Оьрсийн эскархоша почтехула кхо тонн хIумнаш кхехьийтина Украинера Кавказе

Мариуполехь йохийначу гIишлонна хьалха оьрсийн байракх

Оьрсийчоьнан Украинаца долчу дозанера Къилбан а, Къилбаседа Кавказан регионашка оьрсийн эскархоша 3 230 кг хIумнаш кхехьийтина СДЭК сервисца – иштта хаамаш даладо "Медиазонас" шен талламехь.

Оьрсийчоьнан а, Белорусин а дозаннашна уллерчу гIалашакара а, иштта Чиллан-беттан 24-хь тIом болабелча трафик аномале лакхаяьллачу меттигашкара а масех сахьтехь яьхна видеош теллина журналисташа, – оцу тайпа "тамашена" 60 СДЭК-ан дакъойн тептар хIоттийна, дIакхоьхьуьйтучу хIуманийн юккъера бараман йозалла цигахь тIом болабалале хиллачул дукха лекха ю.

Гучудаьлла, Чиллан-беттан 24-чу дийнера Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийне кхачалц уггара дукха хIуманаш хьежийна почтехула Дагестане – 1,2 тонн, цуьнан ах ца кхоччуш (514 кг) Буйнакске, кхин а 454 кг – Махачкала, 243 – Каспийске. Ставрополан махка кхаьчна 1,1 тонн почтехула хIуманаш (203 кг Минеральные Воды гIала, 500 кг Михайловске, 240 кг Невинномысске, 222 кг Буденновске). Кхин а 854 кг эскархоша Нохчийчу яхьийтина – 444 кг Гуьмса, 410 – Соьлжа-ГIала а.

Цул сов, тIом болабелча Краснодаре 1,4 тонн хIуманаш кхаьчна Украинера, Ростов-на-Дону гIала – 1,2 тонн, амма еккъа цхьана хIуман юккъера бараман йозалла 4,5 кг хилла. "Медиазонас" иштта Ростован махкарчу Таганроган уллохь Iуьллу Покроское-эвлара почтан дакъа "тамашийначех" цхьаъ ду аьлла хьахийна – цигара еза хIуманаш кхоьхьуьйтуш хилла Оьрсийчоьнан кхечу гIаланашка, Соьлжа-ГIалана тIера Владивостоке кхачалц.

Ша СДЭК компанино и хаамашна цкъачунна цхьа а комментарий ца йина.

  • 2022-чу шеран Зазадоккху-Охан беттанашкахь оьрсийн эскархой Украинерчу сурсатийн туьканашна тIелеташ видеош гучуевлира, иштта гIардевллера украинхойн хIусамашкара техника лечкъочу салтийн-талорхойн сарташ. Вуно яьржира оьрсийн эскархоша техника а, хIуманаш а курьерийн СДЭК сервисехула Рубцовск, Москва, Чита, Омск, Новосибирск, Биробиджан а гIаланашка новкъайохуш яьккхина видео. Эскперташа бахарехь, бехктакхаман гIуллакхе царах жима дакъа бен ца доьрзу: тIеман буьйранчаша хьулбо рогIера салтий, хIунда аьлча, муьллачу ЧП-но уьш а юьхьIаьржа хIиттабо.
  • Украинерчу Мелитополехь лачкъийна йолу юьртбахаман техника гучуелира Соьлжа-ГIалина генахь йоцучу Закан-Юьртахь. Цхьаъ ах миллион еврона мах болу техникан цхьа дакъа Нохчийчу кхаьчна хиллера, машенаш GPS-маякашца гучуяьлла хиллера. Амма цаьрга болх байта аьтто ца баьлла – CNN зорбано бахарехь, комбайнашна геннара блок тоьхна хиллера.
  • Охан-беттан 26-хь оппозицин блогера Белокиев Ислама аудио арахийцира, цу тIехь вевзаш воцчу стага нохчийн маттахь дуьйцу, Куршларчу кхаа кадыровхочо Украинехь талораш лелийнахила тарло, аьлла, зуьдаршна дашон тIеоьхкинарш схьа а йохуш. Ойсхарара схьаваьллачу шайн накъоста бехк баьккхича, иза герз диттина вийна хиллера цара.