Нохчийчуьра Лакхарчу кхело 5,5 шарна тIера ахшо дIа а даьккхина, колонихь даккха 5 шо дитина Мусаева Заремина. ТаIзар кIаддан бахьана лерина кхело цуьнан дегIаца дарба доцу лазарш хилар, хаамбина Сотас.
"Аса дина дац зулам, соьгахь гIора а дацара", - далийна Мусаеван тIаьххьара дешнаш гIирсо.
Адвокаташа Немов Александра а, Савин Александра а апелляцин арз чудаларна Мусаеван гIуллакх луьстуш Нохчийчуьра Лакхарчу кхелера кхо суьдхо вара. Кхеташонехь шиъ йукъара велира – Заремин хIусамда, федералан кхелахо лаьттина Янгулбаев Сайди, царна вевзаш вара, уьш цхьаьна болх бина а хиллера, йаздо "Осторожно новости" телеграм-канало.
Милашина Елена – кхеле ца йеара. Апелляци йолуш йан дагахь хиллера иза, амма дохкойелира "Iазапашна дуьхьал Командо" цуьнан Iалашонех дерг зорбане даьккхинчул тIаьхьа. Цуьнан метта "Новая газета" редакцин кхин журналисташ бара баьхкина.
Адвокат Немов Александр а вацара кхеташонехь. Мусаеван интересаш йовзуьйтуш вара кхин адвокат – Савин Александр. Апелляцин таIзар кхайкхадале хьалха цо дIахьедира шена тIаьхьабевлла нах хиларх. "Iазапашна дуьхьал Командо" бира цунах лаьцна хаам.
Бакъоларйархойн информацица, мила ву цахуучу стага улло а веана, сурт даьккхинера цуьнан Нохчийчуьра Лакхарчу кхелан КПП-на хьалха, цул тIаьхьа сихха дIавахара.
Мусаева Зарема – бакъоларйархочун Янгулбаев Абубакаран а, 1АДАТ телеграм-каналца боьзначу оппозиционерийн ЯнгулбаевгIеран ИбрахIиман а, Бувайсаран а нана йу.
2022-чу шеран дечкен-баттахь кадыровхоша лачкъийра Лаха Новгородера церан петар чуьра иза. Соьлжа-ГIала схьайалийначул тIаьхьа 15 дей-буьйсий туьйхира цунна цкъа полисхо сийсазвина аьлла, тIаьхьо бехкзуламан гIуллакх диллира цунна дуьхьал ницкъахочунна тIелеттера аьлла.
2023-чу шеран товбеца-беттан 4-чохь Мусаевана пхи шой ахшой кхайкхийра колонихь даккха, курхаллаш лелорна а, Iедалан векална дуьхьал ницкъбаккхарна а.
Бакъолархошна хетарехь, зудчунна тIаьхьабовлар политикан бух болуш ду, адвокаташа масийттазза дIахьедира цуьнан гIуллакхехь харцонаш лелорах.
- 54 шо долу Мусаева инсулинах йоьзна йу, диабет а кхин а цхьа могIа дарба ца хуьлу лазарш ду цуьнца. Чохь латточу заманчохь дикка эшна цуьнан могушалла.
- Товбеца-беттан йуьххьехь Милашина Елена хьалхарчу инстанцин кхело таIзар кхайкхочу кхача гIоьртинера, амма аэропортера Соьлжа-ГIала боьдучу некъаца цунна а, Мусаева Заремин адвокатана Немов Александрна а къизаллица йиттинера. Милашинин хьен туьта лазийнера, кегдинера пIелгаш. Корта а баьшна, "зеленка" йоьттинера цунна тIе. Немовн когах урс тоьхнера.
- Милашина Еленина а, Немов Александрна а тIелатар динчара хIаллакдинера доллу документаш а, техника а, кхерамаш тийсинера коьрта тIе герз а лаьцна, и шиъ дуьйр ду бохуш. ТIелатар динчу хьалхарчу деношкахь Милашина дуьхьал йара нохчийн бакъоларйаран органийн белхахошца къамел дан, амма товбеца-беттан I4-чохь цуьнга хеттарш дира Нохчийчуьра талламчас. Цо дийцинера, иза Нохчийчу йухайагIахь, шаьш йуьйр йу аьлла, тIелеттачара шена кхерамаш тийсарх.
- Мусаева дIайигначул тIаьхьа, шолгIачу дийнахь ЯнгулбаевгIеран доьзална бекхам бийр бу ша бохуш, кхерамаш тийсира Кадыровс. И шен кхерамаш карлабехира цо шен видеокъамелехь. Цуьнан кхерамаш тийсарна тIетевжира нохчийн баккхий хьаькамаш, ницкъахой а. Чиллин-беттан 2-хь Соьлжа-гIалин коьртачу майданахь цара дIабаьхьира ЯнгулбаевгIар сихсазбарна лерина гулам - цигахь церан доьзалан суьрташ дагийра, этIийра, суьрташна тIе когаш биттира.
- 2023-чу шеран дечкен-баттахь Янгулбаев Абубакара шеца нана дIасахийцар хьийхира Кадыров Рамзанна. Мусаева лачкъийна шо кхочуш ша бинчу видео кхайкхам тIехь жигархочо бехкевира Кадыров "пачхьалкхан низамаш а, адаман сий а" дохорна. Цо билгалдаьккхира, лаьцна латтийначу оцу шарчохь Мусаева Заремин могушалла кхин тIе а телхина аьлла.