"Оьрсийчоьнан империн чакхенан юьхь". Закаев Ахьмад -Украинерчу тIамах льцна

Закаев Ахьмад

Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада дIахьедира, Чиллан-беттан 24-чохь Украинана тIелеттачу Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал тIом бан Европехь беха нохчий кийча хиларх. Цо бахарехь, дуккха а Европера нохчий зIене буьйлу цуьнца. Ичкерин Украинаца бертан куьйгаш яздина, лаам болчех тобанаш вовшахтоха ша кийча ву аьлла, билгалдаьккхина политико.

"И процедура оьшуш ю, Женеван конвенцино шен лаамернаш Iалашбина хилийтархьама. Украинхойн къоман бакъонан тIамехь тхайн дакъа хилийта дог реза ду тхо" – билгалдьаккхина Закаевс.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь Закаев Ахьмада дийцира, Украине чугIортарх шена хетачух а, массо а вонна Америка бехке стенна йо Оьрсийчоьно, нохчийн диаспоран векалийн оьрсийн агрессих украинхой Iалашбан гIортарх а.

– Ахьмад, нохчийн юкъараллехь тIех жигара дийца даьккхина Украинана тIелатарх. Цхьаболчара чIагIдо "и вайн тIом бац", вукхара – "лартIахь волу стаг гIур вац Украине Оьрсийчоьнан интересашкахьа тIом бан" бохуш. Хьенан бу хIара тIом?

– Уггар хьалха вай къастон еза позици - тIом оьшу йа ца оьшу. ТIом цкъа а цхьанна а оьшуш бац. Нохчийн стенца хьашто хила еза аьлча, украинхоша толам баккхарца. Кхечу агIор дан а дац, йа хуьлийла а дац. Тахана Путинах а, Кадыровх а боьзна боцу нохчий, украинхойн халкъехьа бу, царна тIехIоьттина хир а бу, со тешна ву, украинхойн могIаршкахь оьрсийн агрессоршна дуьхьало латтор ю аьлла, хуьлуш ма- хиллара.

Оьрсийчоьнан дакъошкахь нохчий хилар бакъду, ишта дац бохийла дац. Амма цигахь беккъа цхьа нохчий хилла ца Iа. ГIалгIай, гIезалой, дагестанхой – Оьрсийчохь дехачу массо а къаьмнийн векалш бу. Ницкъаллин структурашкахь гIуллакх деш бу уьш. Украинхойн къомана дуьхьал тIом бен нохчий санна, уьш билгал бохийла дац. Нохчийн республика Ичкери ерриг а Оьрсийчоьнан оккупацина бухайохуьйтуш, дакъалаьцна ницкъахой бу уьш. Царна бен-башха дац, хуьлийла иза нохчо, украинхо, гIезало, йа кхин милла а, царна омра до, и кхочушдан арабовлу уьш. Нохчий бу аьлла, царна идентификаци йойла дац.

Тахана Оьрсийчоьно Украинан дозана тIехь лелориг тIеман зулам ду

ХIаъ, со Iаламат реза вац, зорбанан гIирсашкахь тахана Кадыровс "Путинан пехота" лоруш болчу нахана пропаганда ярна. Уьш нохчий бац, уьш путинисташ бу, оьрсийн эскарша дIалаьцначу Нохчийчоьнан дозана тIехь шаьш лелочух а, иштта Украинан халкъана а, северенитетна а, маршонна а дуьхьал лелочух жоп дала дезаш болу. Йоллу оьрсийн армица цхьаьна жоп дала дезаш бу уьш. Тахана Украинан дозана тIехь цара лелориг тIеман зулам ду олийла ду. Со тешна ву, оцу юкъахь мел волчо, муьлххачу даржехь велахь а, жоьпалла хьура ду аьлла, хIунда аьлча, оцу тайпа омранаш кхочушдеш ца хуьлу, хьаъа бахахь а. Украинан доза хадор – зулам ду. Мичча къомах велахь а, цунах а жоп дала дезар ду. Со тешна ву, цара жоп лург хилар.

– Оьрсийчоь Украине гIортар хьуна муха хета?

– Муьлххачу кхетам болчу стагана а санна, тахана Путина Украинехь деш дерг, - лачкъон ца оьшу зулам ду. Дуьненаюкъарчу бакъонан низамашца а, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу низамашца а догIуш. Цигахь хуьлуш дерг украинхойн пачхьалкхах а, украинхойн къомах а хьакхаделла ца Iа. Тахана доллу дуьненан кхоллам бу къастош, адамалла кхиоран некъ бу къастош. ХIинццалц вайна евзаш хилла оьрсийн пачхьалкх, кхин дIа хир яц. ХIинцца, хIокху минотехь ца хилахь а, тIейогIучу заманчохь хиндерг ду иза.

– Дуккха а Оьрсийчоьнан бахархой митингашка а, пикеташка а буьйлу, пачхьалкхан-агрессоран декъах хила ца лаьа шайна, бохуш, ткъа Кремло массо а вонна Штаташ бехкейо…

– Суна хетарехь, чохь пайдаэцархьама ду иза. Оьрсийчоь Цхьаьнатоьхначу Штаташна дуьхьало латтош ю бохучо Путинан дегалла Iехайо. Оьрсийчоь санна йолу йоккха пачхьалкх, царна шайн дакъа хетачу, Украинаца тIом беш хилар, цхьаъ ду, амма йоккха пачхьалкх кхечу йоккхачу пачхьалкхаца – Америкаца- тIом беш ю баьхча, шайн статус а лакхаяккха гIерта уьш. Ма-дарра аьлча, аьттехьа а иштта дац иза. Еккъа цIена пропаганда ю иза.

Тахана доладелла дац хIара, хIара доладелла 25-30 шо хьалха Нохчийчохь. Иштта пропагандисташа зорбанан гIирсашкахь харцдерг дуьйцура шайн эшамех, Iалашонех, дагахь долчух. Цара бохура, Нохчийчохь беш болу тIом нохчийн къомаца беш бац, нохчийн факторх пайдаоьцуш, Оьрсийчоь йохо гIертачу доллу малхбузен дуьненца беш бу. Изза пропаганда хIинца а лелош ю, юй?

Цара яздора, Оьрсийчоь вовшахъяккхархьама, малхбузено вайн боламна гIо лаьцна, ткъа нохчийн халкъан суверенитетехьа, маршонехьа беш бу боху тIом – бахьана ду. Ткъа ма-дарра аьлча цхьа а дуьненаюкъара институт вайн маршонна тIе ца тайра. Цара бехкаш бохура адамийн бакъонаш талхорна а, Нохчийчохь лелочу зуламашна а, цуьнца цхьана билгалдоккхура, Оьрсийчоьнан чуьра гIуллакх ду иза аьлла.

Нохчийчохь шарйина кеп ю иза, ткъа хIинца Украине дехьаяьккхина. Керла хIуммаъ дац. Дера, Малхбузенна дуьхьаллаттар дац, Европан мехкашкара а, Америкера а цхьа а кхерам бацара Путинна, цунна шена а дика хууш дара иза. Оьрсийчоьнца цхьа агрессиве политика Американо лелош ю аьлла, Путинна хеташ хиллехь, стенна латтор яра цо цигахь стабилизацин фонд? Муха оьцур бу бахам "мостагIаллин" пачхьалкхашкахь? Муха хьежор ду шайн бераш, берийн бераш а цига деша а, баха а?

Украинехь оьрсийн эскарша дийриг ган а гуш, хIетте а дуьхьал хилар дIа а ца хоуьйтуш Iар – оцу зуламашкахь дакъалацар ду

Суна хетарехь, жоьпалла Путинца цхьаьна доькъуш ю Оьрсийчоьнан юкъаралла а. Путин ша- проблема яц. Проблема ю иза эшар. Таханалера акциш, нехан дIахьедарш – кIезиг хIума ду. Украинехь оьрсийн эскарша дийриг ган а гуш, хIетте а дуьхьал хилар дIа а ца хоуьйтуш Iар, тахана халкъан цIарах Украинехь оьрсийн эскарша лелочун декъах хилар ду.

Тахана тапъяаьлла Iаш болу Оьрсийчоьнан бахархой бехха хьийзор бу бехкаша а, жоьпаллехь хиларо а. Церан шайн а, церан доьзалийн хиндолчунна а тIехь хаалур ду иза. ХIаъ, халахета тахана Оьрсийчоьнна муьтIахь болчу зорбанан гIирсаша ечу пропагандех уьш оццул тешаш хиларна.

– Европехь беха дуккха а нохчий кийча бу Украине баха, иза Iалашъеш дакъалаца аьлла, дIахьедира ахь. Украинхойн армех хIун дича дIакхета дагахь бу уьш, дийцахьа.

– Сайн дIахьедар ас динера политикан структурин – Ичкерин пачхьалкхан деоккупацин комитетан цIарах. Даймахкал арахьа делахь а, пачхьалкхан Iедалан лакхарчу органан санна, Украинехь хуьлуш долчух тхан реакци ю иза. Оха емал дира Оьрсийчоьно лелориг, оццу кхеташонехь пачхьалкхан деоккупацин комитетан а, министрийн кабинетца а дIаяьхьначу кхеташонехь иштта дIахьедар дан сацам тIеийцира, Оьрсийчоьно лелочунна реза доций дIахаийта. Украинхойн къоман къийсамехь гIоьналла гайта лиира тхуна.

Оцу юкъанна тхоьгахь информаци яра Европан кеп-кепарчу мехкашкарчу тхайн векалшкара, шайна Украине тIом бан даха гIо дахьара бохуш, цаьрга нохчаша дехарш дарх. Цуьнца доьзна оха сацамбира, тIейогIучу заманчохь церан проблемаш ца хилийта гIо дан.

Европан мехкашкахь, дуьненаюкъарчу низамашца а догIуш, тIемашкахь дакъалацар "наемникаш" хилар санна тIеоьцуш ду, царна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш доху. Цундела, кхузахь царна новкъарло ца хилийта гIертара тхо.

Тхайн суверенитет тIелацийта, йа Украинаца дипломатин юкъарлонаш дIатаса Iалашонца оха тIедахкарш дина аьлла цхьанна хеттехь а, иза харц ду, хIунда аьлча, политикан дивидендашка сатуьйсуш, украинхойн трагеди тIехь ловзар – оьзда дац.

– Нохчийчоьнан муфтийс Украинана тIелатар "пайхамарехьа, динехьа" тIом бар ду аьлла, ткъа цигахь кхелхинарш – "шахIидаш" бу. Нагахь санна, украинхойн могIаршка Европехь беха нохчий дIагIортахь, вежаршлара тIом ца хуьлу цунах?

Украинан дозана тIехь Орсийчоьно лелориг къобал дойла дац шариIатан бакъоно

– БархI шо сов зама ю украинхошкахьа тIемаш беш, Украинехь нохчий болу. Ткъа муфтийн дIахьедар… Уггар хьалха ала вай, иза нохчийн муфтий цахиларх. Оьрсийчоьнан бусулбачийн Динан урхаллин позици ю иза, йоллу Кавказан республикашкарчу муфтиятийн векалшна хетарг а ду иза. Нохчийн муфтиято дина дIахьедар санна цуьнан мах хадор – Оьрсийчоьно цхьана Iалашонца, Украине джихIада дуьхьа, пайхамаран дуьхьа Украине бахна бохуш, нохчийн уггар а къиза адамаш долуш санна гойтуш, лелочу пропагандина тIетар ду. Цхьа а доцург ду иза исламехь а, исламан бакъоне а диллича. Бакъ дац иза. Украинан дозана тIехь Орсийчоьно лелориг къобалдойла дац шариIатан бакъоно. Еккъа оьрсийн пропаганда ю иза, кхечу агIор иза кхетадойла яц.

Айтматов Чингизан "И дольше века длится день" книги тIехь чIогIа дика гайтина, закъалтехь болчу нахах хуьлуш дерг. Царех манкурташ бо – историн иэсах а, дIадахначуьнца зIе а хаьдда нах. Айтматовс гайтина уьш роботаш санна. Таханалера цхьаболчу нохчийн дакъа тIаьххьарчу 20 шарахь манкурташ санна кхиийна бу. Царна дицделла, шайн доьзалехь байъина, лазийна нах хилар, царна дага ца догIу оьрсийн кеманаша шайна тIе бомбанаш еттар, тахана оцу пачхьалкхана тIаьхьа а хIоьттина, тIом бан бахана уьш. Буьзззина нах уьш болуш санна, ас нохчий санна а ца боху, цаьрга хьоьжийла дац. Хила ма-доггIу, тахана Межиевс юьйцучу пропагандо хьалакхиийна нах бу уьш. Иза къоман ямартхо ву, динца юкъара хIуммаъ а доцуш. Оьрсийчоьнан муфтиятан "продукт" ю иза.

Юьххьера дуьйна, Сийлахь Екатерина йолчу заманахь муфтияташ юкъаехира бусулбачарна тIехь терго латторхьама. Изза принцип тахана а ю. Цхьана агIор хIокху йа кхечу идеологина тIетан декхаре бу уьш. И ду тахана Нохчийчохь а, кхечу бусулбачинй мехкашкахь а хуьлуш дерг.

– ХIора Оьрсичоьнан вахархочух хьакхалур йолу цхьа могIа санкцеш дуьхьалъехира Украине гIоьртинчул тIаьхьа. ХIун аьлла хета хьуна, хIара дукха дахлур долуш дуй?

– Дукха деха лаьттар долуш ду. Эххар а малхбузен дуьнено нийса харжам бина. Дуккха а шерашкахь малхбузе "адамашна таIзар ма де" бохучу принципна тIехь схьайогIура. Ткъа тахана, Оьрсийчоьнан эскарша лелочунна юкъаралла а тIетайча, чIогIа оьшуш ду, урхалла дечу режимо церан цIарах лелочу зуламийн тамаш оцу нахана шайна тIехь хаабалийтар. Путинна дуьхьал муьлхха санкцеш яхарх, уьш цунах хьакхалуш яцара. ХIинца хьакхалур ю. Путина Оьрсийчоь ялийнарг, - 25 шарахь лаьттина Оьрсийчоьнан империн чакхенан юьхь ю.

***

Чиллан-беттан 24-чохь Оьрсийчоь тIелата йолаелира Украинан дозанна. Тахана Украинан кеп-кепарчу регионашкахь саццаза деш оьрсийн авиацин тохарш ду, украинхойн эскаршна а, тIелеттачу Оьрсийчоьнан армина а юкъахь беш тIемаш бу.

Бечу хаамашца, цхьа могIа нах бехачу эвлашкахь авиатохарш дина. ТIечIагIдинчу зерашца, Черниговехь 40 сов стаг вийна, нах бечу хIусамна тIе бомабнаш тоьхча. Житомирехь йохийна меттигера лицей.

Хьал чолхе лаьтта, Энергодарь гIалахь тохарш дича тоькан станци хIаллакхйинчу Запорожьехь а.

ООН-н хаамашца, Оьрсийчоь Украинана тIелетчхьана миллион сов мухIажарш арабевлла Украинера.