Оппозиционерийн нана Мусаева хенал а хьалха маьршайаккхийта дуьхьал хилла Нохчийчуьра колони

Мусаева Зарема

Шена кхайкхийна таIзар Мусаева Заремас токхучу Устрада-ГIалара колонин куьйгалло дехар дина, иза хенал а хьалха ара ма йалийта. Нохчийн оппозицин жигархойн-вежарийн ЯнгулбаевгIеран нана йу Мусаева. Иза бехкейина полисхочунна тIелатарна а, хьарамлонаш лелорна а. Бакъоларйархошна хетарехь, политикан бух болуш ду иза лацар.

Колонира Мусаевах лаьцна кхеле амалш, башхалонаш билгалйоху кехат кхачарх хаамбина "Iазапашна дуьхьал Команда" тобано, цуьнан адвокатана Савин Александрна тIетовжарца. Документа тIехь билгалдоккху, тутмакхера даьхна бехкаш дац, цо къепе ларйо, шен йуьжу меттиг цIена а латтайо аьлла.

Делахь а тобанхой кхетош-кхиоран белхан хьаькамо йаздо, "шантаж йечу кепехь лелар" ду Мусаеван, шен бехк хилар тIе а ца лаьцна цо, кхетош-кхиорах лаьцна ден къамелаш реза хиларца тIе ца оьцу аьлла. "Шантаже лелар" бохург хIун ду а, кхетош-кхиоран хIун къамелаш ду а дуьйцурш, билгал ца даьккхина.

Колонихь болчарна хетарехь, "таIзар даран Iалашонаш кхочушйина йац", оцу буха тIехь доьху Мусаевана УДО йала дуьхьало йе аьлла.

Савина билгалдоккху, УДО-хула чуделла кехаташ луьстучу хенахь бехк тIелаца дуьхьал хилар ларар Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхело доьхку, делахь а, "Iазапашна дуьхьал Командин" куьйгалхочо Бабинец Сергейс карладоккху, "Заремин гIуллакхехь хIинццалц мел хилларг а логикин а, гIиллакх-оьздангаллин а, ур-атталла Оьрсийчоьнан Федерацин низамашца а догIуш дац".

Мусаева хенал хьалха арайаккхар доьхуш кехаташ чуделлера Савина Нохчийчоьнан Шела гIаларчу кхеле гIадужу-беттан 19-чохь, и луьстуш кхеташо гIуран-беттан 11-чохь хилийта лерина бу.

  • Мусаева Зарема – бакъоларйархочун Янгулабев Абубакаран а, 1АДАТ-ца боьзначу оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран БойсгIаран а, ИбрахIиман а нана йу.
  • Дечкен-беттан 20-хь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха I5 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.
  • 54 шо долу Мусаева инсулинах йоьзна йу, диабет а, кхин а лазарш шен дегIаца долуш йу иза. Лаьцна латточу йукъанна могушалла кхин тIе а эшнера цуьнан.
  • Мусаева дIайигначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь ЯнгулбаевгIеран доьзална бекхам бийр бу ша бохуш, кхерамаш тийсира Кадыровс. И шен кхерамаш карлабехира цо шен видеокъамелехь. Цуьнан кхерамаш тийсарна тIетевжира нохчийн баккхий хьаькамаш, ницкъахой а. Чиллин-беттан 2-хь Соьлжа-гIалин коьртачу майданахь цара дIабаьхьира ЯнгулбаевгIар сихсазбарна лерина гулам - цигахь церан доьзалан суьрташ дагийра, этIийра, суьрташна тIе когаш биттира.
  • 2023 шеран товбеца-беттан 4-хь набахтехь даккха пхи шо, ахшо туьйхира Мусаевана. Апелляци йича таIзар малдира -йукъарчу хьелашкара колнихь йаккха тоьхна хан хийцира маьршачу хьелашкахь йолчу колонихь токхуьйтуш, ахшо тIера а доккхуш. Гезгамашин-бутт бовш Мусаева Устрада-гIалара колни поселени дIайигира.
  • Бакъоларйаран "Поддержка политзаключенных. Мемориал" тобано политикан тутмакх лерира Мусаева Зарема.