Оьрсийчоьнна дуьхьал латточу къийсаман турпалхой. Кавказан тIеман командирийн цIераш стенна техкина Кадыровс батальонашна

Кадыров Рамзан

Нохчийчохь керла ши батальон вовшахтоьхна, Кавказ схьайоккхучу заманчохь ламанхойн дуьхьалонан хьалханчаш хиллачу Шейх Мансуран а, Бенойн БойсгIаран а цIарах. Москвахь тешамза тIеэцна техкина цIераш. Маршонехьа къийсинчу турпалхойн цIераш стенна лелайо Нохчийчуьра Iедалхоша, муха гIо до цо пропагандина, Кавказ.Реалиин редакцина дийцира эксперташа.

Шейх Мансур – халкъ маьрша даккхаран Къилбаседа Кавказан ламанхойн боламан куьйгалхо вара 1785-1791-чу шерашкахь. Оьрсийчоьнан Iедалхоша йийсаре ийцира иза, велла дIаваллалц Шлиссельбурган гIап чу воьллира "лаьмнашкара къаьмнаш Оьрсийчоьнна дуьхьал дахарна а, империна зенаш дарна а". Кхелхина иза 1794-чу шарахь оханан-баттахь, дIавоьллина набахтен кешнашкахь чурта тIе цIе а ца йазйеш.

Бенойн БойсагIар – Кавказан тIом боьдуш а, и бирзинчул тIаьхьа а гIаттамхойн нохчийн лидер хилла ву. 1861-чу шарахь лецира иза, Оьрсийчоьнан Iедал тIелаца дуьхьал хиларна ирхъоьллина.

Кремлан эгIазалла?

Боккха ларам хилла даим а Нохчийчохь Шейх Мансурца а, Бенойн БойсагIарца а. Делахь а, Iедалан коьрте Кадыров Рамзан веанчул тIаьхьа турплахойн цIераш йицйан буьйлабелира. Тоххара Шейх Мансуран цIарах хилла Соьлжа-ГIалара урамийн, скверийн цIераш хийцира, цул совнах, Соьлжа-ГIалара аэропорт а йаьккхира хьалха лелош хиллачу цIарах. Иза, регионера кхин а дуккха а гIишлош а санна, мехкан урхалхочун ден Кадыров Ахьмадан цIарах хилийтира.

ХIинца долу Iедал кхоьру йахначу заманара турпалхойх, хIунда аьлча, церан йоккха авторитет йу халкъалахь, боху шен цIе къайлайаьхьначу Соьлжа-ГIалара хьехархойн университетан историко. Цо бахарехь, нохчашлахь культ йаржо хьийзачу КадыровгIеран доьзалан хьу йайа тарло историхь баьхначу наха

Хала ду нохчий кхетон, муха мегар ду оцу тайпа турпалхой дуьхьал а бохуш, Путинна хьалха ког тийсабалийта

"Тахана Iедалхоша позитивехь буьйцучарна дуьхьал къийсам латтийна хиларца йоьзна йу хIара цIераш. Хала ду нохчий кхетон, муха мегар ду оцу тайпа турпалхой дуьхьал а бохуш, Путинна хьалха ког тийсабалитйар", - тешна ву къамел дийриг.

Ламанан лидерийн цIерех пайда а оьцуш, Кадыров гайта хьийза Нохчийчоьнан маршонехьа болчу шен дуьхьалончашна уьш дIабала ша дагахь цахилар, чIагIдора Оьрсийчоьнан историко, политолого Макаркин Алексейс.

"Нохчийн историн билгалонан болчу нахах ву Шейх Мансур. Кеп-кепарчу заманашкахь цуьнан къийсам латторах тайп-тайпана дийца тарлора. Цхьанхьа динехьа тIом бина ву иза, кхечанхьа – паччахьаллина дуьхьал, маршонехьа къийсам латтийна ву. Шейх Мансуран васт нохчийн йукъараллехь чIогIа коьрта ду", - тидам бира Макаркина.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо тIаьххьара динарг – Москвано КадыровгIахьа рогIера шен эгIазалла гайтар ду, реза ца хуьлу историк, Кремлехьа хиллачу "Регнум" агенталлин хилла коьрта редактор Колеров Модест: "Кремлан эхье тапъаьлла Iар ду хIара. ХIара доьхна гIуллакх ду – Кремлан эгIазалла йу".

Соьлжа-ГIалахь вовшахтоьхна Шейх Мансуран цIарах батальон, Кадыровс билгалдаккхарца, тIеман министраллина йукъахь тIом бийр болуш йу. Оцу йукъанна, изза цIе йолу нохчийн дакъа Украина Iалашйеш йу 2014-чу шарера схьа дуьйна. Цу йукъахь тIемаш беш бу Ичкерин маршонехьа болу агIончаш а, 2000-чу шерашкахь регионера дIабахна Кадыровн дуьхьалончаш а.

Кадыровн декъан командир хIоттийна, оппозицин политик Немцов Борис верца воьзна хилла Геремеев Руслан. Буха диллина хIума доцуш Нохчийчохь хIуммаъ а деш дац, элира Прагера Карловн университетера йукъараллин Iилманийн факультетан политологин профессоро Аслан Эмиля.

"Герееевна реабилитаци йан хьийзачух тера ду Кадыров. Тарло тIейогIучу хенахь цхьана доккхачу дарже хIоттон цо и кечвеш хила а", - аьлла хета экспертана.

Дукха ца Iаш шолгIа, Бенойн БойсгIаран цIарах батальон а кхоьллира. Росгвардина йукъа догIуш ду и дакъа, цуьнан урхалла дан хIоттийна Кадыровн цIарахчу полкан командиран Чалаев Замидан жимахволу ваша Чалаев Бекхан.

Иштта шен тайп чIагIдеш ву Кадыров кхин дIа а, билгалдаьккхира редакцино хеттарш динчу Къилбаседа Кавказан аналитикаша: Нохчийчоьнан куьйгалхочун тайпанах схьаваьлла ву Чалаев Бекхан а, Замид а.

Мехаллаш хийцар

Оьрсийчоьнан империца боьзна хила ца лууш, къийсам латтийначу турпалхойн цIераш кадыровхойн дакъошна тахкаро хаттар кхоьллира Москвахь. "Оьрсийчоь кхуьучу кху муьрехь цхьацца хIумана тIехь вухавала а, компромиссаш магийта а мегар ду", - мах хадийра оцу гIулчан Пачхьалкхан думин СНГ-н гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочун гIовса Затулин Константина.

"Тхуна Ермолов – оьрсийн эпсаран, турпалхочун, Кавказ схьатохаран символ йу. Адыгашна а, чергазашна а, нохчашна а, церан дай хIаллакбина стаг ву иза, цундела цунна хIолламаш хIиттон мегар дац. Вайна йа Шейх Мансур а, йа Бенойн БойсагIар а хила йиш йац… Суна ца тов, Бенойн цIарах, масала, цхьа тIеман дакъа хилар", - элира депутато.

Оьрсийчоьнан парламентан тIеман гIуллакхехула йолчу комитетан декъашхочо Соболев Виктора кхайкхамбина, керлачу батальонашна Нохчийчохь Оьрсийчоьнна дуьхьал хиллачу нехан цIераш хIунда техкина къастаде аьлла. "Цкъачунна къаьстина дац, стенга хьовсор болуш бу и эскархой, мичахь тIом бийр бу цара. Амма, мухха делахь а, тамаш бу-кх цара Оьрсийчоьнна дуьхьал тIемаш бахь", - элира цо.

Шогачу кепехь йуьхь йаьккхира Нохчийчочьнан цIарах пачхьалкхан думехь депутат волчу Делимханов Адама Соболевн, дIахьедира, цуьнца "къамелдан" шен лаам хиларх. "Соболев а, цунах тера болу коммунисташ-атеисташ, дин доцу, оьздангалла, гIиллакх-гIуллакх хIун йу ца хуу нах кхетар бац хIокху дешнех", - йаздина цо шен телеграм-каналехь.

Ишта а паргIатчу дахарх баьхна къона нохчий, тIаьхьахIитта там бу церан манипуляцешна

Делимхановна тIетайра нохчийн "Ахмат" спецназан командир Алаудинов Апти, цо а критика йира батальонашна техкинчу цIерашна дуьхьал берш, и тема дӀасхьатехкош берш "Оьрсийчоьнан мостагIий" бу уьш элира.

Кадыровс лелош мел дерг, мехаллаш хийцар а, нохчий Iехор а ду, тешна ву Европехь куп тоьхначу нохчийн оппозицин United Force боламан векал Музаев Сайхан.

" Ишта а паргIатчу дахарх баьхна къона нохчий, тIаьхьахIитта там бу церан манипуляцешна, делахь а, халкъана дагахь бу шайн турпалхой, Москвано дIахIиттийначара хIуъа леладахь а. Церан дин – дин дац, истори – истори а йац. И дерриг а Кремлера схьа ду, ткъа КадыровгIеран дакъа – шайга аьлларг дар, и дерриг а кхочушдар ду, дуккха а баланаш лайначу нохчийн къомана и тIаьхьа мухха дерзахь а", - дIахьедира Музаевс.

Нохчийньнан Iедалхошна йицйелла истори а, Оьрсийчоьнан империца дуьхьалонан къийсам латтийначу командираша лаьцна дакъа а, билгалдоккху Украинехьа тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан спикеро Исаев СаьIида.

"Хетарехь, уьш кхетта хир бац историн уроках, царна дика ца хаьа, Къилбаседа Кавказ дIа ца йаккхийта дуккха а къаьмнаш меттахдаьхна Шейх Мансур мила хилла. Оха дозалла до цунах, цундела тамашен дац, Оьрсийчоьнна дуьхьал хилла иза оха къастор. Кадыровс вовшахтоьхначу батальоно, схьахетарехь, полисхойн Iалашонаш кхочушйийр йу, тIамна 30 чакхарма дехьа. Украинхойн эскарна цуьнгара схьа цхьана а кепара кхерам бац", - дерзийра Исаевс.

  • Карарчу хенахь хууш ду, Украинин эскарехьа тIом беш нохчийн йалх батальон хиларх. Иза Шайх Мансуран цIарах батальон (буьйранча ЧIебарло Муслим); Дудаев Джохаран цIарах батальон (буьйранча Осмаев Адам, батальонца жигара "Адаман тоба" йу); ОБОН ВС ЧРИ (леринчу гIуллакхашна къастийна батальон, буьйранча - Ажиев Рустам); Шалена Зграя "Хьере арданг"( Абдурзаков Казбек); SOG (Леррина оператив тоба); Гелаев Хьамзатан цIарах батальон.
  • Украинан ТIеман ницкъашна йукъа йогIуш йоцчу батальоно шен тIамехь лелар муха цхьана кхочушдо цаьрца, оцу пачхьалкхехь нохчаша дийриг доккха хIума хетарх а, тIом бирзинчул тIаьхьа йолчу Iалашонех а дийцира Кавказ.Реалиина оцу декъан спикеро Исаев СаьIида.
  • Украинхошкахьа тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу батальоно масийттазза дийцира, Украинана дуьхьал болийначу тIамехь Оьрсийчоь эшийначул тIаьхьа Кавказана "деоккупаци" йан дагахь хиларх шаьш.