Оьрсийчохь уггар а лахара пенсеш оьцу Къилбаседа Кавказан мехкашкахь

Гайтаман сурт

Дагестанера а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а, ГIалгIайчуьра а, Кхарачой-Чергазийчуьра а пенсхоша уггар а лахара пенсеш оьцу йоллу Оьрсийчохь. Пенсин, страхованин Фондан официалан хаамашкахь ду иштта йаздина.

Гезгамашин-беттан 1-чохь Оьрсийчохь оьцучу пенсин йуккъера барам бу 1,5 эзар сом ,e. Уггар лакхара пенсеш кхачадо пачхьалкхехь Чукоткера пенсхошна (31 эзар), Ненецкан автономин гонашкахь (29 эзар), Камчаткехь (28), уггар а лахара – Къилбаседа Кавказехь.

Дагестанехь гезгамашин-баттахь пенсин йуккъера барам схьаэцча – 14,4 эзар сом le, ГIебарта-Балкхаройчохь – 14,8 эзар, ГIалгIайчохь – 15,4 эзар, Кхарачой-Чергазийчохь – 16 эзар Кхин дIа аутсайдерийн декъехь нисйелла ГIалмакхойчоь (16,5 эзар), Къилбаседа ХIирийчоь (16,6 эзар), Нохчийчоь (16,8 эзар).

Йуккъерчу барамал а лахара песнеш оьцу Адыгейхь (16,9), Ставрополь-махкахь а, Ростовн кIоштахь а (17 эзар), Краснодар-махкахь (18,1), Волгоградан кIоштахь (18,5).

Оцу йукъанна официалехь белхаш бечу пенсхойн алапаш регионехула йуккъерчу барамал а лахара ду – Дагестанехь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Къилбаседа ХIирийчохь 12 эзар сом ду, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIалгIайчохь а, Адыгейхь а – 13 эзар сом.

  • 2023-гIа шо долалуш ГIалгIайчуьра Iедалхоша меттигерчу бахархойн пенсеш сецорах кхетийра "кехаташ чуделлачех хаамаш электронехь нийсса чуйазбина цахиларца". Цунах лаьцна мехкан урхалхочуьнца Калиматов Махьмуд-Iелица хиллачу цхьанакхетарехь дIахьедира Оьрсийчоьнан Пенсхойн фондан регионалан декъан куьйгалхочо Евлоев Зубейрас.
  • 2022-чу шеран жамIашца хене бовла хIоттийначу барамал а лахара пенси оьцучу регионашлахь нисйелира Краснодараран, Ростовн кIошташ, Дагестан, аьлла ду Оьрсийчоьнан Пенсин фондан статистикехь.
  • Алапийн тIегIанехула 2023-чу шеран йалх баттахь Оьрсийчоьнан къилбара республикаша тIаьххьара меттигаш дIалийцира, и жамIаш довзийтина РИА "Новости" агенталло. 95-чу меттехь –Черкесск, кхузахь 40,3 эзар сом оьцу, жимма ледара хьал ду Соьлжа-ГIалахь, иза 96-чу меттехь йу 40 эзар соьмаца. 97-чу меттигехь йу Адыгейн шахьар Майкоп (39,6 эзар сом), 98-гIа меттиг дIалоцу Нальчико (38,1 эзар сом), 99-гIа меттигехь – БуьритIе (38 эзар сом), тIаьххьарчу 100-чу меттехь – Элиста (37,9 эзар сом).
  • Доза доцчу къоьллехь бохкучу нахах хаамаш зорбане баьхнера 2022-чу шарахь Росстато. Пачхьалкхехь уггар гIад дайна хьал оцу гайтамца ГIалгIайчохь ду – кхузахь бахархойн кхоалгIа дакъа таро йоцуш ду. СКФО-н кхечу регионашкахь хьал кхин тоделла дац. Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа дийцира, Къилбаседа Кавказера мехкашкахь къоьллин тIегIанехъ кхин а хууш долчух а, официалан статистико билггал долу хьал ца гойтуш хила хIунда тарло а.