Оьрсийчохь Danone куьйгалла дечу Кадыровн йишин кIантана дуьхьал санкцеш йаьхна Британино

Закриев Якъуб а, Кадыров Рамзан а

Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно болийначу тIамаца доьзна санкцеш тоьхначу нахах а, организацех а долу шен тептар шордина Британино. Доккхачу декъана цу йукъа вахийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочун йишин кIант Закриев Якъуб (ИбрахIим). Стохка аьхка Закриевс куьйгалла дан долийра францхойн Оьрсийчуьра Danone концернан, цуьнан акцеш "ханна лело" Росимуществе дIайеллачул тIаьхьа.

Ишта санкцеш йаьхна Мосбиржина а, Халкъан клиринган центрна а, Къоман чоьташ лелочу депозитарийна а дуьхьал– оцу кепара барамаш кху деношкахь тIеийцира ишта Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а. Верриг а британхойн санкцийн тептаре вазвина ворхI стаг а, 35 компани а йу.

Danone – шурин сурсаташ а, кхинйолу йуург а арахоьцу францхойн гоьйаьлла компани йу. Дуьненара 140 сов пачхьалкхашкахь болх беш йу и. Оьрсийчу кхаьчнера Danone 1992-чу шарахь. Оьрсийчоь шуьйрачу тIамаца Украине чугIоьртинчул тIаьхьа дIахьедира компанино Оьрсийчуьра шайн болх берзош хиларх, инвестицин проекташ а совцош йу аьлла.

Францхойн Danone компанин дакъа Росимуществон урхалле луш указна куьгйаздира Путин Владимира стохка товбеца-беттан 16-чохь, аьлча а, йинарг националиаци йара, билгалдаьккхира аналитикаша. Цул тIаьхьа ши де даьлча дийца даьккхира Закриев цуьнан куьйгалхочун метта хIотторах.

Росимуществе Danone дакъош дIалуш ша бина сацам йухабаьккхира кху шеран зазадокху-беттан 13-чохь Путина. Бахьанаш ца дийцира. Юристаша и барам буьйзира бизнес йохка вогIуш волчу эцархочуьнца барт барца, иштта компанино дуьненайукъара инвестицин арбитраже иск йаларна кхерарца а.

КIира даьлча хаамийн гIирсаша йаздора, Danone компанин Оьрсийчуьра дакъа схьаоьцур ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун йишин кIанта Закриев Якъуба (ИбрахIима) а, Казанера шурин сурсаташ йухкучу "Вамин Татарстан" компанин куьйгалхочо Мингазов Минтимира а аьлла. Билгалдоккхура, мах бан лерина бу "Вамин Татарстан" компанина йукъайогIучу шина фирмехула - цу йукъара 1% акцеш Нохчийчоьнан йуьртбахаман хиллачу министран, 31 шо долчу Алисултанов Русланан йу.

Закриев Якъуб (ИбрахIим) – Нохчийчоьнан урхалхочун йоккхаха йолчу йишина Зулайн кIант ву. 2018-чу шарахь цуьнан 27 шо долуш Соьлжа-ГIалин мэр хIоттийра иза, пачхьалкхера гIаланашкара уггар а къона мэр хуьлуш. Оцу даржехь шина шарахь белахаш бина, 2020-чу шеран чиллан-баттахь Закриевна керла дарж делира –мехкан урхалхочун а, министрийн кабинетан а администрацин куьйгалхочун. Лахьан-баттахь вице-премьер а, Нохчийчуьра йуьртабахаман министр а вира цунах. Экономикан доьшийла чекхйаьккхина, МГУ-н пачхьалкахн аудитан Лакхара школехь дешна а ву Закриев.

Кадырова Зулай (Закриева) болх беш йу республикин куьйгалхочун гIуллакхаш луьстучу урхалхочун гIовс санна. Цуьнан хIусамда Закриев Салман 2008-чу шарера схьа дуьйна хийцаза латтош ву Нохчийчоьнан парламентан спикеран гIовс. Церан шолгIа кIант, Ясин, гIуран-баттахь республикера чоьтан палатин куьйгалле хIоттийра.

Стохка лахьан-баттера схьа дуьйна ЗакриевгIарна Салманна а, Якъубана а дуьхьал йаьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеш йу.

  • Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а, ишта лаккхарчу республикера даржхошна а дуьхьалйехира хьалхо санкцеш Украино, Евроберто, Японино, Керла Зеландино, я, Канадас а.
  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцеш дуьхьал йехира Кадыров Рамзанна а, цуьнан хIусамнанна Меднина а, Хазуева Фатимина а, иза шолгIа зуда лоруш йу. Ишта кхоалгIа зуда лоручу Ахмадова Амнатна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIаршна, вице-премьер йолчу Iайшатана а, Хадижатана а, Табарикна а, шичина Ибрагимов Турпал-Iелина а. Цул совнах санкцеш кхайкхийра "Фирдаус" модин цIенна а, и диллинарг йу Кадырова Iайшат. Стохка аьхка Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцеш йехира Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан президент йолчу Нохчийчоьнан урхалхочун нанна Кадырова Айманина дуьхьал а.
  • 2017-чу шеран гIуран-баттахь Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо санкцийн "Магнитскийн тептаре" ваьккхира. Урхалло цунна тIедиллира жоьпалла кхел йоцуш нах байарна а, гIело хьегийтарна а, дуьнено тIеэцначу адамийн бакъонашца доьзна кхиндолу низам талхон хIуманаш лелорна а.
  • Стигалкъекъа-баттахь махкара "къепе йохон гIортарна" Британи бехкейира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, пачхьалкхо "оцу гIуллакхана бIеннашкахь миллионаш долларш дойу" аьлла, тIе а тухуш. Шен къамелехь цо ишта хьахийна цхьана "масонан организацийн омранаш" а. Шен чIагIдаршна тоьшаллаш ца далийна Оьрсийчоьнан регионан куьйгалхочо, хIун бахьана долуш долйина къамел ду а – хууш дац.