Оьрсийчоь йохар Къилбаседа Кавказера дIадолалур ду, аьлла Гуьржийчоьнан экс-президенто Саакашвилис

Киевера Маршонан майданахь къамел деш ву Саакашвили Михаил, 2013 шо, дечкен-беттан 7-гIа де

Гуьржийчоьнан хиллачу президенто Саакашвили Михаила дIахьедар дина, Украинера тIом дIабаьлча, Оьрсийчоь "кегийчу дакъошца атайелла" йухур йу, иза Къилбаседа Кавказера дIа а долалур ду аьлла. Цу дIахьедарца шен йозанца интервью йелира цо "Дроеба" авторан программин журналистана Таргамадзе Георгийна. Интервью арайелира стигалкъекъа-беттан 28-хь сарахь "Формула" телекомпанин эфирехь. Гуьржийчоьнан экс-президент йалх шо хан токхуш, чохь воллуш ву. Цунна бехке диллинарг шен даржан бакъонел сов вийлар ду.

Саакашвилис дийцарехь, Къилбаседа Кавказ Оьрсийчуьра арайаларо Гуьржийчоьнна "Абхази йухайерзош" аьтто бийр бу. Амма хIуттур бу цу хьолехь рецидив "лекианоба" хиларна кхерам - Гуьржийчохь иштта олуш хилла Къилбаседа Кавказерчу ламанхоша гуьржийн латтанашна XVIII бIешеран шоллагIчу декъехь беш хиллачу тIелатамех. "Лекианоба" ца хилийта, Гуьржийчоьно Украиница, Евробертаца барт бан беза, аьлла хета пачхьалкхан хиллачу куьйгалхочунна.

Цу къамелехь Саакашвили Михаила дIахьедира, Оьрсийчоьнан Федераци йохийта ша дуккха къахьегна аьлла - оьрсийн маттахь "Первый Кавказский" цIе тиллина йоллучу Къилбаседа Кавказехь гуш хилла телеканал йаран масала далийра цо. И канал Москван политика йемалйан йукъайаьккхина йара. Цул совнах, экс-президенто элира, 2011-чу шарахь Оьрсийчоьнан махкахошна визанаш йукъайахар а цу Iалашонна тIедоьгIна дара аьлла.

"Виза йоцуш пачхьалкхе оха битинарш кIезга нах бара. Иза а лерринчу урхаллийн Iуналлица. Ткъа хIинца хуьлушдерг хIун ду, - йеккъа цхьа катастрофа",- билгалдаьккхира Саакашвилис. Оьрсийчоь боккхачу тIамца Украине чуйахчхьана, эзарнашкахь Гуьржеха дIататтабелла Оьрсийчуьра махкахой бара цо буьйцурш.

Украина цу тIамехь тулург хиларах шеко йац Саакашвилин. Иштта цунна хета, "украинхойн-гуьржийн доза Сочи гIала йолччухула хир ду" аьлла.

  • Гуьржийчоьнан президент Саакашвили Михаил лаьттира 2004-2013-чу шерашкахь. 2015-2016-чу шерашкахь Тбилисерчу кхело чохь йаккха хан туьйхира цунна. Бехктакхаман гIуллакхан шина эпизодехь, шен даржан таронел лакхавала хьажар, белхан таронаш харцонца лелор. Кхелашкахь лаьтташ ду кхин а кхо гIуллакх. Таронел лакха кховдар, ахчанаш дайъар, 2021 -чу шарахь гезгмашин-беттан 28-хь пачхьалкхан доза низамза хадор. Хилла президент къайлах шуьра сурсаташ лелочу машенаца Украинера даймахка вар ду дуьйцуш дерг.
  • 2021-чу шеран гIадужу-беттан 1-хь Тбилисерчу конспирацин петарехь дIалецира Саакашвили Михаил. Стохкалерчу стигалкъекъа-баттахь дуьйна Тбилисерчу тоьллачу "Вивамеди" клиникехь могушалла тайеш дарбанаш лелош ву иза, эндокринологин, неврологин, психиатрин цамгарех хьалхавалархьама.
  • Лаккхарчу Радехь сацам бина, Нохчийчоь Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупаци йина хилар бакъ деш, "нохчийн къомана йина геноцид" йемалйеш. Цу сацамна кхаж тесна гуламерчу мел волчу 287 депутато. Бинчу сацаман авторех цхьаъ Гончаренко вара.
  • ГIадужу-беттан чакхенгахь Iойрат-гIалмакхойн къомо тIеийцира "ГIалмакхойн республикин маршо" цIе йолу деклараци. Украинехь тIом болабелчхьана, Оьрсийчоьнан федерацерчу къаьмнийн субъекташа дуьххьара беш бац и тайпа маршонан кхайкхамаш: Варшавехь, Прагехь, Гданьскехь дIайаьхьира "Оьрсийчоьнан маьршачу къаьмнийн форумаш". Ткъа Киевехь цхьаьнахийтира "Кремлан рожо гIело латточу" этносийн векалаш.
  • Дечкен-беттан 7-хь Стамбулехь дIабаьхьира ГIалгIайчоьнан маршонан агIончийн гулам. Цу гуламехь дIахьедира, ГIалгIайчоь йозуш цахиларан Комитет вовшахтохарах. Комитетан Iалашонаш йу - маршонехьа йолчу ойланехь гIалгIайн къоман бартбар, культура а, дин а лардар, маьрша ГIалгIайчоь йаран бух кечбар, "гIалгIай лебар, къомана рогIера гIело йар кхин тIе цадитар".