Оьрсийчоьно Украинаца тIом болийначул тIаьхьа Нохчийчоь: мила ву маршо къуьйсуш

Украинехьа тIемаш бечу цхьана батальонан шеврон. Гайтаман сурт

Украинан агIор тIемаш бечу нохчийн эскархоша жигара кхиош йу шайн информацин каналаш, чIагIйо диаспоран лидершца уьйраш. И дерриге а лерина ду церан бакъонаш Iалашйан а, нохчийн пачхьалкхалла йуха меттахIоттийна хIума хилахь, хинйолчу политикан системи йукъахь интеграци йайта а. Тхан реадкцино листира нохчаша тIамехь дакъалацаран бахьанаш, церан боламан политизаци а, 2025-чу шеран йуьххьехь долчу хьолаца керла Iалашонаш кхолла тIамо бина Iаткъам а.

Нохчийн эмигранташна йукъахь Кадыровна а, Путинна а дуьхьал йолу йукъаралла массо а агӀор жигарайала йолайелира Шемахь тӀом болчу хенахь (2011—2019-чу шерашкахь). ХIетахь эзарнаш нохчий дӀабахара цу махка, шаьш дIагайта а, шайна хетарехь, Малхбузенан мехаллашна а, низамашна а дуьхьал йолу исламан пачхьалкх кхуллуш дакъалаца а лууш. Цхьаболчарна Шемарчу бахархойн тӀамехь дакъалацар цул тӀаьхьа Нохчийчоь йозуш ца хиларехьа къийсам латторна кечамбар хилла дӀахӀоьттира.

Украинан Лакхарчу Радехь Орсийчоьно ханна дIалаьцна мохк бу Нохчийчоь аьлла къобалдарх диаспорехь болчийн политикан жигаралла меттахйаккха шолгIачу тулгIенан катализатор хилира. Оцу сацамо дог айдира Ичкеригахьа, динехьа (шайлахь радикалаш а болуш), Малхбузен демократин тобанашкахьа болчийн белхан, тIеэцначу сацамехь украинхойн парламенто иштта тIечIагIйинера Ичкерин суверенитет а.

США а, Малхбузе а хIинца а лууш йу Оьрсийчоь дийна йисийта

Украинехь нохчий бу тIеман шина а агӀор леташ. Оьрсийчоьнан агӀор бу кадыровхой – Кадыров Рамзанна муьтӀахь йолу тӀеман вовшахтохараллаш. Формалехь уьш тӀеман министраллан а, Оьрсийчоьнан къоман гвардин а, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан а структурийн декъахь йу, амма бакъдерг аьлча, уьш шен Ӏуналлехь латтош йу Нохчийчоьнан куьйгалхочо. И дакъош дакъалоцуш ду Украинин дозана тӀехь а, Курскан кӀоштахь а дIахьочу тӀеман операцешкахь.

Кадыровс дIахьедора нохчийн тӀемалой хаъал дукха хиларх а, мобилизацин план тӀехсов кхочушъйарх а лаьцна. Амма хӀинца, тӀом болабелла кхо шо гергга хан йаьлча, тIамехь болчу кадыровхойх дукхахберш - Оьрсийчоьнан тайп-тайпанчу регионашкара гулбина, Гуьмсехь йолчу "спецназан университетехь" шина кӀиранах Ӏаморан курсаш чекхъйаьхна нах бу.

Украинан агIор тIемаш беш бу нохчийн лаамхой – бу уьш ишта Дудаев Джохаран а, Шейх Мансуран а цIарахчу тобанашкахь 2014-чу шарахь дуьйна, иштта тIом болабеллачул тIаьхьа вовшахдиттинчу дакъошкахь а бу уьш. Йу и, масала, Ичкерин леррина декхарш кхочушден Къаьстина батальон а, Гелаев Хьамзатан цIарах кхоьллина батальон а. Дуьненайукъарчу дакъошкахь а гIуллакх деш бу нохчий, масала бусалбанийн "Кавказ" цIе йолу корпус.

Оцу тIемаш бечу лаамхошлахь бу, Нохчийчохь тIемаш хиллачул тIаьхьа дIабахнарш а, тIаьххьарчу шерашкахь, Украинехь тIом болабеллачул тIаьхьа дIабахнарш а. Дукхахболчарна тIамехь дакъалацар – гIортор хилла ца Iа, цара ма-баххара, нийсачу гIуллакхехь, тIеман зеделларг карадерзон таро а йу тIейогIучу заманчохь шайн дай баьхначу махкахь маршо дIахIоттон а.

Диаспоран политизаци а, лаамхойн амбицеш а

2022-чу шеран чиллан-баттахь дуьйна Европера а, Канадера а, США-ра а диаспораша жигара лоьху политикан майда, дозанал арахьа беха дуккха а махкахой цхьанатоха Iалашонца. Церан Iалашо йу – диаспоран цIарах къамелаш деш, Киевера Iедалхоша официалехь шаьш легитимехь хилар къобалдар. И ницкъ вовшахтоьхна бу, Украинехь хиллачу тӀеман хила тарлуш долу жамӀ, нагахь санна Оьрсийчоьнан Федераци йохар ца нислахь а, мел кӀезга а иза гӀелйар ду аьлла. Ткъа цуо аьтто лур бу нохчашна, Ичкерин заманахь хиллачу дозанашкахь, шайн республикана тӀехь йуха а Ӏуналла дан.

Диаспоран спектр дикка кеп-кепара йу. Цу йукъайогIу, шайлахь къийсамаш болу, дуккха а Ичкеригахьа структураш, ишта шаьш лела боламаш а – "Нохчийчоьнан Аз", "Нохчийн демократин парти", "Цхьааллин ницкъ", ишта кхинйерш а.

NIYSO оппозицин боламна гонаха цхьаьнакхетта йолу жигархойн шакъаьстина тоба а йу билгала. Украинехь тӀом болабеллачул тӀаьхьа цара йовзийтира шайн даймохк схьабаккхаран программа, цигахь йозуш йоцчу Ичкерин статус йеккъа цхьана исламан низаман буха тӀехь лоруш йу. Оцу некъо боламна а, диаспорехь болчу кхечу политикан ницкъашна а йукъахь декъадалар кхуллу, NIYSO дуккхаъчу тӀебаьхкинчу нахана радикалан хьежамашца болам санна хетало.

Маца ницкъ кхочур бу, йа кхочур а буй гергарчу заманчохь даймахкахь и Iалашонаш кхочушйан, ала хала ду

Ичкерин кханенах лаьцна ойланаш тайп-тайпана йелахь а, Украинаца тӀом беш, цунна гӀортор йеш берш цхьаьнатуху республикан суверенитет меттахӀотто лаам цхьаъ хиларна. Амма цхьаберш кхоьру, цхьаъ йа важа политик халкъан "низамехь волу векал" санна къобалвар бахьана долуш, Ичкерин агIончийн могӀарш декъадала мега аьлла. Тхан редакцига дийцира нохчийн батальонийн декъехь Украинехьа тIемаш бечу кхаа лаамхочо шайн сингаттамах.

Шайн интересаш Iалашйан хадам боллуш план йац тIемалойн. Амма уьш лерина бу Ичкерин заманах хилларг йуха ца нисдалийта. ХIетахь Оьрсийчоьнца хьалхара тIом бирзича бицбира маршонан дуьхьа шайн синош ца кхоийнарш нохчийн Iедалхоша. ХIинца, чIагIдо лаамхоша, уьш кийча бу, шайн интересаш Iалашйан, итт шарахь шаьш тIемаш бечу политикан системел арахьа ца дисийта.

Цхьахволчу къамелхочо дийцира, шеца тIемаш бен накъостий нохчийн диаспоран политикан гIуллакхдархошца а, ишта тоххара Iедалера даржашкахь хилла, хIинца йуьстах Iаш болчу нахаца а дийцарш деш бу бохуш. Оцу дийцарийн Iалашо йу – йукъарлонаш лело мел а бIегIийла йолу формат карор, йа ойла йан, Украинехьа тIемаш бечара шайн йукъаралла кхолла оьший-те бохуш.

Шайх Мансуран цIарахчу батальонан куьйгалло сацам бира NIYSO боламера масал эца. Цара шайн телеграм-канал кхоьллира, цигахь тIамтIера хаамаш зорбане баьхна ца Ӏаш, Нохчийчоьнан историх лаьцна материалаш а зорбане йоху, шайн платформа йовзийтархьама. Иштта ресурсан администраторша вовшахтуху дуьххьалдIа эфираш а. Цигахь цхьааллин хеттарш дийцаре дар цхьаьнадогIу Ичкерин кханенах лаьцна батальонан куьйгаллин хьежамашна тIетовчу бусулба динан Ӏилманчийн хьехамашца.

Дустуш аьлча: тIамтIехь шаьш дечух лаьцна украинхойн маттахь йозанаш деш, Дудаев Джохаран батальоно зорбане боху хаамаш карарчу хенахь ледара гIарабуьйлу. Ткъа цуьнан чулацамехь цкъачунна хаалуш дац нохчашна йукъахь шайца богIу хьежамаш болу нах лоьхуш хилар.

"Нохчийчохь 1990-шIа шераш йуккъе девллачу хенахь санна"

Нохчийчуьра тIамехь гIаттамхо хиллачу, Европехь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочунна Сулейманов Джамбулатана хетарехь, Украинера тIеман тIаьхьенах лаьцна хьесапаш дан хIинца а хьалхе ду. Делахь а, цо бахарехь, оцу хьоло цхьана агIор карладоккху Нохчийчохь хилларг.

"Оьрсийчоьнан цхьаалла дийна йиса лууш бу США-хь а, Малхбузехь а. И бохург ду, тIом тIейогIучу заманчохь меллаша йоьдучу конфликте боьрзур бу, йа ханна сацор бу, Нохчийчохь 1990-гIа шераш йуккъе девллачу хенахь а санна. Амма боллу тIом сацор бац, хIунда аьлча, шайн стратегин Iалашоне кхаьчна йац шина агIонах цхьа а. ТIом марсабер бу, цхьахйолчу агIоно шайна оьшу гIирс вовшах ма-тоххара", - дIахьедира Сулеймановс.

Цо ишта билгалдаьккхира, цу тайпа сценарий нислахь, ВСУ-н агIор тIемаш беш хиллачу Ичкерин агIончийн шайн политикан амбицеш хир йу Украинехь аьлла.

Шен кхерамзалла ларйеш, цIе къайлайахьар дехначу Соьлжа-ГIаоларчу политолого тIечIагIдира: Украинехьа тIемаш бен боллу нохчий суверенитетан агIончаш бу аьлла.

"Царна йукъахь, со тешна ву, хир бу нохчийн политикехь жигара дакъалаца амбицеш а, Ӏалашонаш а йолуш болу нах а. Суна хетарехь, уьш хӀинцале а идеологин а, политикан а, информацин а тӀегӀанехь планаш хӀиттош бу, Украинин юкъараллин-политикан боламийн зеделларг толлуш а, цуьнан анализ йеш а бу уьш тӀеман хьелашкахь. Маца аьтто хир бу церан, йа хир а буй гергарчу хенахь даймахкахь шайн Iалашонаш кхочушйан, ала хала ду, амма цара лелориг пайде хир ду. Дукха хан йоццуш Шемахь Асад Башаран Iедал дохаро гойту, оцу кепарчу балхана мичча хенахь а кийча хила везаш хилар", - дерзийра къамелдечо.

  • ДIадахна шо хала дара Европан пачхьалкхашкахь тховкIело лоьхуш хиллачу Къилбаседа Кавказера бахархошна. Дуьненайукъара а, меттигерчу а бакъонашларйаран организацеша кхайкхамаш бешшехь, векалташна хьалха митингаш а, пикеташ а хIиттошшехь, Оьрсийчоьнан дехарца Интерполехула мухIажаршна экстрадици йар сацош дац. Диаспорин векалш къар ца ло: потенциале террорхой бу уьш бохуш, нохчех лаьцна Кремлан тезис хIинца а гоьйаьлла йу.
  • 1994-чу шарахь Оьрсийчоьно Нохчийчоьнца болийначу хьалхарчу тIамо дукха чIогIа хийцира регионан политикан карта, дуккхаъчу бIенашкахь эзара адамийн кхолламех хьакхабелира и тIом. Бакъоларйархочо, адвокато, "Мемориалан" хиллачу декъашхочо Гисаев Ахьмада дийцира тхан редакцига оцу бохамах лаьцна шен дагалецамех.
  • Лакхарчу Радехь къобалдира 1763–I864 шерашкахь Кавказан тӀамехь Россин империно чергазийн халкъана геноцид йина хилар. Украинхойн депутаташа йемал дира империн гӀуллакхаш, чергазий массо а хӀаллакбарехь а, уьш шайн историн даймахкара нуьцкъала арабахарехь а зе хиллачаьрца солидаралла гайтира. Цу кепара къобалйина чергазийн "репатриаци йан а, шайн меттиг къасто а" йолу бакъо.