Пачхьалкхан къилбехь кхо эзар сов Iамораш дIадахьа Iалашо ю Оьрсийчоьнан тIемалойн

Гайтаман сурт

Кху шарахь кхо эзар сов Iамораш дIадахьа Iалашо ю къилбан тIеман гонийн (Къилбан а, Къилбаседа федералан а гонаш). ТIеман агIонашкахь тобанаш кхолларх а, царех пайдаэцарх а хеттарш шардан дагахь бу оцу Iаморашкахь аьлла, хаамбина "Кавказский узел" (Оьрсийчохь "арахьара агент" лерина ресурс, амма "Кавказский узел" реза ца хилла цуьнца), гонийн пресс-гIуллакххойн хаамна тIетевжина.

Москвана а, Киевна а юкъахь хьал чIагIделлачу юкъанна Украинан дозана гергахь дIахьур долуш ду Iамораш.

Соьлжа-ГIалахь рогIера тIеман Iамораш дIадаьхьна дахначу шеран ГIуран-беттан юьххьехь, эзар сов тайп-тайпачу ницкъаллин структурийн белхахой дакъалоцуш а болуш. Республика блокпосташца гоне лацар тIедожийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Нохчийчуьрчу коммерцица йоьзна йоцчу вовшахтохараллан белхахочунна Ахмадов Вахина хетарехь, республикана го баран идей, вуно кхераме тенденци ю, ткъа нохчийн милитаризман а, реваншизман а некъ юьхьарлаьцна кегийрхой кхиоро цхьа а диканиг дохьур дац. Ша ца кхета, бохура Ахмадовс, хIун "Оьрсийчоьнан мостагIий" бу Кадыровс буьйцурш, ницкъаллин структурийн кхеташонехь, хIун "дуьнененра чолхе хьал ду" дуьйцург, нохчийн дозанаш а хьехош.