Оьрсийчоьнан "тӀеман корреспонденто" Романов Владимира нахана йуккъехь къинтӀера довлар дехна Белгород-махкарчу "Ахматан" дакъош эскаре кхойкхучарна тӀехьа лаьтташ ду аьлла ша аьллачу дешнашна. Цо шен дӀахьедар харцдира, кхетийра ша Алаудинов Аптица "деха, даггара къамел" динчул тӀаьхьа "информаци кхин а леррина толлур йу" аьлла.
Оханан-бутт болалуш, "буферан зона" кхоллархьама, Алаудинов Апти коьртехь волу "Ахматан" спецназера эскархой кхин а тIе сов дӀахьажийра Белгородан кӀошта. Нохчийн дакъоша реакци йина Романовн рапорт зорбане даьккхина товбеца-беттан 5-чу дийнахь. Цу тӀехь цо элира, Украиница долу доза эскаре кхайкхинчу салташа лардеш ду, ткъа "тик-токаш бу царна тӀехьа" аьлла.
ШолгӀачу Ӏуьйранна националистийн телеграм-каналашкахь информаци гучуелира, "нохчаша лоьхуш вара Романов, цуьнан дешнаш бахьана долуш цуьнгара жоп деха" аьлла. Товбеца-беттан 7-чу дийнахь "тIеман корреспондентан" телеграм-каналехь зорбане йаьккхира Романовс "Ахмат" олучу лерринчу ницкъийн талламхойн тобанан буьйранчаца, "Аид" цIе йолчьунца бехк цабиллар доьху видео.
Видео тӀехь цо тӀечӀагӀдора "тик-ток" бохучу хенахь ша дуьйцурш нохчийн дакъош дара аьлла, амма тIаьхьо цо йухаийцира шен дешнаш, шен Алаудинов Аптица "деха а, даггара а къамел" хилла, цул тIаьхьа ша "кхийтира, салташца цхьаьна тIом боьдучу меттигехь уьш хиларх" аьлла.
- Регионан а, тӀеман а телеграм-каналаша, хаамаш карахь болчу тӀеман белхахошна тӀе а тевжаш, йаздира 2023-чу шеран мангал-баттахь "Малхбузе-Ахьмад" батальон дӀахьажийначул тӀаьхьа, Кадыровн наха дӀалаьцнера "дикачу хьолехь, тӀеман кхоалгӀа- пхоьалгӀа тIеман эшелонаш", ткъа хьалхарчу а, шолгӀачу а дозанашка дӀахьежийнера салтий.
- Стохка мангал-баттахь Украинана дуьхьа тӀом бечу нохчийн шакъаьстинчу Ӏалашонан батальонан (ОБОН) тӀемалойн аьтто баьллера Белгород-кӀошта чу а бахна, лаххара а цхьа тӀеман машен йохо. ТӀелатар дале масех де хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дӀакхайкхийра, оцу регионехь Оьрсийчоьнан доза лардан хIоттийна "Малхбузе-Ахмат" батальон аьлла, ткъа дуьхьало йоцуш рейд йинчул тӀаьхьа цо хаам бинера, диверсанташ Оьрсийчуьра сихбелла бевдда хиллера шайна тIаьхьа ахматовцаш бахкийтича аьлла.