Делимхановх пачхьалкхан думан кхерамазаллин комитетан куьйгалхочун хьалхара гIовс хила тарло

Делимханов Адам

Парламентан регламентан комиссино Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думе хьажийна Нохчийчуьра депутат Делимханов Адам думан кхерамазаллин а, курхаллица къийсам латторан а комитетан куьйгалхочун хьалхарчу гIовсан дарже ваккхаран сацаман проект.

Карарчу хенахь Делимханов оцу комитетехь рогIера декъашхо санна лаьтташ ву. Кхаж тассар Мангал-беттан 7-хь хир ду, хаамбо ТАСС агенталло.

  • Стигалкъекъа-беттан 26-хь президента Путин Владимира Делимхановна Оьрсийчоьнан Турпалхо чин луш омрана кIел куьйг яздира, цо "лерина операци дIахьош гайтинчу доьналла а, турпалалла а бахьанехь". Зазадоккху а, Охан а беттанашкахь Делимхановс Украинерчу тIамехь дакъа лаьцна, "Мариуполан агIо" йара цунна жоьпалле елла.
  • 2022-чу шеран Зазадоккху-баттахь сепаратистийн "ЛНР-н" "Восток" батальонан буьйранчас Ходаковский Александра шен Делимхановца цхьанакхетар хилча юхаийцира Украинерчу тIаме хьийсийначу кадыровхойн говзалла ца хилар а, ледара кечам хилар а дуьйцуш аьлла дешнаш.
  • 2021-чу шеран хаамашца, Делимхановн йолан деклараци тIехь 14 бIеметр долу латта а, 250 метар йолу хIусам а бен яцара хьахийна. Декларацица а догIуш, Делимхановс кхиош пхиъ доьзалхо ву, амма официалехь хIусамнана яц - бакъду, 2021-чу шеран чакхенгахь Кадыровс гергарлонийн зIенаш а ца лечкъош шен гIоьнча хIоттийра депутатан зуда Делимханова Разита.
  • 2022-чу шарахь Делимхановн хьокъехь таллам бар тIедожийра, цо журналисташна кхерамаш тийсарна а, федералан кхелахочун Янгулбаев Сайдин доьзална "коьртеш дахарца" кхерамаш тийсарна а.
  • Делимханов иштта вевзаш ву ММА-н латархочунна Емельяненко Федорна, а Москван Мещанскан кIоштан депутатийн Кхеташонан хьалханчана Закускин Александрна кхерамаш тийсарца, 2013-чу шарахь киснара дашон тапча охьа а йожош, кхечу думан депутатца Журавлев Алексейца летарца а.
  • 2021-чу шеран аьхка политика Яшин Ильяс Делимхановх "Оьрсийчоьнан уггара кхераме депутат" элира.
  • "Медиазонан" а, The Scanner Project гIирсан а цхьаьна бинчу талламца а догIуш, 2015-чу шарахь Немцов Борис верна чубоьхкинчаьрца телефонехула зIенехь хиллачу лаккхарчу полисхойн а, хьаькамийн а декъехь ву Делимханов Адам: иза веле масех де хьалха а, вийначу динахь а, иштта иза виначул тIехь а телефонехула зIенехь хилла иза куьйгбехкечу Нохчийчоьнан бахрхошца.
  • 2009-чу шарахь Интерполехула лехамашка велира иза, "Восток" батальонан экс-буьйранча Ямадаев Сулима Дубайхь верна шеконашца (Нохчийчуьра дуьххьарчу тIамехь къобалъянзачу Ичкерин агIо лаьцнера Сулима, шолгIачу тIамехь – Оьрсийчоьнан агIо лаьцна, "Восток" батальонан буьйранча вара).
  • Диллина Кадыров Рамзанна дуьхьала ваьлла хилла Нохчийчоьнан вице-премьера лаьттина волчу Гантемировна 2006-чу шарахь ФСБ-н подполковник, нохчийн "Горец" тобанан буьйранча Байсаров Мовлади вуьйш дакъа лаьцнарг хета хета Делимханов.
  • Зорбанийн хаамашца, Нохчийчохь дуьххьара тIом боьдуш Делимханов аренан буьйранчан Радуев Салманан машен лелориг вара, шолгIа тIом болалуш Оьрсийчоьнан агIоне дехьавелира иза.