Оьрсийчохь уггар а лахара алапаш ду ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а

Гайтаман сурт

Оьрсийчохь 2023-чу шеран дечкен-зазадокху а беттанашкахь йуккъера алапа официалехь хилла 52 эзар сом, оцу йукъанна Къилбаседа Кавкахан йоллу республикашкахь кхин а шозза лахара ду и – уггар а кегий алапаш хилар къаьстина ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а. Оцу кепара зераш далийна Росстато*.

Даим санна къаьсттина лакхара алапаш ду – Чукоткехь (126 эзар сом), Ямалехь (119 эзар), Ненецкан автономин гонашкхаь (101 эзар).

Кху шеран хьалхарчу кварталехь ГIалгIайчохь йуккъера алапа хилла 26 эзар сом – пачхьалкхехь а гIад дайна гайтам бу иза. Оцу йукъанна 2022-чу шеран дечкен-зазадокху а беттанашкахь ГIалгIайчоь кхозлагIчу меттигехь йара, хIетахь ледара хьал дара ГIебарта-Балкхаройчохь а, Дагестанехь а. Карарчу хенахь ГIебарта-Балкхаройчохь йуккъера алапа ду 26 эазар сом, Дагестанехь – 27 эзар сов. ГIалгIайчоьнна тIаьхьа йу республикаш рейтингехь.

Царна тIаьхьа йогIу Кхарачой-Чергазийчоь (24 эазр сом), Нохчийчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а (28 эзар сом).

Билгале ду, къилбан а, Къилбаседа Кавказан а массо регионашкахь йуккъера алапа йоллу Оьрсийчохьчул а лахара хилар. Къаьсттина царна герга йу Краснодаран кIошт, цигахь кху шарахь алапа 38,5 эзар сом дара.

*Талламо довзуьйту аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а хьал, йукъа ца эцна оккупаци йинчу Украинан Запорожьен, Херсонан а кIошташкара а, иштта сепаратистийн "ДНР", "ЛНР" олучу меттигашкара хьал а.

  • 2022-чу шарахь Оьрсийчохь динчу социал-экономикин зерашца Къилбаседа Кавказера йиъ республика эшначу иттанна йуккъехь нисйелла. Билгалйаьхначу регионашкара хьал хьалхарчу шарахь хилчул гIоле а ца карийна.
  • Росстато зорбане дехира 2022-чу шарахь уггар а къоьллехь бохкучу нахах терахьаш. ГIад дайна хьал дара оцу гайтамца ГIалгIайчохь – бахархойх кхозлагIа дакха ду къоьлла ловш. СКФО-н кхечу регионашкахь а кхин тоьлла хьал дац. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа дийцира, Къилбаседа Кавказан мехкашкахь лаьттачу къоьллех лаьцна шайна хуург а, билггал долу хьал официалан статистикашкахь стенна ца готйу а.
  • Къилбаседа Кавказан бахархоша эцначу кредитийн боллу барам бара 2023-чу шеран оханан-баттахь 828 миллиард сом – иза 2010-чу шарера схьа дуьйна уггар а лакхара гайтам бу, хаамбо Коьртачу банкана тIетевжина урхаллашна йукъара информацин- статистикан системо. Банкашна хьалха декхар цIеххьана алсамдалар билгалдаьлла гонийн къаьстина цхьаэцначу субъекташкахь а.
  • Оьрсийчохь болчу йуккъера барамал а лакхара алапаш оьцучу пачхьалкхан регионийн рейтингехь аутсайдер йаьлла Нохчийчоь. Рейтинган чакхенехь нисйелла йоллу Къилбаседа Кавказан республикаш. РИА "Рейтинган" аналитикийн лараршца, тIаьххьарчу 12 баттахь Оьрсийчохь йуккъера алапа дара 52 эзар сом. Оццул ахча оьцу официалехь 31 процент болх бечу бахархоша.