Пачхьалкхан каналаша тергал ца дира Москвахь "Вайлдберрисан" офис хьалхьа герзаш деттар а, кадыровхоша цу юккъехь дакъалацар а

"Вайлдберрис"офисан чохь герз даьттарш хиллачултIаьхьа

Оьрсийчоьнан федералан телеканалаша тергал ца дина "Вайлдберрис" компанин Москварчу офисехь герзаш деттар, иштта ца хьахийра кадырохоша цигахь дакъалацар а. Хьалхо Бакальчук Владислава орца дехнера Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане, билгалдаьккхина The Insider сайта тӀехь.

Кремльна 350 чакхарма генахь герзаш деттарх лаьцна дуьйцучу меттана, НТВ телеканало хаамбира Европехь хи дестарх лаьцна, ткъа "Россия 1", Хьалхарчу канало а Ливанехь пейджераш лелхарх дуьйцура, "Россия 24" телеканало "хьуьнхахь къайлах дечиг доккхуш" хиллачех. Герзаш деттарх лаьцна зорбанехь хьахийна дацара, и зулам хилла 6 сахьт даьлча.

Гезгамашин-беттан 18-чохь Оьрсийчуьрчу уггаре а йоккхачу Wildberries интернет-туьканан офисна уллехь герзаш диттина, ши стаг вийна, кхин а масех лазийна. Байинчарна юкъахь ву лаххара а Къилбаседа Кавказера кхо ММА-н латархо. Царех цхьаъ Нохчийчохь вехаш ву, Кадыровн "Ахмат" цӀе йолчу латаран клубан декъашхо хилла ву, йаздо агенталлаша. Беллачех цхьаъ, Алмазов Адам, полисхо ву, ОМОН-ан "Ахмат-1" батальонан буьйранчин когаметта а ву иза, йаздо "Известия" газето, хьоста билгал а ца доккхуш.

Туька кхоьллинчу, Оьрсийчохь уггаре а хьал долчу зудчо Бакальчук Татьянас шен телеграмехь бехке вина ша дIакъаьсташ йолу шен хIусамда Владислав, компани шен долаяккха гӀертарна. Цо, шен рогӀехь, дӀахьедо, ша дийцарш дӀадахьа кхаьчнера, амма шен тобанца цхьаьна бевзаш боцчу наха тӀелатар дина шена бохуш.

Талламан комитето тӀечӀагӀдина оршотан сарахь герз деттар бахьана долуш ши стаг велла хиларх. ВорхӀ стаг чевнаш йина ву, шайна юкъахь шиъ полисхо а волуш. Стаг верна а, адам ден гӀортарна а, бакъо йоцуш герз лелорна а, ницкъаллин структурийн белхахочун дахарна тӀекховдарна а, шен лаамехь леларна а аьллачу артиклашца бехктакхаман гӀуллакх долийна. Цкъачунна хаам бина бац, цу зуламашна шеко йолуш цхьа а лаьцна ву я вац аьлла.

  • Кху аьхка "Вайлдберрис" компани арахь реклама йеш йолчу Russ Outdoor компаница цхьаьнакхетарца хӀоьттинчу хьолана юкъагӀоьртира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Кадыров Рамзана дош делла бизнесхочун Бакальчук Владиславан хӀусамненаца, Вайлдберрис компанин долахочуьнца Бакальчук Татьяница "йист йаккхаза Iийр вац" ша аьлла.
  • Зорбанан гӀирсаша дийцарехь, Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан декъашхо, миллиардер Керимов Сулейман а, хьалхо "Русс" компанийн тобанца уьйраш хилла ГӀалгӀайчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Барахоев Бекхан а ву и компанеш цхьанатоха интерес йолуш.
  • оцу гIуллакхца интерес йолуш.
  • Бакальчук Татьянас шен хIусамдас Кадыровга бинчу латкъамна жоп делира: "ХӀара рейдерийн дӀалацар дац, хӀара дIасакъастар ду". Цо билгалдаьккхира, шен майрачун долахь йу Вайлдберрис компанин цхьа процент акцеш, иза куьйгаллехь дакъалоцуш вац, амма "цхьаьнатоьхначу компанин керлачу структуран лакхарчу куьйгалхошна презентаци йеxe хенахь цигахь хилла ву".