Нохчийн диаспорин векалш а, бакъонашларйархой а тIе ца битина Австрин Линц гIалара дарбан цIийнехь латточу 40 шо долчу Нохчийчуьра вахархочунна Мусиханов Жабраилна. ЦIе ца йоккху цамгар токхуш ву иза, амма террорхойн "Исламан пачхьалкх" боламца воьзна ву аьллачу шеконашца, Оьрсийчоьнан дехарца дIавала тарлуш ву.
Мусиханов Австрерчу Линц гӀаларчу дарбан цӀийнан реанимацехь ву, ткъа оцу йукъанна цунна ха деш а ду. Кху деношкахь иза волчу баха гӀоьртира диаспорин векалш Дунаева Роза а, Хациев Зиявди а. Йуьхьанца дарбан цӀийнан белхахошна и цIе йолу стаг карош вацара, цул тIаьхьа цара кхетийра, цунна нах тIебуьтуш цахиларх, дийцира Кавказ.Реалии сайтана "Дуьненан зударий лаьтта тӀера машарехьа" цӀе йолчу бакъонашларъйаран организацин куьйгалхочо Газиева Фатимас.
"Жабраилан гергарчара дуьйцу, дукха хенахь дуьйна лейкеми йолуш иза хиларх, Туркойчохь а цхьана цо дарба лелорах а. ХIетте а Оьрсийчоьнан ницкъахоша дIахьедо, Шемахь тIом бина, террорхо ву бохуш. Ма-дарра дийцича, вуно чIогIа цомгаш ву иза. Шена дарба цахиларх кхеттачул тIаьхьа Австри йухавеанера иза, политикан тховкIело а йоьхуш", - чIагIдо къамелдечо.
Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн цхьа артикл ю – терроризм, нагахь санна, нохчо Туркойчохь доьзалан гӀуллакхашца, йа цигахь дарба лелийна иза велахь, бехкево терроризмана, бохуш кхин дӀа а дуьйцу цо. Бакъонашларъярхочун дешнашца, диаспорин векалш Австрерчу ницкъаллин структурийн белхахошка бевллера, дарбан цӀийнехь Нохчийчуьра схьаваьллачу стагана тIехIитта бакъо йелла царна. Гергарчу хенахь иза волчу баха лерина бу уьш. Хьалхо адвокат а цхьанакхийтира дархочуьнца.
Гезгамашин-баттахь бакъонашларъяран "Вайфонд" организацино Австрин Ӏедалшка дехар дира, Мусиханов Оьрсийчоьне дIа ма лахьара аьлла. Мусихановн могашаллин хьал тидаме эцча, цунна экстрадици йар вуьйш кхел йарца цхьаьнадогӀуш ду, элира хӀетахь организацино.
- Бакъоларйаран Amnesty International организацино 2024-гӀа шо долалуш Европан пачхьалкхийн Iедалхошка кхайкхамбира, Къилбаседа Кавказера тховкIело йоьху мухIажарш Оьрсийчу дIахьийсо мегар дац, хIунда аьлча, царна кхерам лаьтта Iазапаш хьега а, бертаза Украинана дуьхьал бечу тIаме хьийсон а.
- 200 эзар сов нохчий беха Европерчу пачхьалкхашкахь - уггар йаккхийчех диаспораш йу Францехь а, Германехь а, Австрехь а. Европел арахьа диаспора йу Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь, Канадехь, Гергарчу Малхбалехь, кхечу пачхьалкхашкахь а.
- Венехь ша шена тоьхна велира 40 шо долу Дагестанера схьаваьлла стаг, Оьрсийчу ша дӀахьажон масех сахьт дисинчу хенахь динера цо и. Террорхойн "Вилаят Хорасан" тобанца воьзна ву, католикийн килсашна тIелетарш кечдеш хилла аьлла, шеконаш кхоллайеллера цунах Австрин Iедалхойн. Дукха хьолахь стаг иза схьаваьллачу пачхьалкхе дIалуш сацамаш тIеоьцу динан радикалашца уьйраш йу аьллачу шеконашца, билгалдоккху тхан редакцица къамелаш дечу бакъоларйархоша а, жигархоша а.