ХIаллакбале: Оьрсийчоьнан тIаьххьарчу паччахьан доьзалан девзаш доцу суьрташ

Николай II а, цуьнан зуда Александра а (аьтто агIор), церан йиъ йоI а, воI а. Оьрсийчоьнан паччахьаллера воккхуш, Николайга куьг тIаIадайтира 1917-чу шарахь. ТIаьхьо болшевикаша цунна а, цуьнан доьзална а тоьпаш а тоьхна, арсаш а диттина, байира. Цул тIахьа, церан декъеш аьргалли чу а теIийна, кIора боккхучу гIучу кхийсира.


Паччахь Николай II туьлган бух болчу хичухула лела Финландехь. Цуьнан да хеназа велча, цо шен доттагIчуьнга къайлах элира: "Со хIинца а кийча вац паччахь хила. Суна хIумма а ца хаьа пачхьалкхах жоп дала".
 

Паччахь Николай II а, цуьнан кIант Алексей а Петарбухна гергахь. Пачхьалкхан архаш караэца езаш волу кIант гемофилия лазаро Iазапехь латтавора. (Оцу цамгаро цIийна дата ца торуьйту).

Воробьёва Анна (аьтто агIор) хийистехула йолалуш ю Оьрсийчоьнан паччахьан Никойлай II шина йоьIца - Татьяница а, Олгица а. Паччахьан доьзал бийнчул тIаьхьа, церан доттагIчун Аннин аьтто белира Советан Пачхьалкхера едда, кIелхьараяла, шеца 6 суьртийн албом а эцна. Цу албомашна юкъара ду хIара суьрташ. 

Императоран зуда Александра (аьрру агIор) Анна Воробьеваца а, Ольгица а, церан уггар йоккхахчу йоьIаца а. Iедал керчинчул тIаьхьа Анна лецира, амма Финлянде едира иза шеца 2600 сов сурт а долуш. Оцу суьрташа гойту РомановгIеран дахар. Иза елла 1964-чу шарахь Хелсинкехь.

Стандарт-кеманна тIехь (императоран кема) язйо Александра. ТIехьа гуш бу паччахьан йоьIарий.

 

Паччахьан ши йоI Стандарта тIехь. Бераш лардан тIевиллина вара цхьацца стаг.
 

Николай II а, цуьнан бераш а ГIирмехь. 

Спалахь (Полша) гIашлойн тIай. 1912 шарахь кхузахь паччахьан воI Алексей хинкемантIера чувоьжнера, валанза велира.

 

Николай II ву бийначу сайца сурт доккхуш.
 

Паччахьан зуда Александра а, цуьнан йоI Татьяна а. И шиъ чIоггIа герга дара вовшашна, дийцарехь.
 

Николай II (аьрру агIор) а, Швецин паччахь Густав а Стандарта тIехь.
 

Паччахьан воI Романов Алексей - дарж рогIехь кхочура цунна. 13 шо дара кIентан доьзал хIаллакбеш.
 

Паччахьан воI Алексей (аьрру агIор кхоалгIа) ловзуш ву салташца. Деревенко Андрей (аьрру агIор тIаьххьараниг) вара кIант ларван тIехIоттийна. Iедал керчачу муьрехь Деревенко болшевикашкахьа ваьлла.

 

Нагорный Клементна (аьтто агIор) тешийнера Алексей ларван. Революци хилча, 1917 шарахь, иза паччахьца висира, ша вен тарлой хуъушехь. Набахтичохь Алексейн дашо зIе ца лачкъаяйта дуьхьалваьлча, тапча тоьхна вийна иза набахтин хано.

 

Пьер Гиллиард, францхо, доьзалан хьехархо, ша Iамочу РомановгIаьрца - Ольгица а,Татьяница а. Паччахьца висина Революци хилча. Ведда Оьрсийчуьра. Цо аьтто бина паччахьан доьзал бер толлуш. Кхелхина Швейцарехь 1962 шарахь. 

 

Паччахьан йоIарий шайн ненаца а, шина эпсарца а.

 

Стандарт-кеманна тIехь.

 

Стандарт-кеманна тIехь Романова Татьяна. 
 

1914 шо. Стандарта тIехь паччахьан йоIарий - Ольга (22 шо), Татьяна (21 шо), Мария (19 шо).
 

Императрицин Александрин кхийра васт. 

 

Романова Ольга Стандарт-кеманнна тIехь.

 

Паччахьан доьзал беана юьрта. Оьрсийчуьра могIара бахархой.

 

Паччахьан доьзалера уггар жима бер - Анастасия. Теннисах левзина бевлча, деца а, эпсаршца а даьккхина сурт. 1918 шеран Марсхьокху-беттан 17-чохь, паччахьан доьзална тоьпаш тухучу муьрехь, мохь иккхина хилла чалтачашна гуш а йоцчу йоьIан. Болшевикаша цхьамзанаш Iиттина йийна цул тIаьхьа.

 

Стандарт-кеманна тIехь паччахьан йоIарий.

 

​Николая II а, цуьнан кхо йоI а Царское Селохь.
 

Революционераша лаьцна йолчу Романова Татьянас нехан бошмаш охкура.
 

Лецна кхобу Николай II а, цуьнан воI Алексей а ву херх хьокхуш. Массех бутт баьлча байина уьш. Ленин Владимира язбина хIетахь паччхаьан доьзална тоьпаш тухуьйтуш шен сацам: "Вайн йиш яц и нах, дуьхаьлльттачу ницкъашна байракх санна, дийна бита кху халачу хьелашкахь".