Польшин Iедалхоша лаьцна Дагестанера къайлахчу сервисийн урхаллин талларан декъан хилла белхало Наврузбеков Эмран, цунна депорт йан дагахь бу. 2017-чу шарахь Оьрсийчуьра веддера иза - пачхьалкхана кхерам болчу нахах хIоттийначу тептаре иза йазвайта тIетевжира кхел. Цунах лаьцна хаамбина "Агентство" гIирсо, Наврузбековн хIусамненан а, кхелан документаш тIера а информаица.
"Агентствон" хаамашца, Навзурбеков 2017-чу шарахь тховкIело йехначу Наврузбековна дуьхьало йина, изза дехарца йуха а Iедале велира иза стохка гIадужу-баттахь. ХIетахь дуьйна Куявско-Поморское олучу кIоштахь мухIажарийн куьпахь латтош вара иза, стигалкъекъа-беттан 17-чохь цигахь лаьцчхьана
Бахьана долчух тера ду Наврузбековс куьпахь лела низамаш дохор, иштта, кхелан сацамца а догIуш, ша лоцучу заманчохь полисхоша бохург ца дина цо, дера а хилла иза. Цо ша, хIусамнанас дIахьедарехь, и бакъ ца до.
Наврузбековна депортаци йеш сацам бина, цунна латкъам бан дагахь ву иза. Карарчу хенахь тIебаьхкина нах ларбечу Пшемыслера центре дехьаваьккхира иза марсхьокху-беттан 15-чу дийне кхаччалц.
Наврузбековн хIусамнанас билгалдаьккхира Польшина кхерам бохьучу нехан тептаре иза мича бахьаница ваьккхина, шайна хууш дац аьлла.
- Бакъоларйаран Gulagu.net проектана Iай йеллачу интервьюхь Наврузбековс дийцина, Дагестанехь "террохойн гIуллакхаш" муха кечдо, цу тIехь ницкъахоша премеш а, седарчий а дахарх. Доккхачу декъана, цо дийцира шайггара лелочу терактех, "террорхой бу" а бохуш, нах хIаллакхбарх, Iазапаш хьегийтарх, царна герз а, наркотикаш а кхийсарх а.
- Иштта Iай Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь а Наврузбековс дийцира ма-дарра агентурин балхах, церан зуламашкахь дакъа ца лацархьама, ша саанна пачхьалкхера бевддарш кхин а хиларх а. Иштта цо чIагIдо, Къилбаседа Кавказера дIабахначу оппозицин жигархойх лаьцна информаци гулйан шен куьйгалло Туркойчу ша хьажош хиларх а.
- Лахьанан-баттахь Венехь Польшин векалтана хьалха митинг хIотийра ночийн мухIажарна Акиев Iаьлвина Оьрсийчу депортаци ма йе аьлла. Хьалхо Варшавера кхело даредира, Оьрсийчохь Акиевна тIехь ницкъбан тарло, амма хIетте а иза дIавала хьийза аьлла.
- Стохка зазадокху-баттахь Оьрсийчоьнан дехарца лецира Украинера тIамах ведда воьду дагестанхо Зубагиров Магомед. Москвара "Медведь" олучу номер 4 йолчу СИЗО хьажийра иза. Кху шеран оханан-баттахь ХIинжа-гIалара Кировн кхело бехкевира Зубагиров, зулама деш хиларх шайга схьа ца хаийтарна. 30 эзар сом гIуда тIедожийра цунна. Зубагиров СИЗО-хь латтош хиларехь, кхечу зуламашна а цхьаьна бехкево иза, муьлхачу бехкана – билггал хууш дац.