Олимпиадин борзанан мидал яьккхина дзюдон спортхочо Борчашвили Шемала

Борчашвили Шемал

Гуьржийчуьрчу ПаьнкIазара схьаваьлалчу, Австрин цIарах Токиохь дIахьочу Олимпиадехь тасавеллачу 26 шо долчу Борчашвили Шемала борзанан мидал яьккхина 81 килане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь.

Билгалдоккху, дуьххьара хиллачу латаршкахь Португалехьа летачу Эгутидзе Анрица толам баьккхира цо, ткъа борзанан мидал йоккхуш туьйлира Германера Рессел Доминика эша а веш.

Absolute Championship Akhmat лиган вице-президенто Бадаев Асланбека "ХукВам" шоун эфирехь дийцира, Дагестанан латархочунна Нурмагомедов Хьабибна 440 миллион сом дала кийча бу Соьлжа-ГIалахь, шайн цIарах иза латахь аьлла.