Олимпиадина дина тохар? Францихь теракт кечйарна бехкево Нохчийчуьра вахархо

Франци, Париж. Гайтаман сурт

Нохчийчуьра схьаваьлла 18 шо долу вахархо лаьцна Францихь, иза бехкево Олимпикан ловзарш доьлхучу хенахь цхьана футболан матчехь теракт йан кечам бина бохуш. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, оцу гIуллакхах лаьцна хууш долчух а, нохчийн диаспорера векалшна цунах хетачух а.

Стигалкъекъа-беттан 22-чохь къайлахчу сервисаша лецира Б.Рохьман. Исс де даьллачу хенахь Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIакхайкхийра, Сент-Этьен стадионна уллохь хьовсархошна а, полисхошна а тIелата кечулш хиллера иза, "бала хьоьгург санна вала а дагахь" аьлла. Лацале хьалха а дуьйна и жимстаг шайн тергонехь латтош хиллера Iедалхоша, билгалдаьккхира чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманен Жеральда. Le Parisien газетин хаамашца, бехкевийриг Франци веанера 2023-чу шарахь шен деца-ненаца а, вежаршца а, цуьнан доьзало тховкIело йехна а хиллера.

Терроризм цхьана къомах йу баха мегар дац вай

Жимстаг лаьцнера шен цIахь, "таллам бинчул тIаьхьа". "Жоффруа-Гишар" стадионна уллохь даьхна суьрташ, видеош карийнера цуьнгахь, ишта телеграмехь къайладаьхьна йозанаш а, кириллицехь йаздина а цхьаьна. Цхьана хаамехь цо дIахьединера, боху: "Ас кхузахь теракт йинехь, дуккха а нах хIаллакхир бара".

Йуьхьанца дуьйна францхойн хаамийн гIирсаша талламна тIе а тийжаш хаамбира, лаьцнарг воьзна хилла "Исламан пачхьалкх" олучу тобанан гараца, овхIанхойн "Вилаят Хорасанца" аьлла. Ала догIу, оцу тобана тIедиллина "Крокус Сити Холлехь" дина тIелетар а (оханан-баттахь президенто Макрон Эммануэля бохура, ДаIишан оцу декъо Францихь а цхьаьна кечйеш хиллера теракташ). Делахь а тIаьхьо чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманен Жеральда дIахьедира, лаьцначун Iалашо хиллера цхьана билгалйаьккхинчу террорхойн организацин цIарах а ца лелаш, шеггара – уьрсаца тIелета.

Ша Рохьмана а бакъдира, радикалашца къамелаш дина ша, амма тIелатарш кечдеш вара боху бехкаш бух болуш дац аьлла. Йуьхьанца цу гIуллакхехула иштта лаьцнера цуьнан кхиазхо волу ваша, амма тIаьхьо цунах хилла шеконаш дIайехира, иза маьрша ву.

Шен махкахочунна бехкаш дахкарх шеконаш хиларан бахьанех лаьцна дийцира Европехь болх бечу "Цхьааллин ницкъ" боламан векало Музаев Сайхана. Цуьнан дешнашца, нохчийн кегийрхой дукха хьолахь ларлуш ца хуьлу чаташкахь, ткъа иза бакъоларйаран органаша боккъал долуш санна тIеоьцу.

"Сан хьежамашца, теракт кечйеш хилла бохучу, лаьцначу тIаьххьарчун хьокъехь хеттарш жоьпел а алсамох ду сан", - билгалдаьккхира къамелдечо.

"Леррина дина хIума"

Терроран кхерам лаьтта аьлла, зазадокху-баттахь дIакхайкхийра Францихь. Олимпикан а, Паралимпикан а ловзаршца йоьзна гIишлош дукха леррина ларйеш йу. Бараман ха дан хIиттийначу белхахойх 250 стаг дIаваьккхира – радикалашца уьйраш йу аьлла шеконаш кхоллайелла а, кхин а 800 стаг къайлахчу сервисийн тергонехь ву хIора денна.

ТIаьххьарчу йалх шарахь пачхьалкхехь дерриг а хилларг кхоъ тIелатар ду, Къилбаседа Кавказера схьабевллачу наха дина.

2018-чу шарахь Нохчийчохь винчу 20 шо долчу Азимов Хьамзата тIелатар дира Парижа йуккъехь дIасалелачу нахана, царех цхьаъ вийра цо, веанна чевнаш йира. Иза лаца хьийзачу хенахь герз тоьхна вийра. ТIелатарх жоьпалла шена тIеийцира "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано. Стохка гурахь оцу гIуллакхца доьзна таIзар дира нохчочунна Анаев Хьакимна – чохь даккха итт шо кхайкхийра цунна и зулам дан Азимов тIехьехарна.

Парижаана чувуллучохь 2020-чу шархь вийра 47 шо долу географин, историн хьехархо Пати Самюэль. Цунна тIелеттера 18 шо долу нохчо Анзоров IабдуллахI. Жимчу стеган дакъа даймахка дIакхачийра, цигахь меттигерчу Iадаташца дIавоьллира иза, вазвеш. Йуьхьанца дуьйцура, Пати вийна йоьдучу урокехь Мохьмад Пайхамарна йехкина карикатураш цо дешархошна гайтарна бохуш. ТIаьхьа билгалделира, цхьана йоIа-дешархочо хьехархочух лаьцна харцдерг аьлла хиллий.

2023-чу шеран гIалжу-баттахь Аррас гIалахь керла тIелатар дира уьрсаца. Францхойн меттан а, литературин а хьехархой Бернар Доминик вийра, кхин а кхоъ стаг лазийра. ТIелеттарг лецира – иза хиллера ГIалгIайчуьра орамаш долу Могушков Мохьаммад. Францхойн зорбанаша дийцарехь, ша зулам дан аравалале хьалха "Исламан пачхьалкхана" ваIда дина хиллера цо, Израило ХЬАМАС (Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Евробертан пачхьалкхашкахь а террорхойн лаьрра) тобанца болийна тIом а хьахош.

Аррасехь тIелетар динчул тIаьхьа чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманен Жеральда бохура 16-25 шераш долчу Кавказера бахархошка "леррина хьожуш хила веза" аьллера.

Стигалкъекъа-беттан 28-чохь францхойн полицино кеп-кепарчу гIаланашкахь шуьйра леррина операци дIайаьхьира, лецира цигахь нохчийн диаспорера 10 стаг, радикализацина бехкевина. Царех цхьаберш, меттигерчу зорбанан гIирсаша хаамбарехь, боьзна бара боху къайлах белхаш барца а, адамаш а, герз а дохкарца а.

Шайн меттиг ца карийна?

Республикера схьабевллачу кегийрхойн радикализаци берзаран цхьадолчу бахьанех кхетийра францхойн журналисто, йаздархочо, Нохчийчуьра хьолан эксперто Нива Аннас. Цо дийцарехь, керлачу йукъараллех дIаэн ницкъ ца кхаьчна церан, Оьрсийчоьнан бомбанех бевдда, шайн бераш кIелхьарадаьхначу баккхийчарлахь а ца карийна царна ишта меттиг.

Нохчийн диаспоран векалша доккхачу декъана реза бац, францхойн полицино радикализацина бехкеберш къам а хьахош билгалбахарна.

"Маггане а мегар дац терроризм цхьана къомах йу баха", - дIахьедира Страсбургера маьждигехь имам лаьттинчу, Ичкерин гIуллакхдархочо Албаков Шемала.

Цо бахарехь, Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло лаьцнарг мича къомах схьаваьлла ву дуьйцу, амма, нагахь санна, и буьйцурш Нохчийчуьра белахь. Оцу тIехула йоллу диаспорех харц ойла кхоллайала а гена дац, ткъа уьш бу оцу пачхьалкхехь иттаннашкахь эзарнаш. Францихь дуккха а нохий бу меттигерчу йукъараллех дIаийна.

Оцу тайпа шен ойла хилар къадийра Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада а. Нохчийчуьра бахархойх пайда а оьцуш, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша питанаш леладойтуш хир ду Европехь бохура цо.

"Оцу кепара, Олимпиада санна барамаш дIахьочу муьлххачу а пачхьалкхехь бакъоларйаран органаша кхерамзалла латтайо, ца оьшу сценареш ца хилийта Iалашонца белхаш бо. Амма ца оьшу и зуламаш цхьана къомо до баха а, и стаг схьаваьлла доллу къам дийца а", - дIахьедира къамелдечо.

Тахана Европан пачхьалкхашкахь бехачу шен махкахошка кхайкхамбира цо, меттигерчу Iедалхошца йукъарлонаш лелош хила, зуламаш ца хилийтархьама аьлла.

"Йукъараллех дIаийна Iаламат дуккха а нохчий бу Францихь. Цара лору оцу пачхьалкхан низамаш, баккхийбоь уьш шайна халачу хенахь тховкIело йаларна а. Нохчий, ца бевллачу денна шайн мехкашкара арабовла декхаре хилла кхин болу мухIажарш а санна, бакъахьара нах бу",- дерзийра Закаевс.

  • Нохчийчуьра бахархошна арахь такха хенаш йиттира кху шеран зазадокху-баттахь нускал далош богIучу хенахь кхераме машенаш хехкарна. Париж а, Бордо а цхьаьнатуху пачхьалкхера уггар а боккха некъ дIалаьцна хилла цара.
  • "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано жоьпалла шена тIе а лоцуш, "Крокус Сити Холлехь" теракт йинчул тIаьхьа тIеман а, политикан а аналитикаша дIахьедира Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашкара ледарло йаларх – иштта Къилбаседа Кавказехь терроримзаца къийсам латтош ду шьаш бохуш, кепаш хIитторна а.
  • Европера нохчийн диаспорин векалш масийттаза акцешка бийлира Украинехьа гIо дохуш, иштта Оьрсийчоьно 2022-чу шарахь тIом болабале хьалха а цхьана.
  • Оццу шеран гурахь Украинан лакхарчу радехь сацам тIеийцира Нохчийн Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина мохк бу аьлла, йемалйира нохчийн къомана йина геноцид а.