Дуьненан Олимпиада: нохчийн лар

Абдурашидов Iадлан – бокс, 26 шо, нохчо, Оьрсийчоьнан боксан чемпионатан призер, Казанерчу Универсиада-2013 толамхо.

Болтукаев Анзор, паргIат кепан охатохархо, 30 шо, кхушара Европан чемпион ваьлла, дуьненан чемпионатехь йоьзан мидал яьккхина.

Горичева Карина – еза атлетика, 23 шо, Казахстан, да – Хаважи, нохчо, нана – Елена, оьрси. Ез даьккхина Рио-де-Жанейрохь йоьдучу олимпиадехь деношкахь.

Альбиев Ислам-Бек – желтойн-риман кепехь охьатохархо, 28 шо, Оьрсийчоьнан, дуьненан, 2008-чу шеран Олимпиадан ловзарийн толамхо, дуьненан чемпион.

Биярсланов Артур – бокс, 21 шо, Хасу-Юртара схьаваьлла, Канадехь веха 11 шо ду, Канадин кегийрхошлахь кхузза чемпион, дуьненаюкъарчу къовсамийн призер, Панамерикан чемпионатан толамхо, Олимпиаде вахана канадин ц1арх.

Ефимова Юлия – некадархо, 24 шо, Соьлж-ГIалахь йина, Олимпан ловзаршкахь кхузза совгIатдаьккхина, доьазза яьлла дуьненан чемпион, кхузза – Европан.

Магомедов Ислам – желтойн-риман кепехь охьатохархо, 25 шо, 2015 шеран дуьненан чемпионатехь йоьзан мидал яьккхина, Европан чемпион ваьлла стохка.

Хаджиев Зеламха - паргIат кепан охатохархо, 22 шо, Хасу-Юьртара, 2004-чу шарахь мухIажир ваьлла, Францерчу Ниццехь веха, францхойн кегийрхошлахь дуккхаза а ваьлла чемпион, Францин олимпан тобан декъашхо,

Саритов Альберт - паргIат кепан охатохархо, 31 шо, Хасу-Юьртара, Оьрсийчоьнан чемпион, дуьненан чемпионатан призер, Румынехь веха, цигарчу олимпан тобан декъашхо.

Нохчийчуьра схьаваьлла я цигара дIабаханчу доьзалехь вина 9 спортхо ву Рио-де-Жанейрохь Олимпан ловзаршкахь дакъалоцуш. 5 ву Оьрсийчоьнан сий къовсуш, 4 - кхечу пачхьалкхийн.