Украинехь тIом болабелчхьана нохчийн зорбанан гIирсаша шен-шен рогIехь кхуллу Кадыров Рамзанна "хиндерг хуучу стратеган" а, "хьекъалечу тIеман буьйранчан" а васт. Мехкан урхалхочунна совгIаташ до, шен тактикан хьехарш бахьана долуш, ткъа нохчийн командийраш цецбуьйлу, цо тIамехь говзаллица хIитточу Iалашонех. Делахь а, билггал дерг цуьнан вастаца бIостане догIу – эксперташна хетарехь, геннара эскаршна тIехь буьйралла дойла яц, ткъа тIеман зеделларг, Кадыров дIахьеда марзвеллачул а, кIезиг ду цуьнца.
Украинерчу тIамера юхабирзинчу нохчийн командираша дIахьедо, цкъацкъа тIеман аренашкахь дийна дуьссура шаьш, мехкан урхалхочун Кадыровн хьехарш бахьана долуш. Масала, «Грозный» ЧГТРК-н телехьожийлан «Резонанс» программин эфирехь цхьахволчу тIеман хьаькамо Агуев Исмаила дийцира, гергарчу миноташкахь муьлхачу меттигашна тIейеттар ю украинхойн эскарша хаа говзалла хиларх Кадыровн.
"Паччахьо хьехар дира тхуна: "Нангахь санна, оцу меттигехь аш тIемашкахь дакъа лацахь, хIоккху минотехь тIе ма гIорталаш- украинхоша ракеташ тухур ю". ТIаккха ладоьгIуш Iара тхо, герга а ца доьлхуш. Паччахьо йийцинчу оццу 3, 5, 18 миноташкахь, шайн координаташкахула йеттара цара. Ах сахьт даьлча тхо тIе доьлхура, камераца съемка йора, герза схьа а оьций, дIадоьлхура", - дIахьедина ницкъахочо.
Эфирехь Агуевс дуй биира, шен батальонехь эшамаш ца хуьлура, Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехаршца лелча аьлла. Цунна жоп лучу шоу дIахьочо кхетийра цунах, Кадыровн тIемашкахь гулделла зеделларг хиларца, "GPS а, кхинболу гIирсаш боцуш, чолхечу хьелашкахь операцеш дIакхехьна хиларна".
КХИН А ХЬАЖА: 125 сов нохчо вийна Украинерчу тIамехь - бакъоларъярхойУкраинера юхавирзинчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу спецполкан командиро, Луганскех "жоп лучу" Чалаев Замида дIахьедира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун тамашена тIеман хиндерг хаа хьуьнар ду аьлла.
"Вайн паччахьо билгалдаьккхира: аш иштта дахь, шун дерриг а нислур ду. ХIора гIулчана тIехь терго латтайора цо, карти тIехула омранаш дора. Цуьнан хаарех цецдуьйлура тхо. Шина дийнахь аша и схьайоккхур ю бохуш, цо дуьйцучу заманчохь, тхо ца тешара. Тхуна моьттура, ши-кхо кIира тхайна оьшур ду, амма, цо ма-бохху, нислора", - дийцина меттигерчу репортерашка Чалаевс.
Дуккха а шерашкара схьайогIу пропаганда ю хIара, Кадыров Рамзанан комплексаша гIаттийна
Беттан юьххьехь Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада дийцира, регионалан куьйгалхочо Украинехь кадыровхой хьалхатеттарх мах хадийна Оьрсийчоьнан а, «ЛНР» олучуьра а лаккхарчу даржхоша аьлла. Даудовс бахарехь, нохчийн дакъоша бинчу балхана баркалла алар дийхира «Единая Россия» коьртачу кхеташонан секретаро Турчак Андрейс а, «ЛНР» сепаратистийн куьйгалхочо Пасечник Леонида а. Къоблаъязчу республикан халкъан милицино Кадыровна ШолгIачу дуьненан тIамехь лелийна трофейн йоккха топ а елира.
Кадыров Рамзанан воккхачу буьйранчан васт кхоллар нохчийн Iедалшна оппозицехь лаьттачу блогеро Абдурахманов Тумсос дузу регионалан хьаькам шеца комплексаш йолуш хиларца.
"Дуккха а шерашкара схьайогIу пропаганда ю хIара, Кадыров Рамзанан комплексаша гIаттийна, билггал цхьана а кепара тIемаш бан говзалла а, зеделларг а доцуш. Цкъа а цхьана а тIамехь дакхалаьцна вац иза. Шен дена кIело йинчу 2004-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 9-чохь Москвахь вара иза, дена уллохь вацара, цуьнан хадархойн куьйгаллехь ша хиллашехь. Амма цунна чIогIа лаьа, цхьа воккха буьйранча хила, полкан баьчча хила, тIемало хила. Цундела харц васт кхолла декхаре хуьлу пропагадех пайда а оьцуш", - элира блогеро Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.
Геннара омранаш
Меттигерчу телехьожийлехь керлачу хаамийн репортажашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун корматаллех дийцина ца Iаш, Оьрсийчоьно Украинана йинчу оккупацехь боху кхиамаш а цуьнца бузу.
"Кадыров Рамзана ша дакъалоцу тIемаш бечу хьалхарчу меттигашкахь Iалашонаш хIиттош. Нохчийн дакъойн командирашца даим а зIенехь ву иза. ЖамI ду – Украинера цхьа могIа гIаланаш, «ДНР» а, «ЛНР» а кхиамца мукъаяхар", - боху ЧГТРК-н цхьахйолчу сюжетехь.
Рондели (Тбилиси) Фондан Iилманан белхахочунна, историкна, Украине гIортар толлучу Квахадзе Алекона хетарехь, "контакт йоцуш" Кадыровн тIамехь дакъалацар аьттехьа а догIуш дац билггал бечу тIемашца.
Нохчийчуьра цхьана а агIор куьйгалла дойла яц, пайден доцу хьехарш далар доцург
"Геннара куьйгалла дойла яц. Цу тIе стратегин операци дIаяхьар вовшахтоха Кадыровн корматалла а яц. Цхьаболчу цуьнан командирийн баккъал а зеделларг ду гIаттамхошца тIом бина, амма ша Кадыровс цигахь дакъалаьцна дац. Цундела, ишттачу йоккхачу конфликтехь, Украинехь санна артиллери, авиаци, гIагI диллина техника лелош, говзалла [Нохчийчоьнан куьйгалхочун] шеконе оьцу. Еккъа цIена пропаганда ю иза, баккъал а долчуьнца доьзна а доцуш", - дийцира Кавказ.Реалиица къамелдечо.
Цо бохучунна тIетов Карлан Университетан институтан кхерамзаллин политикан талламашкахула долу хеттарш луьсту профессор, Къилбаседа Кавказан республикашкара хьал шен тергонехь латтош волу Аслан Эмиль а. Цунна хета, нохчийн гIаттамхошца 90-чу а, 2000-чу шерашкахь а бинчу тIемийн зеделларг, Украинехь бечу тIеман хьелашца леладойла яц аьлла. ТIом бирзинчул тIаьхьа, цуьнан дешнашца, кадыровхоша дакъалаьцна билгалбаьхначу тIемалошца а, церан гергарчарна а дуьхьал лелочу "социалан конфликтехь", ткъа хIинца Украинехь цара болх бо "тIеман полицино" санна, дIалецначу дозанаш тIехь.
"Нагахь санна, хуьлучух [тIамтIехь], ма-дарра хаа лууш делахь, и тIом боьдучу асанехь хила деза. Оцу тIамехь хиларна байина Оьрсийчоьнан инарлаш а, лаккхарчу даржашкара эпсарш а тIаьххьарчу беттанашкахь, къаьсттина кIиранашкахь", - аьлла хета экспертана.
КХИН А ХЬАЖА: Заградотрядаш хир ю? "Психиатрин лазартнера араваьккхина" кадыровхо "Луганскан агIонехула" жоьпалле винаРегионалан пропанадина мехала хилам бара украинхойн Лисичанск схьаяккхар. ДIалаьцначу гIалахь интервью лучу Даудов Мохьмада дIахьедира, Лисичанск сепаратистийн «ЛНР-н» халкъан милицино а, нохчийн дакъоша а схьаяьккхина, Кадыровс буьйралла а деш аьлла. Бакъду, гIалина тIелеттачу тобанашлахь бара кхин а ЧВК «Вагнеран» йолахой а, «ЛНР-н» а, ДНР-н« а сепаратистийн тIеман корпусаш а, иштта Росгвардин эскархой а, дийцира Кавказ.Реалиига украинхойн пайдечу талламийн Центран куьйгалхочо Каракуц Андрейс. Цундела, кадыровхойн а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо стратегин дакъалацар а пропагандистийн материал хиларел совдаьккхина тIеоьцийла яц, аьлла хета цунна.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочо кест-кеста дIахьедо, шен куьйгакIел болу бIахой гучубовллушехь, шевронаш а, билгалонан седарчий а охьатуьйсуш, "дIабов" мостагIий аьлла. Товбеца-беттан юьххьехь цо бехкебира цунна, Украинан агIор тIемаш бечу Шейх Мансуран батальонан бIахой. Ткъа Кавказ.Реалиига бинчу хаамехь оцу декъехь дIахьедира, шайн бIахоша Лисичанск йоккхуш дакъалаьцна дац, Запорожье воьдучу агIор тоьхначу позицешкахь дара шаьш аьлла. Кадыровс шен агIоне хIоттийна видео, хетарехь, Лисичанскехь яьккхина ю.
- Украинан Къилберчу сепаратистийн «ДНР-н» лидер хиллачу, ФСБ-хь болх бинчу Стрелков (Гиркин) Игоря бехкбиллира Нохчийчуьрчу дакъошна, Попасная жима гIала йоккхуш пиар ярна. Стрелковс бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо мел дIахьедарш дахь а, кадыровхой гунахь бацара и нах беха меттиг схьаяккхарна. Сепаратисто чIагIдо, Попасная схьаяьккхира кадыровхоша (медийн доцург) кхин дакъа а ца лоцуш.
- Украинерчу тIаме хьийсийначу Нохчийчурчу эскархойн корматаллех а, уьш ледара кечбина хиларх а аьллачу "ЛНР-н" сепаратистийн "Восток" батальонан командиро Ходаковский Александра юхаийцира шен дешнаш. Видео шен телеграм-канале хIоттийра Кадыров Рамзана. Ходаковскийца оцу тIехь Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волу Делимханов Адам ву къамел деш. Нохчийчуьра ницкъахой муха кечбина бу аьлла хета сепаратистийн командирна, шега хаьттича, вукхо жоп ло: "Корматалла йолчу нахах Iиттаделла тхо", хьалхо кадыровхой "кхинберш санна бу" аьллера цо, цунна хетарехь, "маьрша дахарехь баьхна". Ходаковскийс билгалдаьккхира, нохчийн тобанхой хадархойн дакъойх а, ППС-н гIуллакхдархойх а бу, цхьа а гIо дан гIирсаш а, йа еза техника а йоцуш аьлла.