Батаева Хеда. Баба-Гуьйре

Your browser doesn’t support HTML5

Батаева Хеда. Баба-Гуьйре

Батаева Хеда

Баба-Гуьйре

ЦIузам-яйне лоькхуьйтуш
Синхаамийн мукъам,
Цхьана Iийр ю вайшиъ, гуьйре,
Товжуш Iаьнан букъах.

Суна лаьа, баба-гуьйре,
Хьан кIентан йоI хила,
Ахь дуьйцуш хьайн дашон туьйра,
Ткъа ас хьуна - иллеш.

Суна беза хьоьца машар,
Хьо къинтIера яла,
Ца Iаш, ас хьан можа кIажарш
Ца юьйцина, алий.

Хьан догIанийн дуткъа хьесий
Сайн корашца делхош,
Хьан аматаш хилча серсаш -
Сан амалш а телхаш.

Ас хьан можа патар-бецех
Довха юргIа дийр ду,
Со, хьан хIусам хилча еса,
Даим хьоьца Iийр ю.

Iенар ду хьан можа туьйра
ХIора патар хилла.
Лаьа суна, баба-гуьйре,
Хьан кIентан йоI хила.

1992