Оьрсийчуьра Исламан йукъаметтигийн Организацин векал хIоттийна Кадыровн герггара стаг

Исламан йукъараллийн Организацин саммит, гайтаман сурт

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочун бусулбачу пачхьалкхашкахь векал хилла Даудов Турко Оьрсийчоьнан исламан йукъаметтигийн Организацин даиман векал хIоттийна. Оцу даржехь цо хийцина Дагестанан хилла урхалхо, 76 шо долу Абдулатипов Рамазан.

Цу кепарчу омранашна куьйгашйаздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, хаамбина пачхьалкхан информацин ТАСС агенталло. ХIун бахьанаш дара и хийцамаш бан, билгалдаьккхина дац.

57 пачхьалкх йу исламан йукъараллийн Организацина чуйогIуш, цуьнан штаб-петар Джиддехь йу (СаIуда Iаьрбийчоь), цу йукъахь Оьрсийчоьнан тергамчан статус йу.

  • Хьалхо Нохчийчоьнан муфтийн гIовс вара Даудов Турко, бусулба пачхьалкхашкахь шен векал вира цунах Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2019-чу шеран товбеца-баттахь.
  • 2022-чу шеран чиллин-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочун гIоьнчас Даудов Iумара йукъайаьккхинчу "флэшмобан" гурашкахь Даудов Туркос ша "Кадыровн гIашсалти" ву аьлла, дIакхайкхийра. Оцу шеран товбеца-баттахь Даудов Туркос дIахьедира, доллу дуьненчуьра бусулбачу нахана гергахь Кадыров "исламан динна дуьхьал болчаьрца къийсам латтон символ" ву аьлла.
  • "Украинская правда" хьосто бинчу талламашца, Кадыров Рамзанан Дубайра виллана тIехь терго латтош, цуьнан Iуналла деш ву Даудов Турко. Пальмин кепехь, дуьненна а йевзачу гIайри тIехь ю йуьйцу вилла. Пхи седа лоручу Zabeel Saray Royal Residences at Palm Jumeirah цIе йолчу хьешан цIенна юкъайогIуш ю иза
  • 2022-чу шеран лахьан-баттахь Даудов Турко Белграде вахара, Сербин президентаца Вучич Александрца цхьанакхета. Даудовс инстаграмерчу шен аккаунтехь бинчу хаамца, Вучиче а, сербахойн халкъе а маршалла дIаделла цо Кадыров Рамзанан цIарах, билгалдаьккхина, "дуккха а бIешерашкахь Оьрсийчоьнан а, Сербин а вежараллин юкъаметтигаша рогIера юха а дIагайтина шайн чIагIалла" аьлла. Жоп лучу Вучича чIагIо йина, Оьрсийчоьнан халкъ сербашна вежараллин къам хилар, "цхьаммо а Iаткъам бахь а, юхур йолуш яц" аьлла. ТIаьххьара Даудовс совгIатна верта а, чола куй а белира Вучична. ХIун Iалашо яра цхьанакхетаран, хIун дийцаредира шина политико – хууш дац.
  • Дагестанан куьйгаллехь вара Абдулатипов Рамазан 2013-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц. Оцу даржера дIаваьллачул тIаьхьа цхьана хеначохь Оьрсийчоьнан президентан леррина векал вара иза Каспийн регионан гуманитаран а, экономикан а йукъарлонашкахула. Оьрсийчуьра Исламан йукъаметтигийн Организацин векалан даржехь лаьттира иза 2018-чу шарера схьа дуьйна.