Черкесскера полицино административан къепе йохорах протоколаш хIиттийна Палестинехьа а, шайн республике Израилан бахархой бита дуьхьал хиларна а дIайаьхьначу акцихь. Цунах лаьцна хаамбина "Кавказский узел" гIирсо Кхарачой-Чергазийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина тIетевжина. Гулбелларш бехкебина "къепе йохош барам йа гулам хIотторна".
ГIадужу-беттан 28-чохь дIайаьхьна Черкесскехь митинг. Нах гулбеллера Iедалхойн гIишлона хьалха, Палестинера бахархошна гIо лаца аьлла. Делахь а тIахьо гулбеллачех цхьаболчара тIедожийра регионера "жуьгтех бахархой" арабаха аьлла, Израилера мухIажарш чу а ма бита аьлла.
Полицино хаамбира, митингехь 80 стага дакъалецира аьлла. "Кавказский узел" ресурсо 500 стаг вара йаздира.
Сихха вовшахтоьхна хилла дуьхьалонан акцеш кхин а дIахьош йу Дагестанехь а. "Тут Кавказ" телеграм-канало хаамбира, дуьненайукъара Уйташ аэропортан кIоштахь нах бу гуллуш аьлла, махка Израилера мухIажарш балош Тель-Авивера догIу кемана дуьхьал бовла.
- ГIадужу-беттан 28-чохь дагестанхойн Хасавйуртахь маса вовшахтоьхна митинг дIайаьхьира меттигерчу бахархоша "Фламинго" хьешан цIенна хьалха. Гуламан бахьана дара "тIехьаьжна Израилан бахархойх тера нах" цу чохь дIатарбелла аьлла, долийна хабарш.
- Палестинехьа де хьалха митингаш хIиттийра иштта Туркойчохь а, Тунисехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а.
- Латархо Нурмагомедов Хьабиб а вистхилира Палестинехьа гIо доккхуш. ГIазза "стигал бухахь уггар а йоккха набахте" йу элира цо, кхайкхамбира бусалбанашка палестинхошна тIера ламазаш де аьлла.
- ГIадужу-беттан 7-чохь дуьненан дуккхаъчу пачхьалкхашкахь террорхойн леринчу ХЬАМАС, "Исламан джихIад" тобанаш тIелетира Израилан къилбехь. Оцу тIелетарехь байинчийн терахь 1400 ду. 200 сов стаг джихIадхоша закъалте лецна, ГIаззе дIабигина. Дуьхьал жоп луш Израило ГIаззехь динчу тохаршкахь, палестинхойн хаамашца, 4 эзар сов вийна. Палестинан агIоно Израиль бехкейо бахархойн гIишлошна тIе тохарш дарна.