца воьзна хиллера и стаг.

2021-чу шеран гIуран-беттан 15-чохь Берлинера кхело бехке лерира Красиков стаг верна, велла дIаваллалц хан йаккха набахте хьажийра иза, хенал а хьалха араваккха бакъо а ца йуьтуш. И зулам вовшахтохарна жоьпалла Оьрсийчоьнна тIедиллира суьдхочо, "пачхьалкхан террор" йу бохура цо динарг.

Чиллан-беттан 26-чохь Певчих Марияс видео хIоттийра, цу тIехь хаамбира цо, чиллан-беттан 15-чохь суьйранна – Навальный кхалхале де хьалха – шега хаам кхаьчнера, политик Красиковца хийцарх дийцарш доьрзуш ду аьлла. ФБК-н куьйгалхочун дешнашца, и план кхочушйан гIо деш вара талламаш бен Грозев Христо, ткъа Путине цунах лаьцна дIатоьхна хиллера бизнесхочо Абрамович Романа.

КХИН А ХЬАЖА: "Цуьнан мостагIий багарбина вер вац". Кадыровн могушалла эшарх Нохчийчохь муха тIе ца дуьтура

Оцу йукъанна, дIахьедо Певчих Марияс, Оьрсийчоьнан президент "хьекъалх тилла", дийцарш цо кхетийна Красиков хьаьнцца а хийца Малхбузе "лаахь а, ца лаахь а кийча" йу аьлла, Навальныйца ца хийцахь а. Цундела, ФБК-на хетарехь, цо сацам тIеэцна шен коьрта политикан оппонент новкъараваккха.

Чиллан-беттан 17-чохь Навальный хийца тарло аьлла дийцира "Эхо" радион эфирехь публицисто Латынина Юлияс. Иза муьлхачу дийнахь хуьйцуш ву а аьллера цо: чиллан-бутт бовш, ткъа дийцаршкахь йукъарлонаш лелош йу аьалла хьахийра Iарбойн Цхьаьанатоьхна Эмираташ. Хууш ду, саудитийн векалшца уллора гергарло хилар Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан. Чиллан-беттан 18-чохь оцу кепара информаци зорбане йьаккхира немцойн Bild таблоидо а.

Билгале ду, 2023-чу шеран гезгамашин-баттахь Wall Street Journal хьасто Навальный хьахийна хилар Красиковца хийца тарлучу контекстехь.

Навальный кхалхале кIира хьалха президенто Путина америкахойн журналистана Карлсон Такерна йеллачу интервьюхь хьахийра киллер хийца тарлуш хиларх. Амма Навальныйца ца бохура, Оьрсийчохь лаьцначу The Wall Street Journal ресурсан корреспондентаца Гершкович Эванца бохура: "Ша патриот хиларе терра, Европера цхьахйолчу шахьарахь бандит вийна цо…Ша дина цо и, йа цхьаммо дайтина – и кхин хаттар ду", - хьийзош дийцира Путина.

Кремлан мацах дуьйна хилла Iалашо хIаллакйина Красиковс  

Красиков Оьрсийчу йухавар билгалоне ду Путинна. Карарчу хенахь уггар а гоьваьлла, лаккхарчу даржера агент ву иза малхбален набахтехь латтош волу, карладоккху Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь Къилбаседа Кавказехула аналитик волчу Чемберс Гарольда (киллер ФСБ-н белхахо хилла ца Iаш, ФСО-н а – Путинан а, кхеч лаккхарчу даржхойн а хадархо хила а тарло. – Билгалдаккхар).

"И гIуллакх кхочушдеш цIано ца йинехь а, цул тIаьхьа лаьцна хиллехь а, Кремлан мацах дуьйна хилла Iалашо хIаллакйина Красиковс", - билгалдоккху эксперто.

Хангошвили вер "нохчийн диссидентех уггар а эхь доцуш стаг вер ду" тIаьххьарчу шерашкахь бохура Чемберса.

"Баьццара серло" киллерна

"Навальный, дайн аьлча, дIоггара гоьваьлла вацара Оьрсийчуьра кегийчу къаьмнашлахь. Цуьнан коьрта электорат оьрсийн этносна йукъахь йара, - кхетадо Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь оппозицин блогеро Белокиев Ислама. – Бахьана - Алексейн империн, ксенофобин, националистийн къамелаш дара. Кхузара оьгIазло гIаьттинера нохчо вийначуьнца, маршонехьа къийсина нохчийн гIаттамхой террорхой а, экстремисташ а лоруш хилларг хийцар.

Къамелдечунна хетарехь, киллер дIавелча "баьццара серло" хир йара кхин дIа а нах байъа, и нах тешна хир бара, цхьа ши шо даьлча турпалхо санна шаьш даймахка дIахьовсор ду аьлла.

"Хинболчу киллершна дуккха а "болх" хир бара дозанал а дехьа, Кремлана хетарехь, цигахь бу дуккха а "йамартхой". Маршонан агIончашна а, Оьрсийчоьнан Iедалан "мостагIашна" а сигнал йу иза: уьш миччахь а карор бу, ткъа Малхбузе кийча йу муьлхха а стаг вийнарг хийца", - дагардира Белокиевс.

Маршонан агIончашна а, Оьрсийчоьнан Iедалан "мостагIашна" а сигнал йу иза: уьш миччахь а карор бу, ткъа Малхбузе кийча йу муьлхха а стаг вийнарг хийца

Нохчийн блогерна иштта хета, Навальный билггал хийца тарлора, хIунда аьлча, дозанал арахьа политико башха кхерамаш ца туьйсура Путинан рожана, оцу пачхьалкхехь волуш санна.

"Демократин гIирсашна Iаткъам бойла дара Навальныйн. Революцин ницкъ цунна тIаьхьахIоьттина бацара. Путинца шогачу ницкъаца къамел дан догIу. Малхбузен хIуьттаренна Навальный вийна хиларо а тоьшалла до цунна", - дерзийра Белокиев Ислама.

ДIасахийца аьтто боцуш диссинчу гIуллакхна критика йира иштта Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" нохчийн боламо а.

"Навальный Красиков дIасахийца дагахь хиларо эргIадбахийтина дуккхаъ нах, амма Европехь а, Туркойчохь а бехачу нохчашна, политикашна, блогершна ца лиира хIокху йукъа гIерта. Уьш кхетара: Навальный Оьрсийчоьнан оппозицина икона хилла ваьлла", - кхетийра Кавказ.Реалиин редакци "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.

Белокиевна а санна, спикерна хета, мел дукха мах белла а Красиков Вадим маьршаваккхар коьрта хиларх Кремльна, уггар а зуламе тIедахкарш а кхочушдан кхерам цахиларх "шайн колоди йуккъерчу боьхачу хIуманашна, диверсанташна, питанчашна" дIахоуьйтуш, сигнал йала.

"Путин шен кхетамашца вехаш стаг ву. Хилаза ца долу таIзар цахилар – коьрта бух бу цуьнан бехкзуламан къепехь. Уггар а сийдоцург – оцу доккхачу ловзарехь нохчий конвертаци йен гIирс бу", - дерзийра Сулеймановс.

ХIуъа а дина маьршаваккхар?

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкара Вашингтон Джорджан университетера кхайкхина валийначу Iилманан белхахочунна Ильясов Маратана хетарехь, Путин реза хир вацара оцу хийцарна: "Красиков вийнарг чIогIа веза ву къайлахчу сервисашна, амма Навальный мехала хиларца цунна дуьхьалхIоттавойла дац. Оьрсийчоьнан колонихь волчу хенахь цо мел дечунна тIехь терго латтайалора, и коьрта дара Путинна", - аьлла хета экспертана.

"Путин шен кхетамашца вехаш стаг ву. Хилаза ца долу таIзар цахилар – коьрта бух бу цуьнан бехкзуламан къепехь

Оцу кепара хийцамах нохчийн диаспоран реакцих дерг дуьйцучу Ильясовс дагадоуьйту: шен хенахь Навальныйс лелош хилла националистийн "Тоьар ду Кавказ йузон" лозунг.

"Оцу кепара бартбар нийса хир дацара: стенна хуьйцуш ву цхьа стаг, адам дийначу кхечу стагах? Оьрсийчоьнан либералан оппозици билггал демократин мехаллашкахьа йелахь, нийсонан, низаман некъ лаха безара, Берлинехь стаг вийначу Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн агентана дуьхьал хийца а ца гIерташ", - аьлла хета къамелдечунна.

ПIаьнказан чIожехь вехачу нохчийн журналисто, йукъаралхочо Бордзгор Сулхана хаамбира Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь, сюрприз хир йацара дIасахийцарх аьлла.

"Халахеташ делахь а, историхь дуккха а гина ду вайна маршонехьа болчу нохчийн гIаттамхойн хьокъехь лелийна харцонаш, йа бойъура уьш, йа Оьрсийчоьнан Iедалхошка дIалора политикан бахьанашца. Адамийн бакъонаш а, нийсо а тергал ца йечу кху модело дагахьбаллам буьту, кеп-кепарчу пачхьалкхашкахь нохчех Iитталун проблемаш билгалйоху",- элира спикеро.

Красиков Вадим немцойн набахтера маьршаваккха Путинна луучу, гуш доцчу бахьанашлахь Бордзгора хьахийра Оьрсичоьнан къайлаха сервисашна мотт тухуш, шега и зулам дайтинарш муьлш бу дийца киллеро тарлуш хилар а. Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIахьедо, шаьш зуламна гунахь дац бохуш.

"Политикан буха тIехь дуккха а нах бойъуш лелийначу зуламех Хангошвилин гIуллакх цхьаъ хила тарло, Оьрсийчоьнан куьйгалло вовшахтоьхначех, - дагадоуьйту йукъаралхочо. – Йоллу шен историхь Оьрсийчоьно гайтина нах байарна бехкеберш турпалхой а беш, уьш базбина меттигаш".

Оьрсийчоьнел арахьа бехачу Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикашна дукхаза кIелонаш йина меттигаш бу. Царех цхьадолу тIелетарш йукъахдаха аьтто ца хилира. 2017-чу шарахь Киевехь герз тоьхна йийра Окуева Амина. Цул тIаьхьа масех де даьлча Киевехь эккхийтира Гуьржийчоьнан вахархо, нохчех схьаваьлла Махаури Тимур. 2009-чу шарахь Венехь вийра Кадыровн хилла хадархо Исраилов Iумар. 2004-чу ушеран силлан-баттахь Катарехь эккхийтира Ичкерин президентан декхарш кхочушдеш хилла Яндарбиев Зеламха.

  • 2020-чу шеран гIуран-баттахь Германин бакъоларйаран органаша йукъахдаьккхира блогеран Абдурахманов Тумсон вешина дан лерина тIелатар. Кху шеран мангал-баттахь Мюнхенехь долийра оцу гIуллакхна тIехула довхаттар. ФРГ-н прокуратурин хаамашца, коьрта бехкевечунна – Нохчийчуьра Дадакаев Валидана - махкара ницкъахоша тIедиллинера Абдурахмановн ваша Мухьаммад вер. Талламна хетарехь, Дадакаевс А.Тамерлане дехар дина хиллера, блогеран ваша вехьара аьлла, ткъа вукхо Мухьаммаде дIадийцина хиллера ма-дарра.
  • Кадыровн политикан оппоненташ дукхазза хIаллакбира Туркойн-махкахь, Францихь, Австрихь, Гуьржийчохь, Германихь. Тептарехь бу - Эдильсултанов Гаджи, Джанибеков Ислам, 2008-чу шарахь вийна и шиъ, Асаев Iела (Муса) – 2009-чу шарахь, Мусаев Берг-Хьаж, Альтемиров Рустам, Амриев Заурбек – 2011-хь, Унлю Медет – 2013-чу шеран стигалкъекъа-баттахь, Эдильгериев Iабдулвахьид – 2015-чу шеран лахьан-баттахь, Исрапилов Руслан – 2016-чу шеран стигалкъекъа-баттахь.
  • Тоххара хаамбинера Красиков хийца Москван лаам хиларх – хийца тарлучу нахалахь дийцаршкахь цIе йаьккхира Гершковичан а, иштта шпионажалла лелийна аьлла Оьрсийчохь лаьцначу Уилан Полан а.