Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а 4000 сов эскархо вийна Украинерчу тIамехь

Донецкан кIоштан Лиман гIалахь оьрсийн ракеташца йохийна машенаш, Украина. 2023 шеран товбеца-беттан 23 де

Оьрсийчоь Украине буьззинчу барамехь чугIоьртиначул тIаьхьа Кавказ.Реалиин редакцино талла болийра цигахь байъинчу нахах лаьцна хаамаш. Тахана оцу тептарехь 4012 цIе йу, Кубанерчу ЧВК "Вагнеран" кешнашкахь дIабоьхкина болу мел кIезга 824 йолахо ца вуьйцу тептарехь.

Оцу тептарехь товбеца-беттан 29-хь 1000 стаг гулвелира, аьлча а, тIом болабелла пхи бутт баьлча, 2000 стаг гулвелира дечкен-беттан 10-хь – кхин а пхиъ бутт, ах бутт баьлча. ТIаккха церан терахь сихонца кхиира кхин кхо бутт баьлча – охан-беттан 11-хь хиира, байъинарш мел кIезга а 3000 хилар. ТIаккха кхин а кхо бутт баьлча и терахь 4000 тIе кхечира.

Бевзаш болчу беллачарлахь мел кIезга а 378 ЧВК "Вагнеран" йолахо ву (царах мел кIезга а 169 стаг вербовка йина хилла тутмакхаш бу), 310 сов мобилизаци йинарш а, 218 сов шайх "лаамхой" олурш а. Уьш вовшахтоьхча, беллачийн терахь тIера 23 гергга процент хуьлу. И дерриг терахьаш лахдина ду, хIунда аьлча, вийначун статусах лаьцна хаамаш кест-кеста ца хуьлу.

Мел кIезга а 335 стеган эпсарийн чин дара. Вийначу цхьа инарлах а девза, 16 полковниках, 56 майорах, 84 капитанах, 144 лейтенантах, лакхарчу а, лахарчу лейтенантах.

Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкахь ишта ду байъинчу нехан терахь:

  • Краснодаран мохк– 914 стаг;
  • Дагестан – 638 стаг;
  • Волгоградан мохк– 606 стаг;
  • Ростовн мохк– 555 стаг;
  • Къилбаседа ХIирийчоь – 308 стаг;
  • Ставрополан мохк– 253 стаг;
  • Нохчийчоь – 217 стаг;
  • Астраханан мохк – 208 стаг;
  • ГIалмакхойчоь – 89 стаг;
  • ГIебарта-Балкхаройчоь – 87 стаг;
  • Адыгей – 56 стаг;
  • ГIалгIайчоь – 44 стаг;
  • Кхарачойн-Чергазийчоь – 37 стаг.

Бахархойн терахьца дуьстича, беллачийн уггар доккха дакъа Къилбаседа ХIирийчохь ду, уггар кIезга Кхарачойн-Чергазийчохь ду. Масала, Къилбаседа ХIирийчохь бахархойн терахьца дуьстича гуш болу барам 5,7-зза лакхара бу Кхарачойн-Чергазийчохьчул а. Иштта и барам лакхара бу къилбера, Къилбаседа Кавказера регионашкахьчул, ГIалмакхойчохьчул, Волгоградан, Астраханан мешкашкахьчул, Дагестанехьчул а.

Билгалдаккха догIу, и хаамаш баккъала беллачу нехан терахьал лахара хилар, цул сов, регионашкахула уьш бекъаро баккъала долу хьал ца довзуьйтуш хила мега. ХIунда аьлча, иза доьзна ду байъинчу эскархойх лаьцна дийца регинашкарчу Iедалан ца лаарца, хаамаш гулош волонтераш хиларца/ца хиларца, меттигерчу хьостанийн а, телеграм-каналийн а политикаца. "Кавказский узелан" хаамашца, 2023 шеран товбеца-беттан 7-хь долчу хьолаца, Къилбаседа Кавказерчу регионашкарчу Iедало а, пачхьалкхан хьукматаша а тIечIагIдина, 2205 стеган къалхар.

  • Оьрсийн эскарна хилла зенах лаьцна олучу хенахь Кремло уьш "тоъал" дара олий дерзадо – байъинчу нехан баккъала долу терахь ца девза. Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIараяьккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – I 35I стеган. Гезгамашин-беттан 2I-чохь тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедира, 5937 стаг ву велларг аьлла. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а лакхара бу бохуш.
  • 2023 шеран стигалкъекъа-баттахь долчу хьолаца, 47 эзар оьрсийн эскархой байъина Украинехь, дуьйцу "Медузан " а, "Медиазонан" а цхьаьна бинчу талламехь. Оьрсийн "Би-би-си" сервисо а, "Медиазонас" динчу зерашца, мангал-беттан 7-хь долчу хьолехь йевза Украинехь байъинчу 27 423 оьрсийн салтин цIерш йевза.
  • Кавказ.Реалиино хIоттийначу тептаро дерриг хьал ма-дарра ца гойту. Цкъа-делахь, Iедало ца лууш дуьйцу беллачех лаьцна, иштта хаамаш гулбан, цхьанатоха дуьхьало йо. ШолгIа-делахь, байъиначийн гергарчу наха массара ца лелайо социалан машанаш, йа вуьшта ца дуьйцу шайх лаьцна. КхозлагIа-делахь, арахецначу хаамаша аьтто ца ло вийнарг а, цуьнан статус а йовза, масала, и веха меттиг ца йуьйцу, йа цуьнан фамили дукха йаьржина хуьлу – тIаккха иза хьалхо тептарехь вазвина хила тарло, йа цунах лаьцна хаамаш чухIоттийначу кошера чурта тIехь гуш ца хуьлу. ДоьалгIа-делахь, тIемаш боьдучера схьадеана дерриг декъий билгалдаьхна дац.
  • Ма-дарра аьлча, Кавказ.Реалиино бечу талламо и нах байъина хиларх хаам ло, амма кIезга хIума хаа йиш йу эшамийн динамикех, структурех а. Иштта редакцино дийцира, тIамехь байъинчех муха дуьйцу хьаькамаша а, пачхьалкхан хьукматаша а, Iедалан куьгкIелахь йолчу зорбанаша а.