"Оьрсийчоьнан сийлахь гӀишлошъйархо" цӀе йелла Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна

Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна "Оьрсийчоьнан Сийлахь гIишлошъярхо" цIе йелла. Оцу гIуллакхехь 20 шарахь белхаш динчарна луш йолу билгало цунна йелира, гIишлошъяран а, ЖКХ-н а министро Файзуллин Ирека. Билгал муьлха кхиамаш бу цо гIишлошъярехь бинарш – хууш дац.

Церемони дIайаьхьира Соьлжа-ГIалахь керла йина гIишлойн комплекс схьайоьллучехь, йаздо пачхьалкхан РИА "Новости" агенталло. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна совгIат дIалучу хенахь элира "говза хиларна а, къинхьегам безарна а, корматаллина тешаме хиларна а" аьлла. Ткъа ГIишлошъйаран министрна Файзуллина "Нохчийн Республикана гIуллакхаш дарна" аьлла мидал йелира Кадыровс.

Американ а, Евробертан а ишта цхьа могIа кхечу пачхьалкхийн санкцийн тептаршкахь волчу Кадыровс лелош йу Оьрсийчоьнан Турпалхо цIе а, МВД-н инарла-майор лерина цIе а, ишта тIеман инарла-полковникан чин а, бIе сов мидал а, орденаш а, тайп-тайпана цIераш а, йу царлахь – масала, лараме стаматолог а, агроном аьлларш а.

  • Керла совгӀаташ а, мидалш а, орденаш а ло сих-сиха Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀенташна а, йоӀаршна а. Дукха хан йоццуш "Оьрсийчоьнан рекордийн тептаре" йазвира Кадыров Адам, Оьрсийчоьнан Федерацин субъектан куьйгалхочун кхерамазаллин сервисан уггаре жима куьйгалхо санна.
  • 2023-чу шеран марсхьокху-беттан 15-хь Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Кадыров Адама КъорIан дагорна бехканца лаьцначу Журавель Никитина йиттира. Цул тIаьхьа цунна йелира "Нохчийчоьнан турпалхо" цIе а, республикан куьйгалхочун кхерамзаллин декъан куьйгалхочун дарж а, лаккхара орденаш йелира ГIиргIазойчоьнна а, Кхарачой-Чергазийчоьнна а, ГIебарта-Балкхаройчоьнна а мехала гIуллакхаш кхочушдарна, ишта "Даймехкан Сий" орден а, кхин а динан "Умматан хьалха декхарш кхочуш дарна" а, I-чу бараман "Ислам динан гIуллакх дарна" орденаш а, "Трудовая доблесть России" мидал а, "Оьрсийчоьнан спезназан университетан гIуллакх дарна" I-чу бараман мидал а. Хьахийначерах цхьа йолу мидалш цунна лойла дацара, ханна иза жима хиларна.
  • Iайшат – Кадыров Рамзанан йоккхаха йолу йоI йу. Стохка гIадужу-баттахь Нохчийчоьнан вице-премьеран дарже йаьккхира иза. Цуьнан хIусамда Мацуев Висхан кху шеран товбеца-баттахь республикин вице-премьер а, йуьртбахаман министр а хIоттийра. Кадырова Iайшат "культурин хьакъйолу белхахо" йу, иштта мидалш йу цуьнан "Адамийн бакъонаш Iалашйарна" а, "Нохчийчоьнна хьалха декхарш кхочушдарна", регион "кхиорехь дакъа лацарна" а совгIат дира мехкан 100 шо кхочуш, ДоттагIаллин орден йелира "ДНР" аьлла дIакхайкхийначу мехкан цIарах, иштта Нохчийчоьнан лаккхара совгIат а – Кадыровн орден.
  • Кадыров Рамзан 2014-чу шарахь дуьйна Европан санкцийн тептарш йуккъехь ву, иштта 2017-чу шарахь дуьйна – Американ Пачхьалкхан департаментан санкцийн а. 2022-чу шарахь цуьнан йоӀаршна Ӏайшатна а, Каринина а дуьхьал а йехира. Оццу шарахь Вашингтоно санкцеш йукъайаьхнера Кадыровн кхаа зудчун хьокъехь – официалан зудчунна Меднин а, ткъа иштта Хазуева Фатимин а, Ахмадова Аминатан а. Цул совнах, Японин а, Евробертан а , Украинан а санкцийн тептаршкахь йу Кадырова Медни а, Хазуева Фатима а, йоьӀарий Кадырова Хадижат а, Табарик а. 2023-чу шарахь Кадыровн нана Аймани Американ санкцешна йукъа йахийтира, ткъа 2024-чу шарахь дуьйна Европан санкцешна юкъахь а йу иза.