"Оьрсийчоьнан Iазапера бовла": Къилбаседа Кавказ а, деколонизацихула украинхойн комисси а

Украинан Лакхара рада, гайтаман сурт

Марсхьокху-бутт бовш Украинан Лакхарчу радехь ханна керла комисси кхолларх дIахьедира. ЧIагIдарехь, кегийчу къаьмнашна "Оьрсийчоьнан Iазапах" бевлла, Оьрсийчоь йохош гIо дийр ду цара. Кавказ.Реалиин сайто къастийра эксперташца, йуьйцу проект кхочушхир йуй а, регионашкахь цунна тIетовр а буй а толлуш.

Халкъан 11 депутатах лаьтташ хир йу Радин керла комисси. Цуьнан коьрте хIоттийна "Аз" партин векал Юрчишин Ярослав. Адвокацин а, антикоррупцин а дакъошкахула эксперт ву иза, Transparency International Ukraine организацин хилла директор а. Цо бахарехь, комиссин Iалашо йу – "Оьрсийчоьнан декъехь долчу лолле дерзийначу халкъашца" болхбар.

"Оьрсийчоьнан Iазапехь латточу латтанан къаьмнийн эшон аьтто цахиллачу векалшца" уьйраш таса дагахь бу инициативан авторш. Белхан шолгIа хаттар – дуьненайукъара дара. Депутаташ лерина бу "контролехь латтор долу" Оьрсийчоь йохон идей хиларх дIахаийта.

"Дуьне маьршадер ду, цуьнан карти тIера воккха террорхо дIаваьлча", - дIахьедина комиссин куьйгалхочо Юрчишина. Кавказ.Реалии сайто комментарий йехнера цуьнгара. Материал зорбане йоккхучу заманчохь жоп кхачанза дара цуьнгара.

Инициативана тIетайна иштта Лакхарчу радин кхинболу депутаташ а. Масала, комиссих лаьцна дукха реза волуш вистхилира "Европан цхьаалла" парти йукъара Гончаренко Алексей. Оьрсийчохь жигара дийцарш дан тарло аьлла хета цунна Радин депутатийн сацамо.

Сепаратизман идейш Оьрсийчохь гоьйевлла йац?

"Пачхьалкх йохоран" кхерам уггар а коьртачех бу оьрсийн, чоьхьарчу аудиторина леринчу пропагандин тезисех. Делахь а къаьмнийн республикаш дIакъастарх хеттарш дийцаредар Оьрсийчохь Украинан леларшца ца дузура. Территориалан дийна хилар дохор Путин Владимир президент волчуьра дIа а волуш, хила ма-йезза тIаьхьалонца хир долуш ду, чIагIдо пропагандо.

Иштачу барамаша Оьрсийчоьнан бахархоша гойту, цаьрца вон хилар

Украинехь комисси кхолларх лаьцначу хаамна Кремлехь комментарий йина йац. Реакци йа цина Къилбаседа Кавказан а, йа кхечу къаьмнийн республикийн хьаькамаша а. Информаци зорбане йаьккхина шайн агIонашкахь украинхошкахьа йолчу телеграм-каналаша: масала, Киевехь вехачу оьрсийн политикца Пономарев Игорьца йоьзначу "Утро Дагестана" телеграм-канало. Делахь а, шуьйрра цу инициативех лаьцна Оьрсийчоьнан информационан майданахь дийцина дац.

Башха йаьржина йац Оьрсийчохь "йохоран" а, сепаратизман а идейш, ткъа уьш йаржочех маргиналаш хуьлу, дIахьедира Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь политолого Кынев Александра.

"ХIара [Радин] инициатива йукъайаьккхинчарна тIех сов креативе хеташ хир йу, амма билггал аьлча, оцу доллучо а хаза нехан санна зен до, - аьлла хета Кыневна. – Нахана вевзачу Оьрсийчуьра спикерна хIокху тайпачу хIуманах хьакхавалар политикан карьера йерзар ду. Социологино гойтуш ду, пачхьалкхан цхьаалла цигарчу бахархошна тоъал коьрта йу. Оцу кепарчу идейшца къамелаш дар – Оьрсийчуьра бахархошна гергахь ша шена дискредитаци йар санна ду".

ХIара хьал къамелдечо дузу Балтин пачхьалкхийн агIонгара Оьрсийчоьнан бахархошна визанан банца: "ТIеман конфликт йерзон сацам герга ца балийна кхо. Мелхо а, оцу барамаша Оьрсийчуьра рожана консолидаци йо, хIунда аьлча, цо гойту Оьрсийчоьнан бахархошца уьш вон хилар".

КХИН А ХЬАЖА: Импери йохар? Оьрсийчоьно Нохчийоьнна оккупаци яр къобал стенна дина Украино

Шайн лаамалла йа цхьааалла йохор

Бинчу хаттамца а догIуш, Оьрсийчоьнан бахархой баккъал а негативе хьоьжу сепаратизме. 2017-чу шарахь ВЦИОМо "Шайн лаамаллина бакъо VS территориалан суверентитетан принцип" аьлла, хаттам дIабаьхьира. Цуьнца а догIуш, хеттарш динчех 73% тIе ца тайра йаккхийчу пачхьалкхех кегийнаш йан. Оцу йукъанна 77 проценто къобалйира хIора а регионан бахархойн референдумехула дIакъаста лаар дIакхайкхон номиналан бакъо.

Ала тарло, Оьрсийчоьнан бахархой реза бу сепаратистийн дIакъастарна, пачхьалкхаш йекъарна дуьхьал белахь а. Карарчу заманчохь ВЦИОМан сайтера хаттам дIабаьккхина бу, хIетахь дуьйна социологин центро хьахийна йац дIакъастаран теманаш.

"Халкъан цхьааллина" леринчу ВЦИОМан кхин хаттам бу гайтаме. 2022-чу шарахь хеттарш динчув 56 проценто жоп делира, Оьрсийчохь халкъан цхьаалла йу аьлла. Оцу йукъанна 2021-чу шарахь оцу идейца резахилира 31 процент респонденташ.

Пачхьалкхал а арахьа бехачу къаьмнийн диаспорийн цхьаболчу декъашхоша Лакхарчу радин идей реза болуш тIеийцира. Масала, нохчийн бакъоларйархочо, деколониалан боламан агIончас Янгулбаев Абубакара Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, инициативан гуш долу бахьана – къаьмнаш политикехь маьрша хилар, иштта Кавказехь а.

"Практикица хIун хир ду, цкъачунна къаьстина дац. Нохчийн диаспора а, украинхойн политикаш а вовшашца боьзна бу. Гаттийн специализаци йолу агIонаш сих ца луш, къестамаш а беш, дIалеца йеза. Оьрсийчоьнан пропагандица беккъа къийсам латторах гIуллакх ца хуьлу", - аьлла хета Янгулбаевна.

Репрессийн механизм

Бакъоларйархочо билгалдаьккхира, цхьаболчу украинхойн политикашца ша а зIенаш латтош хилар. Делахь а, Лакхарчу радера керлачу комиссин векалш цуьнца цкъачунна зIене бевлла бац. Янгулбаев дуьхьал хилира Нохчийчоьнан республики чохь болчу боламах лаьцна дийца, "массарна а гуш, хезаш дIахьедарш дар – айсберган лакхе бен йац" аьлла.

Лакхарчу радин инициативин хьокъехь мел а скептике позици дIалецира украинхойн политолого Савва Михаила.

Муьлхха а шайн йоцу ойла, цу тIе сепаратизмехьа хьажийнарг муххале а, тIехчIогIачу шогаллица йойуш йу

"Оцу кепара комисси кхоллар – тIом бечу, шен мостагI малван гIертачу Украинан пачхьалкхан санна бакъо йу. Кхин ду – оцу комиссин пайден хилар. Таханалерачу хьолехь дозанал арахьа берш Оьрсийчуьрчу политикана Iаткъам бан гIерта а тарло, амма цунна кIорггера бина кечам хила беза", - аьлла хета Саввина.

Эксперто дагадаийтира, Оьрсийчохь сепаратизмехьа кхайкхамаш бинчунна тIе бехкзуламан жоьпалла дожадо – оцу тIехула цу агIор Оьрсийчохь бан безачу жигархойн, политикийн балхана доза туху.

"Репрессийн механизм йу болх беш Оьрсийчохь. Муьлхха а шайн йоцу ойла, цу тIе сепаратизмехьа хьажийнарг муххале а, тIехчIогIачу шогаллица йойуш йу. Комиссин балхо Къилбаседа Кавказера хьолана цхьана агIор Iаткъам бийр бу аьлла, тешна Iойла дац тахана хIоьттинчу хьолехь", - кхин дIа дийцира Саввас.

Оцу йукъанна эксперто билгалдаьккхира, Нохчийчохь сепаратизман шайн истори хилар, тIехула тIе кхузаманахь а, цо мел а кхиамаш а баьхна аьлла. Делахь а, бохура цо, керлачу хьелашкахь оцу зеделлачо кхиам бохьур бу бохуш, тешна Iойла дац.

"Сепаратизм кхион Оьрсийчохь таронаш йу, Къилбаседа Кавказехь мел а дуккха а йу, амма сепаратизман кхиам билгалбоккхур болу коьрта фактор йу – федералан центр малйар. Оьрсийчоь эшарна а, Путин дIавахарна а, Оьрсийчоь йохарна а йукъахь нийсаллин барам бац – бифуркацин тIадамера таронех цхьаъ йу иза (системин белхан режим хийцар. –Редакцин билгалдаккхар.)", - дерзийра Саввас.

  • Марсхьокху-беттан йуьххьехь Нохчийчоьнан Ичкерия республикин а, Чергазин а, ГIалгIайчоьнан а, ГIалмакхойчоьнан а, Кубанан а, НогIийн аренгара къаьмнийн боламийн жигархой а ворхIолгIачу "ПостОьрсийчоьнан къаьмнийн Форуман" декъашхой хилира. Токиохь дIайаьхьира иза.
  • Оьрсийчоь шуйрачу тIамца Украинана тIелеттачул тIаьхьа 2022-чу шарахь шайн маршо къовса Iалашо хиларх дIахьедира Къилбаседа Кавказан масех республикийн векалша. И процесс йолон дагатесира Киево, Украинан Лакхарчу радехь депутато Гончаренко Алексейс фракцешна йукъахь "Маьршачу Кавказехьа" тоба кхоьллича. Документаца хоьттинчу кехата тIехь дIахьедо, Нохчийчоь СССР-на юкъара 1991-чу шарахь арайаьлла хиларх, Ичкерия аьлла, ша йозуш цахилар дIа а кхайкхош. Иштта чIагIдо, ООН-н принипашца, цхьа бакъо йолуш а, халкъийн шайн харжам бан а йиш йоллушехь, Оьрсийчоьно дуьхьало латтайора цунна аьлла.