WhatsApp мессенджер дIайаккха там бу Оьрсийчохь, нагахь санна, пачхьалкхан бахархошна каналаш кхолла цо аьтто баккхахь. Уггар хьалха цунах лаьцна йаздина Оьрсийчоьнан парламентехь "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах депутат волчу Горелкин Антона.
Горелкина бахарехь, хьалхо Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIа ца йоккхура WhatsApp, хIунда аьлча, блок тоьхначу Фейсбукан а, Инстаграман а санна, "социалан маша" аьлла функци цуьнан цахиларна. Уьш а йу Iедалхоша "экстремистийн" лоручу Meta компанин долахь.
Горелкина кхетийна, Meta компанина тIехь жоьпалла хиларх нахана йукъахь йаржочу информацих, амма шина адамо вовшашца, йа тобанашкахь дечу къамелашна Iаткъам бойла дац цо.
ХIинца 150 пачхьалкхера бахархошна таро йала дагахь йу WhatsApp каналаш дан а, ткъа оцу йозанийн тергойойла хир ду. Мессенджеро Оьрсийчохь а магайахь, "Оьрсийчоьнан бахархойн информацин кхерамзалла кхерамна кIел нисло", дIахьедина Федерацин Кхеташонан декъашхочо Бондарев Виктора.
Оцу йукъанна Бондаревс билгалдаьккхина, каналаш кхолла таро хIинццалц "Оьрсийчоьнан информацин майданахь доттагIалехь йолчу" Телеграман бен йацара
Иштта WhatsApp мессенджерна блок тохарна реза хилла "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин депутат Хинштейн Андрей а. ТIаьхьо Роскомнадзорехь хаамбира, мессенджер шаьш дIакъовлур йу, нагахь санна, "йихкина информаци" цара йаржош хилахь.
- БIеннашкахь эзарнаш сайташ дIакъевлина Оьрсийчохь шуьйрачу барамехь Украинехь тIом болийчхьана, йу царлахь фейсбук, инстаграм, твиттер социалан машанаш а, иштта бозуш боцчу хаамийн гIирсийн сайташ а, шайлахь Маршо Радио а йолуш. Тоьхна блок йоллушехь бахархоша пайдаоьцу VPN- сервисех, амма уьш а дIакъуьйлу Оьрсийчоьнан Iедалша.