Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал бен тIом бакъбо 39%, Нохчийчуьра хIора пхеа вахархочунна йукъара шиъ нисло и. Оцу йукъанна нагахь санна президента Путин Владимира Орсийчоьнан эскарш Украинера арадаха сацам бахь, цунна тIетовр вара 71 процент бахархой, махкара хIора итт вахархочух ворхI хуьлу уьш. Ишта хьесапаш дина гезгамашин-баттахь "Хроника", ExtremeScan проекташкара социологаша бинчу хаттамехь.
Иштта Нохчийчохь, талламо чулаьцначу 10 регионах эскарш арадахарна дуьхьал болчу нехан уггар а кӀезиг терахь билгалдаьккхина – 11% ду и, вуьшта аьлча, хIора иссолгIа вахархо.
Дагестанехь 51% респонденташ гӀортор йеш бу Украинехь тӀом барна, амма 54% реха хир вара эскарш махкара арадахарна.
Талламна юкъайахначу регионех уггаре а "милитаристийн" хьежамаш болуш бу Белгородан а, Краснодаран а кӀоштийн бахархой. Цу кепара, Кубанехь 62% респонденташа гӀортор йира тӀамна, ткъа 39% реза хир бара эскарш арадахарна.
Доккхачу декъана махкахь эскарш арадахарна гӀортор йо ала мегар ду ах респонденташа – иза 49% ду, стохка чиллан-баттахь дуьйна уггаре а лакхара терахь ду иза. Цу тайпачу сацамна дуьхьал берш хаъал кӀезиг бу – 33%, вуьшта аьлча, хаттамехь дакъалаьцначех кхоалгӀа дакъа бен дац.
Телефонехула таллам бина гIадужу-баттахь, верриг а цу йукъахь дакъалаьцнарг ву мехкан 10 регионера 5500 стаг, шайна юкъахь Нохчийчоь а, Дагестан а, Краснодаран мохк а болуш, йаздо "Холод" гIирсо. ХӀора регионна лерина талламийн барам бара - 500 стаге хеттарш дар. Зорбанехь чӀагӀдо, цензуран а, репрессийн а хьелашкахь юкъараллин талламийн жамӀех буьззинчу барамехь теша йиш йац, амма цара аьтто бо юкъараллехь синхаамийн динамикана тIехь терго латтон.
- Юкъараллана хетарг толлуш, Russian Field тобано бинчу хаттамца Къилбаседа Кавказан федералан гонаш (СКФО) – ша цхьаъ ю, Украинерчу тIамехьа эханне ца кхоччуш бахархой болу. Респонденташка хьаттира: "Шайн ницкъ хилча, операци юхайоккхур йарий аш?". Оцу хаттарна Къилбаседа Кавказера 41% "хIан-хIа" аьлла, жоп делла. СКФО-хь а, Сибирехь а уггар лакхара респондентийн дакъа ду – 31% - лаьара тIом йухабаккха.