Орсийчоьнан 100 сов салтий каравахийта питана дина кадыровхоша Курскан кIоштахь - Sky News

Мангал-беттан 14-чохь Украинан тIеман ницкъаша Курскан кIоштахь йийсаре лецна Оьрсийчоьнан салтий

Оьрсийчоьнан эскаран 488-чу мототоьпан полкан 100 сов оьрсийн эскархо каравахна Курскан кӀоштарчу Украинан тӀеман ницкъашна, Нохчийчуьра эскархойн заградотрядаша тIе герз детта долийча. Британерчу Sky News телеканала эфирехь дӀахьедина цунах лаьцна тӀеман аналисто а, Паччахьан тӀеман Ӏилманийн институтан директор хиллачу Кларк Майкла а.

Цо дийцарехь, 488-чу полкан салтий, Украинан эскарийн доккхачу декъана дуьхьал нисбеллачул тIаьхьа кӀелхьара бовла гӀоьртинера бевдда. ТIаккха Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан армин эскархоша герзаш диттира царна. Цул тӀаьхьа Украинан тIеман ницкъашна йийсаре бахара уьш.

Кларка билгалдаьккхина, эскаре кхайкхина хилла кегийрхойх лаьттта рота йийсаре йахна аьлла, 18-19 шераш долу кIентий. Хьалхо иштта хаам баьржира, Стигалкъекъа-беттан 14-чу дийнахь Курскан кӀоштахь карабахначу эскархошна йукъахь хила мегаш бу "Ахматан" цхьахдолчу декъан тӀемалой аьлла.

  • Курскан кӀоштахь Украинан тIеман ницкъашна тӀелетар долийра мангал-беттан 6-чу дийнахь. Цунна дуьхьалбевллера ФСБ-н дозанхой а, эскаре кхайкхинарш а. Оьрсийчоьнан z-блогерша дийцарехь, регионехь доза лардеш хиллачу Кадыровн дакъоша дуьххьара тохарш дича шаьш ларйеш хилла позицеш дIатийсинера. "Ахмат" олучу спецназан буьйранчас Алаудинов Апти даредира, Нохчийчуьра Оьрсийчоьнан тӀеман министраллан декъан цхьаболу тӀемалой йийсаре лаьцна хиларх.