ООН-н адамийн бакъонашкахула леррина докладхо хIоттийна Нохчийчохь болх бина бакъоларйархо

Кацарова Марьяна

ООН-н адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташо болгархойн бакъоларйархо Кацарова Марьяна хIоттийна Оьрсийчохь адамийн бакъонашкахула леррина докладхо, йаздо Сибирь.Реалии сайта, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин сайтехь бинчу хаамна тIетевжина. Хьалхо Нохчийчохь болх беш йара иза тIемаш боьлхучу заманчохь, Къилбаседа Кавказа адамийн бакъонаш талхорах йечу мониторингехь дакъалоцуш а йара иза.

ХIара дуьххьара ду историхь, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин кхерамзаллин Кхеташонехь йолчу пачхьалкхехь докладхо хIоттош. Адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонна юкъара йаьккхира Оьрсийчоь стохка. Кацарова хIотторах сацам тIеийцира дуккхаъчу пачхьалкхаша кхаьжнаш тесна: 28 цуьнгахьа йара, шиъ (Китай, Эритрей) – дуьхьал хилира, 17 – тапъаьлла Iийра. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин​ кхерамзаллин Кхеташонехь йолчу пачхьалкхехь докладхо хIоттош. Адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонна юкъара йаьккхира Оьрсийчоь стохка. Кацарова хIотторах сацам тIеийцира дуккхаъчу пачхьалкхаша кхаьжнаш теснота: 28 цуьнгахьа йара, шиъ (Китай, Эритрей) – дуьхьал хилира, 17 – тапъаьлла ийра.

Оьрсийчохь адамийн бакъонаш ларйарна тIехь мониторинг оьшуш хиларх сацам тIеэцнера кхеташоно стохка гIадужу-баттахь, "чоьхьарчу репрессешна а, арахьарчу тIамна а юкъахь зIе" хиларна тIе а тевжина. Женеверчу ООН-ехь Оьрсийчоьнан гуттар а векал волчу Гатилов Геннадийс хIетахь йемалйира и резолюци, Малхбузенан гIирс хуьлуш бу организацих аьлла.

Оьрсийчохь репрессеш йар чIагIдаларан терго йар доьхуш, Оьрсийчоьнан а, дуьненаюкъарчу а 84 НКО-но динчу дехарна жоп далар хилира резолюцих. Оьрсийчоь тIамца Украине гIоьртинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан бакъоларйаран организацеша кхайкхам бира Евроберте, Оьрсийчохь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула леррина докладхочун мандат кхолларх резолюци тIеэца аьлла.Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин​ адамийн бакъонашкахула леррина докладхочун полномочий кхолларх резолюци тIеэца аьлла.

2022-чу шеран оханан-беттан юьххьехь ООН-н адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонера дIайаьккхира Оьрсийчоь Бучехь иттаннашкахь маьрша бахархой байинчул тIаьхьа. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин​ адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонера дIайяьккхира Оьрсийчоь Бучехь иттаннашкахь майрша бахархой байинчул тIаьхьа.

Кацарова Марьяна – бакъоларйархойн боламан ветеран ю, шен некъ болийра цо дуьххьара журналист санна, Нохчийчохь тIемаш боьлхуш болх бира цо, иттех шерашкахь Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш талхош хиларна тIехь мониторин латтийра Amnesty International организацин талламхо санна.

ТIаьхьо бакъоларйархочо куьйгалла дира Украинехь а, Беларусихь а адамийн бакъонаш ларйарна тIехь мониторинг йеш, иштта Британихь Iедалшца йоьзна йоцу Reach All Women in War ("Дотянуться до всех женщин на войне") организаци кхоьллира цо. Политковская Аннин цIарах хIора шарахь совгIаташ доькъу цу юкъаралло.