Керла шо герга кхочуш Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин а, Росгвардин а командирашца дIайаьхьначу кхеташонехь Кадыров Рамзана кхайкхамбина, "миччахь уьш белахь а", шена луьйш болу нах хIаллакбе аьлла. Цо дIахьедина, "экстремистийн" а, "террористийн" а гIуллакхашкахула бехкебинчийн гергарчара жоп дала деза шайн берех, царех шаьш дIахаьддехь а.
Оццу кхеташонехь мехкан урхалхочо а, ницкъаллин структурийн куьйгалхоша а дийцаредира дезачу деношкахь кхерамзалла латторах а. Къаьстина терго йира "хийрачу идеологина дуьхьалойарна" - хIунда аьлча, мехкан Iедалхоша билгалйаьхна "дозанал арахьара куьйгалла ден" йукъараллаш, церан авторш "тIекхуьучу чкъуран коьртешна Iаткъам бан хьийза социалан машанашкахула а, мессенджерашкахула а".
"Вайна резабоцурш, махкара дIагIо. Вай дукханна гечдина, лецнарш дIахецна. Нохчийчохь цхьа зулам вовшахтоха лууш милла велахь а, иза кхоор вац. Муьлххачу пачхьалкхехь иза велахь а, террорхо схьавоьхур ву вай. Схьа ца лой – тIаккха мухха вина а, вай иза хIаллакван веза. Вайх лаьцна хабарш дуьйцу цара, кинош йоху, шайн хьаштдерг дуьйцу – вай царна и магийта йиш йац", - дIахьедина кхеташонехь Кадыровс.
Iедална муьтIахь воцург цуьнан гергарчара шайн долара ваккхарх, шайн доьзалхочух жоп ца луш уьш буьтийла дац, дIахьедина Кадыровс. Нохчийчоьнан урхалхочо хьалха а таIзар дора шен критикийн гергарчарна – масала, марсхьокху-беттан йуьххьехь Украинерчу тIаме хьажийра цо ЯнгулбаевгIеран вежарийн виъ гергара стаг – церан деваша а, ден агIор кхо шича а. ЯнгулбаевгIеран вежарша критика йора Нохчийчоьнан куьйгалхочунна: Абубакар – бакъоларйархо ву, ИбрахIим а, БойсагIар а воьзна ву Iедалхошна оппозицихь йолчу 1АДАТ телеграм-каналаца. Цул а цхьа шой ахшой хьалха Келойн тайпан векалша, царех схьабевлла бу ЯнгулбаевгIар, шайх дIахадийра "бехкебийраш", царна неIалт а кхайкхош.
- ЯнгулбаевгIар боцурш а лаамза Украинера тIаме вахара кху аьхка оппозицин блогеран Халитов Хьасанан ваша а, Ичкерин дозанал а арахьарчу Iедална куьйгалхочун Закаев Ахьмадан вешин кIант а.
- Стохка чиллин-баттахь Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира ЯнгулбаевгIеран доьзална уьш хIаллакбийр бу аьлла. "Уьш миччахь хиларх, уьш мел къайлабовларх, тхуна уьш схьа а карор бу, оха уьш хIаллак а бийр бу", - дIахьедира хIетахь цо. Цул тIаьхь кIира даьлча регионера зорбанан министро Дудаев Ахьмада дIакхайкхийра, Нохчийчоьнан Iедалхоша кхин дIа комментареш йийр йац дозанал а арахьа бехачу мехкан урхалхочун критикаша ден дIахьедаршна аьлла. Цхьаннан а цIераш ца йохуш, цо сийсаза къамел дира, цхьа "провокаторш" хьахош.
- Туркойн-махкахь Нохчийчуьрчу Iедалан оппоненташ хIаллакбина масаллаш масех ду. Волайнхойн могIарехь бу - Эдильсултанов Гаджи, Джанибеков Ислам, 2008-чу шарахь вийна и шиъ, Асаев Iела (Муса) – 2009-чу шарахь, Мусаев Берг-Хьаж, Альтемиров Рустам, Амриев Заурбек – 2011-хь, Унлю Медет – 2013-чу шеран стигалкъекъа-баттахь, Эдильгериев Iабдулвахьид – 2015-чу шеран лахьан-баттахь, Исрапилов Руслан – 2016-чу шеран стигалкъекъа-баттахь.
- Оппозицин блогеран Абдурахманов Тумсон вешина Муххьамадна кIелойира 2020-чу шеран чиллин-баттахь. Кхин а цхьаъ кечйеш хиллера 2022-чу шеран гурахь. Иза вен везаш хиллера, тоххара Нохчийчохь федералан эскаршна дуьхьал тIом бина, тIаьхь Кадыровс амнисти йукъа вахийтинчу Аурбиев Тамерлана. Дадакаевца йукъахь Аурбиевс кечам болийнера зулам дан, амма тIаьхьо Абдурахманов Мухьаммадца зIене а ваьлла, дийцинера цо иза вен кечлуш хиларх.