Тоьлла дешархо ву Отраднерчу школехь тIом бинарг

Оьрсийчоь - Отрадное-юьртахь дешархочо лаьцна школа, , 03Чил2014

Оьршотдийнахь Москохна гергарчу Отрадное-юьртахь школин дешархочо шен хьехархо а, полисхо а вуьйш, шина сохьтехь закъалте лаьцна латтийра цхьа класс. Муьлхачу бахьано ваьккхина хилла школин тоьлла дешархо террорхочун новкъа толлуш бу хIинца говзанчаш.



Гордеев Сергей – уьтталгIачу классан дешархочун цIе иштта ю – талла лела марзвеллачу шен ден ши топ а эцна, вахана географин хьехархочуьнгара чIир эца. Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочунна Маркин Сергейна хетарехь, иза ду бахьана – стенна а тIехь динехь а, кIантана цхьа халахетар динчух тера ду хьехархочо.

Школехь бохам иккхинчу миноташкахь хиллачух хаам бира журналисташна Оьрсийчоьнан полицин пресс-гIоьнчас полковника Пилипчук Андрейс.

Пилипчук: «Лазийнарг шиъ ву, оха тIечIагIйо и информаци. Цкъачунна хуург иштта ду. Юьхьанца полицин цхьа тоба яхана цига, школерчу хадархочо а кхайкхина. Иштта дIакхаьчначу полицин тобанна дуьхьал герз диттина. Цхьа белхахо лазийна, цул тIаьхьа кхин а цхьана белхахочунна чов йина».

Бохам тIаьхьо ма-барра бовзуьтуш полицино бинчу хаамца, дешаран пхоьалгIа сахьт хилла Гордеев Сергейс школан неIаре а веъна, хехочуьнга, тIе топ а хьажийна, неI еллийтича. КIентан омрица ша иза георграфин хьехархо Кириллов Андрей волчу виггале хехо ларавелла шен белхан меттера полици кхойкху ноьда тIетаIо.

КIанта ма-ваггIара биъ патарма бассийна хьехархочунна тIе. Цул тIаьхьа шен классан чоьнехь шеца доьшу 20 кIант а, йоI а закъалтна а лаьцна лаьттина. Хехочо кхайкхина полисхой схьакхаьчча, царна дуьхьал кхин а ворхIазза топ кхоьссина Гордеевс – иштта лазийна Iедалан ши белхахо. Царех цхьаъ, прапорщик Бушуев Сергей, велла.

Школе кхайкхинчу ден аьтто баьлла воI полицин каравохуьйтуш кIарван.
Иштта бу Отрадное-юьртарчу 263-чу школехь баьлла бохам.
Дийцарехь, Гордеев Сергей тоьллачу дешархойн могIаршлахь хилла. ХIинца луьстуш ду талламчаша, сте дарвина хилла и кIант шен хьехархо вен араваллал.

Дешархоша герзаца школашка а богIуш, цигарчу хьехархошна я шайца доьшучу берашна герз деттар даьржина зулам а хилла лела дуьнентIехь.

ХIара бIешо доладелчхьана схьа 20 сов ю и тайпа инцидент. Уггаре къона террорхо ларало 2000-чу шарахь Iамеркахь, Мичиганна гергарчу цхьана школехь, шен 6 шо долуш, шен классера Роланн Кайла тапча тоьхна йийна волу Денниэл Оунс Деррик.

Оццу Цхьанатоьхначу Штаташкахь, Флоридехь, 2000-лагIчу дешаран шеран тIаьххьарчу дийнахь тапча а яхьаш школе веъначу 13 шо долчу Брэзил Нотаниэла вийра шен хьехархо Гунова Барри.

Набахтехь итт шо а даьккхина, лурчаха маьршавелира Нью-Йоркерчу цхьана школехь шен доттагI хьийзош хиллачу шина дешархочунна тапча йиттина волу Родригес Винсент.

2002-чу шарахь Германерчу Эрфуртехь 19 шо долчу Штайнхаузер Роберта, ша де хьалха дIаваьккхинчу школа чу а иккхина, топ а, тапча а етташ вийра 14 хьехархо а, 2 дешархо а, велира ша шена а тоьхна.

Кхо шо хьалха Бразилин шахьарахь Рио-Де-Жанейрохь, Менезес Веллингтона, ша хьалхо дешначу школе а веъна, шина тапчанца вийра 12 стаг, юха ша-шена а тоьхна велира.

ТIаьххьарчу муьрехь гIарадаьллачех зулам ду лурчаха Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь, Сэнди Хукехь, 20 шо долчу Лэнз Адам Питера динарг. Ша-шена тоххале цо вийра 20 дешархо а, 6 хьехархо а.

Отраднера къона террорхочун кхетам зуьйш бу хIинца психиатрш. Кхиазхо иза хиларе терра, лахара хила тарло цунна кхело кхачон долу таIзар.