Оьрсийчу экстрадици ярх хаттар листталц Румынин депортацин куьпахь латточу нохчийн мухIажаро Гериханова Аминас дийцина цигарчу ледарчу хьелех а, шен гIуллакх толлурш ца тешарх, Оьрсийчу дIахьажаяхь шена тIехь ницкъбина, ша йен тарло бохучух.
Гериханован дийцаран аудио зорбане яьккхина бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино. Герихановас дийцарехь, цунна гIо латточу ООН-н векало хаамбина цуьнга, шегарчу хаамашца, цуьнан депортацин гIуллакхехь дерриг а "чIогIа сингаттаме ду" аьлла, амма шена Гериханована цунах лаьцна кхин кIорггера хууш хIума дац.
Герихановас дийцина, ша чуделлачу арзан хьокъехь кхело сацам бовзийтталц цунна Европан Кхело экстрадици яр дехкарх лаьцна ша Румынин хьаькамийн терго тIозийча, шена жоп луш хиларх "хIора пачхьалкхан шен-шен низамаш ду" олий.
"Со чIогIа кхоьру, цо цига [Оьрсийчу] дIахьажорна. Со йерах шек ца йолура со, амма и дийр дац цара. Ницкъбийр бу, Iазапаш хьоьгуьйтур ду, со хьийзор ю, цигахь и тайпа хIуманаш а лелош ду, суна билггал бевзачу нахана тIехь а лелийна ду уьш, тахана боцуш бу уьш", - боху Герихановас. – Миграцин хьукмато боху, ас кхузахь берш Iехош бу, иштаниг хила йиш яц, Оьрсийчохь низамаш ду, бакъонаш а Iалашъеш ю".
Иштта Герихановас дIахьедина, ша латточу куьпахь Iаламат чIогIа вон ду шена набахтехь хиллачул а, антисанитарин хьелаш ирча ду, къийзоргаш ю чохь, шийла а ю аьлла. Цуьнан маршо къуьйлу харцонца, дийнахь цхьана сахьтана а, эхасахьтана а бен ара а ца йолуьйту, телефон дийнахь 20 минотана бен карахь ца юьту.
- Маршо Радионо хаамбира, 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лацарх цира Зазадокху-беттан I3-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара.
- Украинехь тIом болабелчхьана дукха нисделла Европерчу пачхьалкхашкахь бехачу нохчашна дуьхьало еш, йа депортаци еш меттигаш. Доккхачу декъанна Къилбаседа Кавказерчу бахархоша латкъамаш бо кест-кеста къоман а, динан а билгалонашца дискриминаци лелайо шайца румынхойн миграцин хьукматаша бохуш. Бакъоларъярхойн хаамашца, къаьсттина хьакхало и нохчех: йа депортаци йо царна, йа лоьцу уьш, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь бацахь а, ткъа Румынехула дехьабовлу уьш транзитехула.