"Оьрсийчоьнан тIехьара уьйтӀе" йац, карти тIера коьрта регион йу? Нохчийчохь БРИКС-н тIома кIел форум дIайаьхьна Нохчийчохь

Нохчийчоь, Соьлжа-ГIала

Охан-бутт бовш Соьлжа-ГIалахь БРИКС-н тIома кIел дIайаьхьира "Динна хьалхаваьлларг а, креативан экономика а" аьлла форум. Махкарчу зорбанаша дуьйцура цунах лаьцна регионна цхьа "Iаламат боккха хилам" и болуш санна. Билггал ишта дуй-те и, стенна оьшуш йара нохчийн Iедалхошна и форум, дийцаредира Кавказ.Реалиин редакцино.

БРИКС БРИКС а йоцуш

БРИКС – пачхьалкхашна йукъара исс мехкан вовшахкхетаралла йу: Оьрсийчоь, Бразили, ХIиндойчоь, Китай, Египет, Эфиопи, Цхьаьнатоьхна Iарбойн Эмираташ, Къилбан Африка, ГIажарийчоь. 2024-чу шарера схьа оцу йукъараллин куьйгалхо Оьрсийчоь йу.

Нохчийн хаамийн гIирсашкара дийцаршца, охан-беттан 25-чу дийнера 27-чу дийне кхаччалц хиллачу форумехь, жамIаш дойла йара, цуьнан декъашхой шаьш БРИКС-н пачхьалкхийн лидерш бара аьлла. Делахь а инвесторшца цхьаьна декъашхойн тептарехь вара, масала, БРИКС-н ГIуллакхан кхеташонан Бразилера президент Барриентос Висенте, ХIиндойчуьра актер Шетти Сунил, хIиндойн Болливудан продюсер Боксвала Шабир, СаIуда Iаьрбийчуьра сурташдахкархо Iаьдул Iадим Алдхьамен а, Эмираташкара мебелан туьканан долахо Вакиль Хуршид а.

Форумехь федералан центрана хьалхайаьлла вйара халкъашна йукъара интеллектуалан БРИКС ловзарийн федерацин вице-президент Тингаева Наталья, "Путинан командера" ловзарш дIахьош йолу Рублева Екатерина а, Оьрсийчохь электромобилащ йузу гIирсаш бина Трофимов Алексей а, ишта кхинберш а.

Нохчийн хьаькамаш берриш а аьлча санна бара цигахь, министрашна тIера (индустрин, энергетикан министр Хакимов Адам; экономикан, кхиоран, йохка-эцаран министр Шаптукаев Руслан) Соьлжа-ГIалин мэран гIовсана Зелимханов Iабдулрешидана тIекхаччалц.

Делахь а, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ша ца веанера цу форуме, жигараллица республикера кхечу барамашка листинашшехь.

Форуман программи йукъахь дара доккхачу декъана республикера Iалам а, сийлаллин меттигаш йовзийтар а. Масех панелан къамелашкахь декъашхоша дийцаредира Нохчийчоьнан инвестпроектех а, дешаран а, Iилманан а сферехь БРИКС-н мехкаша йукъахьболхбар кхиорах а.

Шайн аьтто бол-болчахь нахана цхьаъ моттийта хьийза кадыровхой

Кадыров Рамзанан телеграм-каналехь зорбане йаьккхинчу хьесапаш дечу чоьтехь дукха хьолахь йазйина комментареш йу регионан тахана куьйгаллехь верг а, хьалха хилларг а хестош. Къаьстина билгалдаьккхинера, и барам Кадыров Рамзанан да Ахьмад Нохчийчоьнан президент волуш дуьххьара СаIуда Iаьрбийчу вахана ткъа шо кхачарна лерина хилар. Цул совнах видео йукъадахна Кадыров Рамзанан гонерчу нехан пропагандистийн къамелаш дар а. Масала, зорбанан министро Дудаев Ахьмадан доллу дуьненахь "сатанизман метастазаш йаржочу коллективан Малхбузенах"лаьцна аьлладешнаш.

Кхаа дийнахь Нохчийчохь лаьттинчу форуман жамI хилира Халкъашна йуккъера Оорсийчоьнан-Исламан фонд йухакхолла бина сацам, Нохчийчохь дуьненайукъара медиацентр йукъайаккхар, банкашца а, инвесторшца а, пачхьалкхан структурашца а "Махкахойн электронан карта" аьллачу проектехь цхьаьна болхабан идейш кечйар. Оцу сервисан гIоьнца дозанал арахьа бехачу Оьрсийчоьнан бахархойн таро хир йу Госуслуги портале кхача.

Цецвала меттиг боцчух цецваккхар

Дуьненайукъарчу дипломатин Аmicability клубан пресс-секретаран Невенчанная Ингридан дешнашца, барам пайден хилла Нохчийчоьнан имиджана, хIунда аьлча регионан хIинца халкъашна йукъара статус хиларна. Профессоро Шурыгин Сергейс дIахьедира, дIайаьхьна форум – "адамаллин керлачу муьран йуьхь" йу аьлла.

Делахь а Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу эксперташа собаре жоьпаш делира шаьш мах хадош. Масала, Европехь куп тоьхначу нохчийн "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхо Сулейманов Джамбулат цецвелира, Кадыровс урхалла ден 17 шо даьллачул тIаьхьа а иза а, цуьнан куьйгакIелара нах а хIинца а "дегаза доцуш шайн статус айба хьийза, могIарера барам цхьа доккха хIума долуш санна дIа а оьхьуш".

"Шаьш ледара хиларх кадыровхой кхеташ хиларан тоьшалла до кхо. Халкъан лаам бовзуьйтурш санна тIе ца оьцу уьш нохчаша. Цундела шайн аьтто бол-болчахь нахана цхьаъ моттийта хьийза кадыровхой", - дIахьедира Сулеймановс.

Соьлжа-ГIалахь баккъал а кест-кеста карладоккху исламан дуьненахь Кадыров Рамзанан цхьа авторитет йу бохуш. Нохчийн парламентан куьйгалхочун Даудов Мохьмадана хетарехь, мехкан урхалхо – "доллу Iарбойн дуьненахь Орсийчоьнан президентан тещаме векал ву". Гергарчу Малхбален мехкашкахь Кадыровн хиллачу векало, тахана - Оьрсийчоьнан исламан йукъаметтигийн Организацин даиман векал хIоттийначу Даудов Туркос чIагIдора, Кадыров доллу дуьненчуьра бусулбачу нахана гергахь "исламан динна дуьхьал болчаьрца къийсам латтон символ" ву аьлла.

Дуьненан халкъашна йукъара хеттаршна сих-сиха комментареш йо Нохчийчоьнан урхалхочо. Кремльца дага а ца волуш цо дукха хьолахь ден оцу кепара дIахьедарш шога совцон дезара Оьрсийчоьнан Iедалхойн. Делахь а Соьлжа-ГIалахь реза бац Кадыров Рамзанна субъектан дозанан гурашкахь къийла. Цундела, масала, цуьнан дуьйцийла йу НАТО-н пачхьалкхашна демилитаризаци йеш "Iаламат шуьйра" планаш хIиттош ву бохуш, Ливира конфликт йерзочу сацамашкахь шен дакъалацарх дийца а, йа ГIазза секторера тIом сацорехула Трамп Дональдан планна критика йан а.

КХИН А ХЬАЖА: Кадыровн амбицеш. Стенна оьшу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Оьрсийчоьнан арахьарчу политикехь дакъалаца?

Оцу контекстехь хьожийла ду Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан техникан университетан базехь "Африкан хIусам" гучуйаларе а. Оьрсийчоьнан а, Африкан а йукъарлонаш лелор кхиоран майда хилийта Iалашо йу цунах. И схьайоьллучу барамехь дакъалецира Африкан пачхьалкхийн дипломаташ а, БРИКС-н форуман декъашхой а.

Оьрсийчоьнан "тIехьара уьйтIе" йолуш санна хета ца лаьа Нохчийчоь Кадыровна

Соьлжа-ГIалара Миллионщиковн цIарах йолу мехкадаьттан институтан базехь Советан заманахь а бара доьшуш Африкан мехкашкара студенташ. Оцу континентера студенташ Соьлжа-ГIалахь доьшуш хилар керла хIума дац Нохчийчуьра бахархошна. Москвахь а, Санкт-Петербургехь а деша квотанаш ца кхаьчна студенташ бу тахана республике хьийсораш, пропагандисташа ма-боххура, Соьлжа-ГIала дуьнено а къобалйина центр йу бохург дац, аьлла хета цигарчу цхьана доьшийлан хьехархочунна. Цо бахарехь, Африкера студенташ шерашкахь лакхарчу доьшийлехь бу бохуш латтабо, хIунда аьлча, уьш цигахь хиларна федералан центрера кхин а тIе ахчанаш кхочуш хиларна.

Дуьненан тIегIанера политик волуш санна, Кадыров Рамзан дIагайта стенна хьийза-те Соьлжа-ГIалахь аьлла, деллачу хаттарна жоп лучу Прагера Карловн университетан политологин факультетан профессоро Аслан Эмиля тидам бира, оцу доллучух а халла кхеташ хилар.

"Суна хетарехь, и дерриг а догIуш ду Кадыровн Iедалхойн мотивацица – Нохчийчоь экономикан а, политикан а дуьненайукъара цхьа коьрта регион йолуш санна дIагайтар. Дуьненайукъарчу процессашна йукъайалийча санна и тIеэцийта, Оьрсийчоьнан "тIехьара уьйтIе" санна ца хетийта. Цундела Нохчийчоьнан авторитет айба а, коьрта, лараме дуьненайукъара ловзархо волуш санна Кадыровн статус а лакхайаккхархьама муьлхха а бахьанах пайдаоьцу", - элира профессоро.

  • 2024-чу шарахь Орсийчоьнан президентан харжамашкахь рекорде гайтамаш бара боху Нохчийчуьра. Нохчийчуьра бахархошка кхаьжнаш тийса бохуш, жигара кхайкхамаш бора динан урхалло. Кавказ.Реалиино дуьйцу, динан факторх муха пайдаийцира регионехь.
  • Нохчийчуьра боллу имамашна машенаш йийкъира Нохчийчохь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан чоьтах. Республикин муфтийс Межиев Салахьа "цкъа а гина доцург" ду элира и. Кавказ.Реалиин сайто хеттарш дина эксперташ тIетайра ишта аларна, цара билгалдаьккхира, Кадыровс "караIамийначу" динан урхаллина оцу кепара совгIаташ цкъа а дина дацара аьлла.