Оьрсийчоьнан къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а зуламийн терахь алсамдаьлла – чоьхьарчу гIуллаккхийн министралла

Гайтаман сурт

ХӀирийчохь а, Адыгейхь а, Нохчийчохь а, ГIалмакхойчохь а, Волгоградан а, Краснодаран а мехкашкахь а, Кхарачой-Чергазийчохь а алсамдаьлла дӀайаздина зуламаш. Иза схьадогӀуш ду чоьхьарчу гӀуллакхийн министралло кху шеран дечкен-гезгамашан беттанашкахь хӀоттийначу официалан статистикера.

Уггаре а доккха алсамдалар билгалдаьккхина ХӀирийчохь – нагахь санна, стохка кхузахь исс баттахь 6,5 эзар гергга зулам дӀайаздина хиллехь, кху шарахь церан терахь хӀинцале а 8 эзарнал совдаьлла. Республикехь лаххара а 2010-чу шарахь дуьйна уггаре а лакхара зуламаш даран барам бу иза.

Кхарачой-Чергазийчохь дечкан-гезгмашан беттанашкахь 3,8 эзар зулам дӀайаздина, шо хьалха 3,3 эзар - 16% алсамдаьлла. Кху шеран и терахь регионехь уггаре а лакхара нисделира.

Нохчийчохь кхушара дӀаяйаздинчу зуламийн терахь 2 эзар гергга дара, стохка дечкен-гезгмашан беттанашкахь 1,8 дара. Адыгейхь терахь хьаладаьлла, 2023-чу шарахь 2,8 эзар зулам хиллачуьра - 3,1 эзарне кхаччалц. ГӀалмакхойчохь динчу зуламан терахь ду 2,2 эзар, стохка оццу муьрехь 1,9 эзар дара. Иза уггар лакхара гайтам бу 2017-чу шарахь дуьйна.

Жимма алсамдалар билгалдаьккхина иштта Волгоградан кIоштахь (24,7 эзар тӀера 24,9 эзар кхаччалц) а, Краснодаран кIоштахь а (56,5 эзар тӀера 56,6 эзар кхаччалц).

  • Оьрсийчоьнан къилбаседехь а, Къилбаседа Кавказехь а кхин дӀа а лакхадовлуш ду ницкъаца дечу зуламан терахьаш. Кхушара лаххара а 6 регионехь церан терахь уггаре а лакхара дара - 13 шарахь хиллачулла а. Кавказ.Реалиин редакцин говзанчашца цхьаьна теллира, зуламан статистика тӀамца а, йукъараллехь агресси алсамъйаларца а муха йоьзна ю.
  • 2024-чу шеран дечкен-баттера марсхьокху-батте кхаччалц махкахь уггаре а къизачу а зуламан терахь алсамдаьлла. ГӀалмакхойчохь а, Адыгейхь а – 73% а, 41% а, 2024-чу шеран министраллан статистикан буха тӀехь хьесап дина Кавказ.Реалии сайто. Зуламаш чIогIа алсамдовлар билгалдоккхуш ду ХӀирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а.
  • 2023-чу шарахь Краснодаран мохк хьалхарчу кхаа регионан могӀарехь бара даккхий а, къаьсттина даккхий а зуламаш динчу терахьашца. 2023-чу шарахь Оьрсийчохь хиллачун зуламан терахь, тӀаьххьарлерчу 12 шарахь уггаре а даккхийчех ду.