Лахьан-беттан 22-чу дийнахь 50 шо кхаьчна Далласехь Iамеркан президент Кеннеди Джон вийна. Иза вийнарг лоруш ву Освалд Ли ХIарви. Ши шо сов даьккхина цу стага Советан заманахь Iамеркера ша веддачу хенахь Беларусин коьртачу гIалахь Минскехь.
Цигахь Освалдана оьрсийн мотт Iамош хилла тIаьхьо маьрша Беларусин хьалхара куьйгалхо хилла Шушкевич Станислав. Цо дагалоьцу шен хилла дешархо Освалд Ли ХIарви Маршо Радион корреспондентаца Буторин Павелца хиллачу къамелехь.
Маршо Радио: Хьо Освалдана оьрсийн мотт Iамош цуьнца юкъаметтигаш лелийна ву. Хьуна муха стаг хийтира иза? ХIун ойла кхоллаелира хьан Освалдах?
Шушкевич Станислав: Сан чIогIа дика ойла кхоллаелира цунах. Цкъа делахь, цо лелош дерг могIарера советан заманан духар дара. Амма и духар товш дара цуьнгахь. Иза чIогIа товш стаг вара. Лелар вуно оьзда дара цуьнан.
Цхьа а сов долу хIума ца далийтара цо шегара. Цхь а хIума а ца хеттара цо. Ткъа тхуна дихкина дара цуьнга хетта мила ву иза, мичара ву, хIунда веана бохург? Тхан декхар дара цуьнан оьрсийн мотт шарбар.
Маршо Радио: Iамеркехь хиллачу шен дахарх лаьцна дийцарий цо?
Шушкевич Станислав: Дуьйцийла а дац иза. Цхьа дош ца элира цо. Суна хетарехь, цунна а хьехар динера (КГБ-но) суна сан партин секретаро санна, цхьа а хIума ма хетта аьлла.
Маршо Радио: Болх муха бора цо?
Шушкевич Станислав: Слесар санна иза дукха лахара корматалла йолуш вара. Иза сан ойла ю. ТIаьхьо Iаьмма хила а тарло иза.
Маршо Радио: Ткъа самукъа даларий цуьнан шен белхах?
Шушкевич Станислав: Суна хетарехь, цунна дерриг а дара заводехь сингаттаме.
Маршо Радио: Иза хьекъале стаг варий? Муха мах хадор бара ахьа цуьнан дешна хиларан?
Шушкевич Станислав: Кхетий шу, иза дукха адамашца тIекъаре йоцуш стаг вара. Цуьнан дешна хиларан мах хадо хала ду. Амма цунна оьрсийн мотт тоъал хууш хилар, аьлча а, шена хетарг цу маттахь дийцалуш а, кхеташ а иза хилар шеко а йоцуш дара.
Маршо Радио: Освалдах лаьцна дуккха а яздина кху тIаьхьарчу 50 шарахь. Ахьа хIун дуьйцур дара цунах лаьцна, цхьанхьа а хьахийна доцург?
Шушкевич Станислав: Хаий шуна, цунах лаьцна алсам дийцина, суна иза иштта хир ду аьлла соьга сайна дуьхьал хIотталур долчул а. Кхин а цхьаъ ала гIерта, цкъа делахь, сан лаам бац. Суна хетарехь, президент Кеннеди вер цуьнан бох бац. Сан хиллачу дешархочуьнан бох бац иза.