Оьрсийчуьра вада хьаьжна 19 шо долу полисхо карош вац адвокаташна

Гайтаман сурт

Адвокато дIахьедина Нохчийчуьра 19 шо долу полисхо Халидов Ясин лачкъийна аьлла. Кху беттан 20-чохь Оьрсийчуьра вада гIоьртинера иза, амма лецира Казахстанан дозанехь, хIетахь дуьйна жимчу стагах хууш хIума дац.

Юристашна Немов Александрна а, Караваев Александрна а ца карийна Нохчийчохь, шаьш Iалашван тIелаьцнарг, хIунда аьлча, махкарчу чоьхьарчу гIуллакхиийн министраллин урхалло цаьрга хаамаш ца бина, иза стенгахь латтош ву дуьйцуш. Урхаллин белхахочо дIахьедина, Халидов лехамашкахь ву аьлла. Адвокато Немовс латкъам бина полицига, прокуратуре, къайлахчу сервисашка а.

"Миччахь а хила тарло иза…Дозанехь лаьцначул тIаьхьа, хьаьнга дIавелла иза аьлла, оха дахьийтинчу кехатна кхаьчна жоп дац хIинца а. Из волу меттиг хаа луучу оха ца деш хIума а дац. Цкъачунна царех лаьцна дуьйцийла йац сан, балхана новкъарло ца хилийта", - аьлла Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментарехь юрсито.

"Новая газето" ма-йаздарра, йолчу информацица, билгалбовлазчу нохчийн полицин белхахоша пайдаэца тарло Оьрсийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин лехамийн системех, Халидов Ясин волу меттиг билгалбаккха а, иза лаца а. Цхьана а кепара цунна бух бацара, шайгарчу даржел совбийлар санна лара тарло полисхоша динарг.

  • Халидовх лаьцна зорбане даьккхира "Новая газета- Европа" гIирсан журналисто Милашина Еленас. Артиклехь йаздарца, шен 17 шо долуш дуьйна хилла Халидов Нохчийчуьра Шела кIоштан ОМВД-хь болх беш, цул тIаьхьа транспортан ОМОН-ехь. Ша болх бечу заманчохь йукъарло хилла цуьнан Нохчийчуьра экстремизмана дуьхьало латточу Центраца, иштта питанаш лелийна цо социалан машанашкахь.
  • Стохка гезгамашин-баттера схьа дуьйна Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалаьцна цо. Цул тIаьхьа сацам бинера цо бакъоларйаран органашкара дIавала, амма куьйгалло бакъо ца йеллера цунна, кхерам теснера, терроризмаца доьзна шаьш бехкзуламан гIуллакх дуьхьал доккхур ду, нагахь санна, иза дIавала гIортахь аьлла. "МуьтIахь" иза вац аьлла, шеконаш кхоллайеллачу селхана цуьнан хиллачу белхан накъосташа лецира иза.
  • Зазадокху-баттахь оппозицин 1АДАТ боламе орца дийхира жимчу стага, Оьрсийчуьра араволуш гIо дахьара шена аьлла. Цуьнгара шайна оьшу информаци схьа а эцна зIе хадийра 1АДАТ-Н жигархоша, шайна хетарехь, нохчашна а, Украинан маьршачу бахархошна а дуьхьал зуламаш лелийна лелийначу стагана гIо дан декхаре дац шаьша аьлла. Иштта 1АДАТ боламо ницкъахочун дийцар нахаладаьккхира. Оцу хиламо шуйра дийцарш дитира Къилбаседа Кавказехь болх бечу бакъонашларйархошлахь. 1АДАТ-н жигархой тешна бу, шаьш анонсана публикаци йарна лаьцна вац Халидов, хIунда аьлча, цул хьалха дуьйна лоьхуш вара иза, ткъа жигархоша шайга дIахаийтиннашехь бакъонашларйархоша шина баттахь иза пачхьалкхера араваккха ца хьоьвсира.
  • Украинехьа тIом бечу (ОБОН) нохчийн леринчу Iалашонийн къаьсттинчу тобанан хилла декъахо Джамбетов Хьусайн Соьлжа-ГIала йухавирзина. Иза Соьлжа-ГIала ма кхеччинехь, машанашкахь гучуйевлира и декъехь волуш йаьхна видеош. Цу видеошкахь Кадыров Рамзанан рожана ша резахилар дIахьедан а кхиира иза. Цунна долийна терроризман артиклаца бехктакхаман гIуллакх ду, иза ша лехамашка велла а ву - амма цу дерригено цунна новкъарло ца йира Нохчийчу верза. Хилларг йамартвалар а, тохар а ду элира батальонехь. Делахь а, Ичкерин маршонан агIончийн шеконаш йу, Джамбетовх кадыровхошна цхьа чIогIа коьрта информацин хьаст хир ду аьлла.
  • Хьалхо 1АДАТ болам вовшахтоьхначу Янгулбаев ИбрехIима дийцира Кавказ.Реалиин сайтана, масийтта шарахь Кадыровн рожана критика йарх, социалан машанашкахь Нохчийчохь бакъонаш ларйеш цахиларх лаьцна дуьйцуш, тобанаш вовшахйеттарх а. Оцу тIехула 20I5-чу шарахь нохчийн ницкъахоша лачкъийра иза – эхашарахь къайлахчу набахтенан ларми чохь латтийра иза, Iазапаш хьоьгуьйтуш.
  • 1АДАТ оппозицин боламо бехкбиллира нохчийн блогершна Абдурахманов Тумсона а, Халитов Хьасанна а Кадыров Рамзанера даккхий ахчанаш эцарна. 1АДАТ-н версица, Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикашна "тIелатарш" вовшахтоьхначийн цIарах делла дара ахчанаш. ТIаьхьа Абдурахмановс хиллачух шен верси йовзийтира, цо хаамбира, киллерш Iехийна ша, хIоттийна видео а йаьккхина аьлла.