ООН: дуьненахь 83% адамаша нийсо ца лелайо зударшца

Куьзганан тхов тIехь

60 пачхьалкхехь 83% бахархоша шатайпа харцо лелайо зударшца, боху ООН-н Кхиамийн программин керллачу талламехь. Цунах лаьцна дуьйцу Свобода Радионо.

Талламашца а догIуш, 2017-2022 шерашкахь зударшка цатешамца хьоьжура 81% зударий а, 85% божарий а. Политикица, экономикица, Iилманан сферашца, иштта тIе куьг кховдо мегарг цахиларх йоьзна шеконе ойланаш хиларх дIахьедира цара. Итт шо хьалха бина хиллачу талламца дуьстича, жамIаш кхин хийца ца делла, аьлла хета докладан авторшна.

Хеттарш динчех ах гергга дакъана хета, политикан хьалханчан, йа бизнесан долахочун васт божарша гIолехьа леладо зударшачул а. 67% адамаша тIелоцу божарша шайн зударшна йеттар, йа муьлхха а аборташ нийса ца хета царна.

Хеттарш диначех болчу Оьрсийчоьнан бахархойх 10-нна йуккъера 9 стеган шайтайпа харц ойланаш йу зударшкхьа. 70% адамаша бохура, политикан, экономикан куьйгалла лелорехь божарийн зударел а чIогIа корматалла йу, 57% – зудчунна тIекховда цамогорах лаьцна а бистхилира. Амма 2010-чу шерашкахь дуьйна хьал политикан агIонехь бен ца таделла – эха процентана герга. Диссина жамIаш кхин а чолхе ду.

Зударшкахьа уггар кIезга озабезаме ойланаш йолуш хилла Керлачу Зеландин бахархой: царах 72% стаг ву цхьа а озабезаме ойланаш йоцуш. Таджикистанехь зударшкхьа харцонан ойла йолуш хилла хеттарш динчу нахах 99,9% бахархой. Цул сов, цхьа а стаг ца карийна, зударшкхьа цхьа а озабезаме синхаам болуш – изза гучудаьлла Ливехь, Нигерехь а. Пакистанехь цхьа а зуда дуьхьал ца хилира шех лаьцна йолу нехан ойланаш хазийча.

Феминистийн боламаш а, #MeToo акцеш а хиллашехь, зударийн бакъонашкахула долу хьал талхочу бахьанех ду боху эксперташа Афганистанехь "Талибан" боламо Iедал дIалацар, Трамп Дональд Цхьанатоьхначу Американ Штатийн президент харжар, иштта Къилбан Корейхь "антифеминистийн" хьежамаш болу куьйгалхо Юн Сок Ель хIоттор а.

"Суна дегайовхо ло, кегийрхой оцу хьолана реза цахиларо а, йукъараллехь цхьатерра адамийн бакъонаш хила лууш уьш хиларо а", – аьлла хета немцойн гендеран талламхо йолчу Штёкль Хайдина.